Бераллехь эсала кIант вара Шамхан. Цунна ца дезара дукхалер. Шена хетарг кхечунна тIедожо гIерташ а ца хуьлура иза. Накъосташа лоруш а вара. Цунна ладогIа хаьара цаьрга, царех кхета а хьожура. Шен багара даьллачу дешан да а вара.
Олуш ду, Дала адам дуьненчу зиэн кхуллуш ду, олий. Шамханан хиллачу кхолламе хьаьжча, цхьа шеко ца кхоллало иза иштта хиларан.
Жима волуш дуьйна доьзалехь а, школехь а дикачу агIор бен шен цIе ца йоккхуьйтуш, хьалакхиира Шамхан. Хала амал йолуш волчу шен дена хьалха а ца вухура иза собарх. Цо аьлларг деза дара цунна. Иштта хьоме яра нана а, йиша а. Къаьсттина хьоме вара воккхах волу дена вина ваша. Цунах цара Вава олура. ГIиллакхца а, гIуллакхца а вешех тера хила лаьара Шамханна.
Нохчийчохь шолгIа тIом болалучу хенахь Шамхан кхиъна ваьлла кIант вара. Юьртарчу кегийрхошца цхьаьна, Iехавелла, дена а, нанна а ца хоуьйтуш, хьуьнха дIавахара иза.
Дукха некъаш идийра дас, вашас кIант лоьхуш. Нана дийнахь, буса а ламазашна тIехь Деле доьхуш яра. Эххар а цуьнан доIанашна Дала жоп делира.
ШамханагIеран командиро, ша тIом бан дIабигначу кегийрхошна тIехь лелочу «ловзаршна» ша тIаьхьакхиъначул тIаьхьа, уьш, къинтIера а баьхна, цIа хьовсийра. Когана чов йина волу Шамхан а кхечира цIа. ТIаме баханчу кегийрхоша, шело, мацалла ловш, баьккхинарг 3–4 бутт бара…
ЦIавирзинчул тIаьхьа кхин дахар доладелира кIентан. ТIаме болу хьежам хийцабеллера цуьнан. Хьалха цунна турпалхой хетта БасаевгIар, ГелаевгIар, УмаровгIар даг тIера эгнера. Цара вайн бераш духкуш шена гина ца хилийта, хIуъа хилийта а реза вара Шамхан. Амма, иза иштта дара, Шамханан цунна тоьшаллаш а дара.
Дукха ойланаш йора кIанта цу хьокъехь. Цкъа а са а ца доIуш, кхетамца къийсалуш дара цуьнан дог. «Муха? ХIунда?», боху хаттарш хьийзара коьртехь. Жоп ца карадора. Цхьа ламаз а ца дуьтуш, хьарамчух ларлуш волчу кIанта тIемалойн командираша арабаьккхина некъ чIогIа къобалбора хьалха. Дин, маршо къевсина цара синош дIалур ду моьттура. Ден-ненан, вешин аьллар тIера а ваьлла, ша тIаме воьдуш, моьттура ша арабоккхуш берг гIазотан некъ бу.
ХIинца гуш дерг кхин сурт дара. Майраллех, доьналлех вуьззина волчу кIентан дагна хиллачу ницкъо охьатаIийнера иза. Дуьнен чохь ваха цхьа а маьIна ца гуора. Делахь а, цо дог ца дуьллура Делан диканах. Динан Iилма кIорггера Iамор – и цхьа Iалашо яра цуьнан.
Кхиамца зиэрех чекх а ваьлла, 2001-чу шарахь Дагестанерчу Исламан университете деша вахара Шамхан. Оцу Iилманах дика кхеташ схьавогIуш волчу Шамхана цIаьххьана дIатесира дешар. Цунна шена хIун хилла ца хаьара. Амма цуьнга кхидIа цигахь деша ца делира.
ЦIа веъна дукха хан ялале, гергарчара зуда ялийра цунна. ТIеман хиламаш бара аьлла ца Iаш, вашас а, кхечу гергарчара а веза-воккха дIаверзийра керла доьзал кхуллуш волу шайн ваша. УьйтIахь ловзар а хIоттийра, той а дира. Кертахь висина жимах верг Шамхан хиларе терра, ден бахам берриге а Шамханна битира. Керла кхоллалучу доьзална тIехь ирсе дахар кхоллар дара. Амма, кхолламо кхин яздина хиллера.
ТIамехь Шамханан синна хилла чевнаш ерза ца туьгура. Цу хенахь тIекхача лоьраш а хиллехь, шегара бала кIанта буьйцуш а хиллехь, дарба каро мегар цунна. Къайлах бала ловш Iийначу кIантана дерриге а цхьана дийнахь тIеделира. Деца-ненаца йолу юкъаметтиг талха йолаелира, хIусамненаца девнаш даха а волавелира, цкъа а ца дитина ламаз а дуьтуш, динна букъ туьйхира. Цавашарца велакъежаш бен дин а, да-нана а ца хьахадора, вешина дуьхьал хIуьттаренна къамелаш а дора. Шарахь гергга лайра гергарчара Шамхан оцу хьолехь. Цул тIаьхьа зуда а дIаяхара, да а вайра тIепаза, и дерриге ла а ца делла, нана цамгаро лецира.
Де-дийне мел долу Шамханан син лазар совдолуш дара. Лоьрашна тIе ваха ца туьгуш волчу кIантана тIе дешна нах кхийлира. Цара дечу дарбанех гIоле ца хилира. Цул тIаьхьа хила йиш йоцург хилира. Буьйсанна юьртарчу трансформатор тIе а ваьлла, вала дагахь, Шамхана токан сара схьа лаьцнера. Ца вала бахьана дацара цуьнан. Ши пхьарс чахча а беш, дийна висира иза. БуритIерачу больницехь Шамханан ший а пхьарс, голел лахахь юьхьгаш бен ца юьтуш, дIабаьккхира.
2003-чу шеран оханан беттан юьхь яра иза. Шамханан нана цамгаро лаьцна больницехь яра. Цунна ца хаьара шен кIантана хилла бохам. ТIепаза вайначу цIийнадена тIе, кхетамчуьра а ваьлла, куьйгаш даьхна, кIант кхеттера…
Ца хаийтича ца делира нанна кIантана хилларг. Амма, цуьнан сатедан гIерташ, кхетамчу вогIур ву, пхьаьрсаш тIедухкуш операци йийр ю а бехира… И шийла кхаъ шега баьккхинчу минотехь дуьйна ненан дахар сецнера. Цул тIаьхьа дукха ца ехира иза, шина-кхаа баттахь бен… Нана чIогIа тешара Шамхан кхетамчу а веана, цунна куьйгаш юха тIетоьгур ду бохучух.
Куьцана товш, дуткъа лекха дегI а долуш, Iаьржа бIаьрг-цкъоцкъам долчу кIентан сакхтах дуьххьара вола хала дара. Шамхан ваьхна юьртара цIа дассаделлера. Вешин доьзале схьавалийра иза. Хабарна тIера воцу кIант синан цамгаро кхин а дарвинера. Цуьнга хьожуш воккхах волу ваша а, цуьнан доьзал а бара. Пхьаьрсийн голел лахахь йитинчу юьхкашца шен кегийра хьашташ кхочушдан Iама везаш вара иза. Ткъа хIинца, дуьнен чу даьлла бер санна лело везара. Уггаре а халаниг, шена Iуналла ца дойтуш, иза юхахьа вийлар дара. Иштта дIадахара денош, беттанаш, шераш. Цунна Iемира Iайг-маIар схьалаца а, бепиг даа а, цхьадолу шен хьашташ кхочушдан а. Цуьнга хьожучарна и лело хала вацара. Халаниг, цуьнан бIаьргаш чохь гуш йолу оьгIазло яра. Бусалбачу динца а, спортаца а юххера гергарло хиллачу Шамханан дахар оццул хийцалур ду, тIеман хиламаша цунна оццул тIеIаткъам бийр бу аьлча, теша хала хир дара. ТIамера цIа веанчул тIаьхьа, кхетамчуьра валаза волчу хенахь, шен вешин зудчуьнга далхийнера цо шен сих кхеттарг.
Соьлжа-ГIалара Iалхан юьрта а кхаьчна, цигара хIорш арабовлучу хенахь ерриге а аре минаш йоьхкина хиллера. Цу тIехула дехьабовлуш дуккха а кIентий хIаллакьхилира. Шамханан когана чов йира. Дукхах долу бераш лилхира. ХIаваэхь дIасакхиссалуш хилла церан дегIан меженаш бIаьргашна дуьхьалара дIа ца йовлура. Шамханан доттагI, кхуо Ясин а доьшуш, кхуьнан карахь дIавелира. Ойланаш ян дуккха а хIума дара 22 шо бен доцчу кIентан. Цуьнан коьрте ца тарлора гинарг, лайнарг. Жоьпаш ца карадора дуккха а хаттаршна. «Тхо хIунда Iехийна?», «Хьанна оьшура хIара тIом?», «Бусалба динах байракх хIунда йинера?» бохучу хаттаршна жоьпаш генахь каро ца дезара. Iехийначу кегийрхойх цхьаъ хIара вара. ХIинца кхеттера Шамхан, шен а, ша санна болчеран а дахарш ГелаевгIарна, УмаровгIарна, БасаевгIарна шина кепекан меха хеташ ца хиларх.
Нагахь хьалха цуьнан Iалашо вайн мохк арара чубаьхкинчу мостагIех дIацIанбар хиллехь, тахана Шамханан сатийсам чуьрачу зуламхойх мохк паргIатбаккхар бара. И сатийсаман ницкъ де-дийне мел долу чIагIлуш бара. Дукха и совбалар хир дара-кх Шамхан кхетамчуьра валар. Цундела ваьлла хир ву-кх иза токан трансформаторна тIе, тIаккха тасавелла хир ву-кх иза токан серах…
«ХIунда дира ахьа иза?», – аьлла хаьттича, цо шен несе иштта жоп деллера: «Шега сихха цу тIе вала элира», – аьлла. (Дийцинарш хезаш хилла аьзнаш дара)
Оьшучу дарбанна тIе ца кхочуш, дукха лелийра иза гергарчара. Лазар гуттар а кIаргделлера. Шена тIехь цIано ца йойтуш, тIера бедар ца хуьйцуьйтуш, хIуьттаренаш лело волавелира. Цуьнгахь а, цуьнан доьзалехь а болу бала ца хуурш, алий бен бацара. Кхин цунна дан хIума а ца хилла, Заки-юьртарчу психиатрин больнице вигира иза. Масех бутт баьлча, дагахь доццучу агIор хийцадала доладелира цуьнан хьал. Дарбан курс чекхъяьккхина цIа валош, хьалхалерчу Шамханах тарвеллера иза. Вистхилар, гIиллакх лелор хьалха санна дара, тIера бос а дика бара, велавелла, векхавелла а вара. ЦIахь мел верг цIарца хаьттира цо. Гергарчарна уггаре боккха кхаъ хиллера, масех шо хьалха дитина ламаз дан иза волаваларх. Больницехь цомгашчеран имам хиллера иза. Гергарнаш баккхийбина ца бовлура цунах. Куьйгаш дацахь а, кхетамчохь иза хиларо тешам лора. ТIаккха ялийра цунна зуда. Амма, цуьнца долу дахар дах ца делира. Ши-кхо бутт баьлча, кIант юха а сагатдан волавелира. Лазар меттахделира. Ша больнице дIавигар дийхира цо. Иштта хуьлура хIоразза а. Ша цамгаро дIахецна хан цо йоккхура ламазаш деш, Къуръан доьшуш. Цуьнан сатийсам бара Исламан университете деша а вахана, ийманехь хIусамнана а ялийна, ирсе вахар…
2013-чу шеран 19-гIа октябрь цкъа а ца дицло Шамханан вешина а, цуьнан доьзална а. Цхьана хIуманна сихвелча санна, Iуьйранна дуьйна каде хьийзара Шамхан. Цу дийнахь Москвара цIа еанчу шен несе а, вешин йоIе а маршалла а хаьттина, араиккхира иза. Делкъал тIаьхьа цIа веара пхьаьрсан юьхках тIоьрмиг а тесна. Чай мала пирожниш еанера цо. Цхьаьна охьахевшина чай а мелира, цхьацца забарш а йира. Цул тIаьхьа чохь малхбуза ламаз а дина, шена тIе керла эцна куртка а юьйхина, аравелира иза. МаьркIажан ламаз ша кхиъначу юьртахь Шина Суьйра юккъерчу маьждигехь дан лиира цунна. Иза, хье ца луш, дIакхечира цига. Ламаз а дина, цIа ван дагахь араваьллачу кIантана дагахь дацара, и ша динарг, дахаран малх чубузуш тIаьххьара ламаз хилар. Дахарний, Iожаллиний юккъехь Далла хьаставалар а долуш, хедира цуьнан дахар. Новкъа воллушехь, тIе машен а кхетта кхалхар хилира цуьнан.
Доккха тезет хIоьттира юьртахь. Дуккха а дика тоьшаллаш а дира Шамханна. Шена тIехь къинош а доцуш, яхь, эхь, сий долу, къонахаллех вуьззина нохчийн кIант кховдийра Лаьтте.
Ша дийна волуш, цо цхьана суьйранна, мохь туххуш, велха а воьлхуш, хIокху харц дуьнен чуьра дIаэцар, къинхетам бар доьхуш, Деле динчу доIина жоп деллера цунна…
ДУДАЕВА Билкъис
Суьрта тIехь: Шамхан шен вешин йоIаца Медица
№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо