Хиндолчух дегайовхо кхуллуш ю тахане

Таханлерчу дийнахь глобализаци  чIагIъяларан коьрта бахьана туризм ю ала мегар ду. Иза мел дика ду я вон ду аьлла хаттар хIинццехь ойъур дац юкъараллехь, хIунда аьлча хIораннан шен жоп хир ду цунна. ХIора шарахь туристаш совбуьйлуш бу, дуьненан карти тIехь кIайн хьоькхнаш йисна а яц, адам массо а метте кхача лууш ду, массо а хIума ган лууш ду.IMG_4344kop

Цхьайолчу пачхьалкхашкахь туризм экономикин коьрта дакъа а хилла дIахIоьттина. Туризм хилар, кхиар бахьана долуш ехаш дуккха а пачхьалкхаш  ю. Амма цхьадолчу мехкашна, тайп-тайпана бахьанаш хиларе хьаьжжина,экономикин и дакъа дика девзаш дац.

Туризман декъехь баккхий кхиамаш баьхначу пачхьалкхех цхьаъ ю Iаьрбойн Цхьанатоьхна Эмираташ. Тоъал жимачу муьрехь, милла а цецвер волуш, ондда инфраструктура дIахIоттийна цара. Иза уггаре а  хьалха, адамийн куьйгашца йиначу Iаламат яккхийчу гIишлошка хьажа, хи тIехь йиначу тамашийначу гIайренех бIаьрг тоха хIора шарахь миллионашкахь цу махка схьаоьхучу туристашна цхьана а хIуманна тIехь эшамаш ца хилийтархьама, дина ду. Теша а хала ду, амма цхьана ткъа шарахь Iаьрбойн Цхьанатоьхна Эмираташ малхбузерчу пачхьалкхашна аьргалла латточуьра «туристийн Макка» хилла дIахIоьттина. Кхечарна масал эццал хIума ду иза.

Оцу хIуманна тIехь дика гучудолу церан Iедало шен хIора а ког,  ойла а еш, боккхуш хилар. Шайн мехкадаьтта а доккхуш, Iан ца лиъна царна, хIунда аьлча иза мел дукха делахь а, мацца а чекхдер дуй хаарна. Ткъа иза дIадаьлча, церан кхин дан хIумма а хир дацара. Цундела, цара шайга уггаре а  атта далуш дерг дина, уьш оцу тIехь нийса а хилла, тахана вайна ма-гарра. Лехнарг карийна ала мегар ду царна.

Туризман дакъа мезан бIелиг,  бу ала мегар ду Нохчийн Республикина. Иштта доккха хиндерг долу мохк – вовшех тера а йоцуш йолу Iаламан меттигаш, культурин тайп-тайпаналла, чIогIа дика географин хьал – туризман декъехь ца кхиош бисча цхьана а кепара нийса хир дацара.

Дика ду, тIаьхьарчу шерашкахь оцу агIорхьа беш боккха болх хилар, шортта кхиамаш бу гуш. Иза боккха кхаъ бу, хIунда аьлча массарна хIинца а дагахь болу тIом хилар бахьана долуш. цхьа а хIума дисна дацара вайн лаьтта тIехь, йоллу экономика йохийна яра. Цундела къаьсттина тамашийна хета цхьана иттех шарахь нохчийн къомо баьхна кхиамаш. Мел тамашийна хетахь а, теша хала делахь а, иза бакъ ду. Даима ма-хиллара, нохчийн къам дийна дисна, денделла.

Цхьажимма а шуьйрачу хаамийн гIирсашка хьоьжуш волчунна дика гуш хир ду, тIаьхьарчу шерашкахь туристаш вайн махка бахкийтархьама беш боккха болх хилар. Бакъдерг аьлча, дукха къахьега оьшуш а дац, уггаре а коьрта хIума вайн долуш ду – Iаламат хаза Iалам, шира архитектурин, сийлаллин меттигаш. Мел дукха хIума гина волу турист а цецваккхалур ву…

ХIинцале а гуш бу оцу белхан баккхий кхиамаш, хIора денна бохург санна, схьаоьхуш бу туристаш вайн махка. Герггарчу хенахь схьайоьллур ю массо а муьрехь болх бийр болуш, Итон-Кхаьллан кIоштахь Оргин исбаьхьа тогIи йолчохь йолу туристско-рекреационни «Ведучи» комплекс. Лаьмнийн исбаьхьа хазалла кхузахь къаьсттина гучуйолу. Культурин-историн а, Iаламан а хIолламаш хиларца а хьал долуш ю хIара меттиг.

Дукха хан йоццуш схьайиллина Къоьзан Iомана уллохь йолу спортан-туристически («Къоьзан Iам») комплекс. Ала деза, цига вахча бен хуур дац, иза мел хаза меттиг ю. Юхаван дог а ца догIу цигара… Цхьа а шеко яц, дукха хан ялале и меттиг туристаш эхарца уггаре а тоьллачарех цхьаъ хирг хиларх.

ТIаьхьарчу хенахь хуьлуш болчу  хийцамаша туризман декъехь Нохчийн Республикин доккха хиндерг хиларна тIехь дог-ойла чIагIйо.

КАНТАЕВ Расул

А.Мусаеван сурт

№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: