Москвахь – книгийн гайтам

Хууш ма-хиллара, Россин Федерацин Президентан Указца карара шо Россехь Литературин шо аьлла д1акхайкхийна ду. Цуьнан гурашкахь Москвахь д1ахьош ю книгийн дуьненаюкъара 28-г1а гайтам-ярмарка.  Халкъан бахаман кхиамийн гайтаман (ВДНХ) №75 йолчу павильонехь 2-6-чуй сентябрехь хир ю иза.

Литературин шарахь гайтам-ярмарка шен кхиаран керлачу хорше а ерзош, дакъалацархошна а, хьешашна а цунна т1екхочийла аттачу даьккхина. Интерактивни проекташа, керлачу технологеша, медиан а, книгийн а декъера уггаре а тоьлла йолчу акцеша цу гайтамах мехкан  культурин дахарехь мехала хилам бина.

Россерчу уггаре а йоккхачу книгийн форумехь дакъалацаро аьтто бо регионийн зорбанан а, литературин а потенциал гайта, книгашйохкаран организацешца, тоьллачу издательствошца з1е д1атаса. Иштта кху шарахь ярмаркехь хир ю «Книгийн Росси» шатайпа экспозици. Цигахь регионийн книгийн продукци а, цхьайолчу регионийн издательствош а гойтуш, баьхкинчу хьешашна Россехь арахоьцуш йолчу литературин башхаллаш йовзуьйтур ю.

Гайтамехь хинйолу белхан мероприятеш Россин Федерацин субъекташкахь книгийн издательствошна а, книгашъяржорна а г1оьналлина т1ехьажийна ю. Къаьсттина тидам т1ебахийтина берийн литература кхиорна а, яржорна а.Гайтамехь-ярмаркехь дакъалоцу Нохчийн Республикин Яздархойн союзо а. Цунах лаьцна оха дуьйцур ду т1ейог1учу цхьана номерехь.

 

Х.ИРИСХАНОВ

№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: