Шайх дош ала хьакъ берш

ХIора а юьртахь а хир бу оьзда, гIиллакхе, шайх ала дика дош долуш зударий. Юкъараллин дахарехь  маьIне, доккха дакъа д1алоцу цара. Уьш бу хьехархой, лоьраш, Iилманаш, бахаман  тайп-тайпанчу  дакъойн белхахой,  вайн наной, йижарий, несарий, денаной, иштта кхин а. Оха х1ара рубрика йолийна Нохчийн зудчун денна лерина, бовза хьакъболчу зударех лаьцна дош аларан Iалашонца. Иштта зударий шайн юьртахь, эвлахь белахь, язде тхоьга царах лаций:  

– Дуккха а бу нохчийн зударий шайх ала дика дош долуш, лулахь, эвлахь, беза-бевзачарна юкъахь а. Царах цхьаъ ю Заводской районан БухIан-Юьртан яхархо Гантамирова Тумиша. 6 доьзалхо кхиийна Тумишас, – 5 кIант а, 1 йоI а. Шелахь, тхан лулахь Iийна бу уьш. ХIетахь юьртахь кондитеран болх беш яра Тумиша. ГIиллакхе, оьзда нохчийн зуда ша хиларе терра, иштта ийманехь шен доьзал а кхиийна цо. Шен цIийндена, Iайндина (Дала гечдойла цунна) дика накъост яра иза. Шаьш лулахь хан йоккхучу хенахь кIеда-мерза, гIиллакхе, оьзда чекхъяьлла Тумиша. Ткъа карарчу хенахь цуьнан доьзалхой хIора а шен-шен гIуллакх деш ву. Дала сий дойла цуьнан. Дала могашалла лойла цунна.

Эльдерханова Зулай, Шелан кIоштан яхархо

– Мел дукха дийцича а, дукха хир дацара нохчийн зудчух лаьцна дийцар. Даима а шайх дика дош ала хьакъ бу уьш. Церан белшаш тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Мел гIийла елахь а, шена иэшам а беш, нохчийн зудчо доьзал кхиабо. Со ехачу Садовое юьртан яхархочо Дадаева Маржана  бархI доьзалхо дуьнен чу ваьккхина (5 кIант а, 3 йоI а, царах ши кIант кхелхина (Дала гечдойла царна). Иза тIедогIучу зударийн денца декъалъян лаьара суна. Цхьанна а новкъа а боцуш, ламазца, мархица бу цуьнан доьзалш. Дийнна юьртана а юьхькIам бу иштта зуда юьртахь хилар. Кегийчарна масал ду аьлла хета суна иза. Шен доьзалан вуон ца гуш, ондда могашала йолуш, дуккха а шерашкахь ехийла иза.

Якубова Роза, Грозненски районан Садовое юьртара яхархо

– Цхьа а юрт хир ю аьлла ца хета суна оьзда зударий боцуш. Вайн нохчийн зударий даима а хилла шайн хазачу гIиллакхашца къаьсташ. Делахь а шайн юьртахь иштта зударий бу алар а, церан цIерш яхар а мехала хета. Ханна къона елахь а, шен доьзалца, ков-керт лелорца, хьаша-да тIеэцарца дика ларош, лулахь а, бевзачарна дукхаезаш а ю Абдурзакова Зульфия. 4 беран нана а, марзахошна дукхаезаш, цара лоруш нус а ю иза. Мел гIелъелла ша хиларх, муьлххачу хенахь а веанчунна елаелла, екхаелла, дуьхьал йолу Зульфия. Ларамаза дац церан хIусамехь сих-сиха  хьаша-да латтар. Ша тIелацаре хьаьжжина бен ца доьду адам хьошалгIа. Хьалхалера заманахь санна, даима а нохчийн кхача хуьлу церан шуьнехь: чIепалг, жижиг-галнаш, локъамаш, иштта кхин а. Иштта хIусамнана йолчу кертахь ийман, беркат ца хуьлийла а дац. Дала ма эшабойла вайна и тайпа зударий!

Исламова Залина, Грозненски районерчу Чурт-ТогIерчу юьртан яхархо

 

Зорбане кечйинарг – С.ЗАЛИЕВА

№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: