Вайн спортсменийн кхиамаш

ХIокху деношкахь Краснодар гIалахь дIаяьхьира 1999–2000-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула схьайиллина турнир.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикера 7 спортсмен: РДЮСШ, ДЮСШ№7, Соьлжан районан ДЮСШ школашкара. Къийсадаларш дIадаьхьира 8 дийнахь. Вайн спортсменаша дика жам1аш гайтира цигахь. Хьалхара меттигаш ехира: Забаев Ислама (42 кг) – ДЮСШ №7, Гелагаев Сайд-Мохьмада, (58 кг) – Соьлжан районан ДЮСШ, шолг1ачу меттехь вара: Абкаров Зелимхан (46 кг) – Соьлжан районан ДЮСШ, Ятуркаев Зелимхан (54 кг), Бибулатов Сайд-Селим (63 кг) – ДЮСШ №7; Муцаев Ахьмада (50 кг) – РДЮСШ – кхоалг1а меттиг яьккхира.

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш кхиийна церан тренерш: А.Магомадов, Т.Арсанукаев, А.Хамзаев, Х.Исаев, Б.Тулаев.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

Авторан сурт

№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: