Элчанан (с.І.в.с.) весеташ

islam_mekka_b5БерхIитталгIа  весет

Иштта зуькаран  дозаллин  хьокъехь

МуIазера (Делар реза хуьлда цунна) дийцина:

– Цхьана стага  Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттира: «Уггар  йоккха  ял йолу  муджахIид мила ву?». Элчано  (Делера салам-маршалла  хуьлда  цунна) жоп  делира: «Царах Лекха-Сийлахь  волу Дела  дукха  хьехийнарг  ву». ТIаккха оцу  стага  хаьттира: «Уггаре а  йоккха ял йолу   дика  стаг мила ву?». Элчано  (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) жоп делира: «Царах Лекха-Сийлахь  волу  Дела  дукха  хьехийнарг ву». Цул тIаьхьа  оццу  стага   ламаззий,  закаттий,  ХьаьжцIа   вахаррий, сагIий хьахийра,  хIоранна а Делан  Элчано  (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) жоп а луш: «Царах Лекха-Сийлахь  волу Дела  дукха  хьехийнарг ву», – аьлла.

Абу  Бакара  Iумаре   аьллера: «ХIай  Абу Хьафс, зуькар  дечара  дерриге а дика   шайца   дIа ма  даьхьи». ТIаккха  Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) элира:  «ХIаъ, даьхьи, дера», – аьлла.

(Ахьмад, ТІабрани)

 

ТкъаесналгIа   весет

Iеса хIуманаш  дитаррий, Далла  муьтIахь  хиларрий, Иза  хьехорна   тIеверзаррий

Анасан  нанас (Дела реза  хуьлда  цунна)  дийцира, ша   элира   аьлла:

– ХIай Делан Элча (Делера  салам-маршалла хуьлда  цунна) соьга   весет  дехьа.

Элчано (Делера  салам-маршалла хуьлда  цунна) элира:  «Iеса хIуманаш  Iаддита   ахь, и  уггаре а  деза  хIижрат   ду хьуна; даима а  фарз  ламазаш   а де, и уггаре а деза жихIад ду хьуна; Дела  дукха  хьеха  а  ве,  Дела дукха  хьехаварал  сов  хIума а  эцна,  Далла  дуьхьал  гIур   яц хьуна  хьо».

Кхоччуш  пайда  хилийтархьама,  даладо  вай  зуькаран дозаллин   хьокъехь деана  ши хьадис.

Хьалхарниг  Абу ХIурарата  (Дела  реза хуьлда  цунна) дийцина,  Делан  Элчано (Делера салам-маршалла  хуьлда  цунна) элира аьлла: Сийлахь-Везачу Дала  боху  «Со ву  Сайн лен Сайца   йолчу   ойланца. Со  цуьнца  ма ву   цо,  Со хьехочу   хенахь а; цо, ша   цхьаъ  волчу  хенахь, Со  хьахийча, Ас иза хьахаво   Со   цхьаъ  волчу хенахь; цо Со цхьана  тобана  юкъахь   хьахийча, Ас  иза хьахаво  цуьнан тобанал  дикачу тобана  юкъахь; иза Суна  цхьа  ша герга  веача, Со  цунна  цхьа   дол герга  воьду; иза Суна цхьа  дол герга веача, цунна  цхьа  гІулч  герга   воьду, иза  Суна  тIе боларехь   веача, Со цунна  тIе  воьду  чехкачу   боларца».

(ТIабрани).

ШолгIаниг  МуIавията (Дела  реза хуьлда цунна)  дийцина, Делан  Элча (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) шен  асхьабаша  Дела  хьехош   бинчу гуонна юкъа  вахара, аьлла.ТIаккха цо  хаьттира: «ХIун  бахьана долуш охьахевшина шу?» Цара  жоп  делира:  «Дела  хьахо а, Цо  тхаьш  исламан  новкъа   дахарна а, тхуна  дика  дарна а Цунна   хастам   бан а  охьахевшина  тхо». Юха,  Делан  Элчано  (Делера  салам-маршалла хуьлда  цунна) элира:  «Делан  дуьхьа, дийцийша  суна, и бахьана долуш а бен, ца хевшиний шу?». Цара элира:  «И  бахьана долуш а бен, охьа  ма ца  хевшина  тхо».  Элчано (Делера  салам-маршалла хуьлда  цунна)  элира: «Шу цхьана  хIуманна  бехке  деш,  баийтина ма бац ас  шуьга  дуй, амма суна тIе  Джабраил  доьсси, цо суна дийци, Веза-Сийлахь волу  Дела  маликашна  хьалха  шух  дозалла  деш ву» – аьлла.

(Муслим, Тирмизи).

 

ТкъолгIа весет

Iуьйра ламазал  хьалхарчу  ши  ракаIат  суннат  ламазан  дозалла

Ибну  Iумара (Дела реза  хуьлда   цунна) дийцина:

– Цхьана стага элира: «ХIай Делан Элча, Дала суна шеца  пайда бен болчу Iамална тIенисвехьа со».  Элчано  (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира:  «Iуьйра ламазал хьалхара ши ракаIат суннат ламаз дан деза ахь, цуьнца ду хьуна дозалла».

Иштта  Ибну Iумара  далийначу  хьадисехь  ду, шена Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) олуш  хезна, аьлла: «Iуьйра ламазал  хьалха  долу  ши ракаIат ламаз  ма дита, цаьршингахь  ю хьуна   догдохийла».

Кхоччуш пайда  хилийтархьама, даладо вай,  Iайшата  (Дела реза  хуьлда   цунна) дийцина, тIаьхьадогIу  хьадис а.

Пайхамара (Делера салам-маршалла  хуьлда  цунна) элира:  «Iуьйра  ламазал  хьалхара ши ракаIат дика ду  дуьненал а,  цу тIехь   мел долчул а».

(ТІабрани, Муслим).

 

Ткъе  цхьаалгIа  весет

Ламазна  тIехь дIасацахьежаран  хьокъехь

Анаса  (Дела реза хуьлда  цунна)  дийцина:

– Делан Элчано  (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) элира:  «ХIай   сан  кIант, ламаза тIехь  дIасахьежарх  ларлолахь,  баккъал а,  ламаза  тIехь  дIасахьежар – хIаллакьхилар ду  хьуна».

Кхоччуш  пайда  хилийтархьама, даладо   вай  тIаьхьадогIу  хьадис а.

Абу  ХIурайрата  (Дела реза  хуьлда  цунна) дийцина:

– Делан Элчано (Делера  салам-маршалла хуьлда  цунна) элира: «Баккъал а, Делан  лай   ламаз  дан  дIахIоьттича, Лекхачу, Беркатечу   Далла   дуьхьал  хIоьттина  хуьлу и, ткъа  иза  дIасахьаьжча, Лекхачу,  Беркатечу  Дала  цуьнга олу:  «ХIай Адаман   воI, хьаьнга  хьоьжу хьо?  Сол  дикачуьнга   хьоьжу  хьо?  ХIай  Адаман   воI,  хьо хьайн  ламазна тIехь  волуш,  хьо шега   хьоьжучул а,  Со дика ма  ву хьуна».

(Тирмизи).

 

Ткъе шолгIа  весет

Даггара  леларан  дозалла

Жабалан кIанта  МуIаза  (Дела  реза  хуьлда   цунна), ша Пайхамара  Йемене   вохуьйтучу  хенахь, Делан Элчане  (Делера салам-маршалла хуьлда  цуна) ша элира аьлла, дийцина:

– ХIай  Делан Элча, соьга   весет  дехьа.

ТIаккха Элчано  (Делера  салам-маршалла хуьлда цунна)  элира: «Хьайн  дин  даггара леладе, кIеззиг  йолу  Iамал  а кхачаме  хир ю  хьуна».

Кхоччуш пайда  хилийтархьама, даладо  вай хIара  тIаьхьадогIу ши хьадис а.

Хьалхарниг

Совбанера дийцина:

– Делан Элчано  (Делера  салам-маршалла  хуьлда  цунна) олуш  хезна   суна:  «Даггара   лелачарна – «ТIуба» ялсамане  ю… боданан  бала  шайна   тIера   дIабоккху  нийсонан  чиркхаш  долчарна а».

ШолгIаниг

Кхечу хьадисехь ду, Абу  Умамата  (Дела реза  хуьлда  цунна) дийцина, аьлла:

– Пайхамара  (Делера  салам-маршалла хуьлда цунна),  элира: «Баккъал а, Веза-Сийлахьчу  Дала, даггара а, Шен  дуьхьа а йина йоцу Iамал къобал  ца  йо».

 

Гулдинарг – Хьамзат  Мухьаммад Солихь  Іужаж,

Гочдинарг – Хатаев Руслан,

Зорбане   кечдинарг – С.ХАСАНОВ

 

 

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: