Россин студенташна «иблисан пачхьалкхан» кхерамах дуьйцур ду

Дешаран керла шо доладелчахьана дуьйна Россин вузашкахь «Исламан пачхьалкх» цIе йолчу  террористически организацин (Иза Россин дозанашкахь йихкина ю Лакхарчу суьдан сацамца) кхерам бовзуьйтуш йолу йиллинчу лекцийн курс хир ю. (Хууш ма-хиллара, вайн республикин Куьйгалхочо «иблисан пачхьалкх» аьлла цIе йоккху оцу тобанан).

Цунах лаьцна хаам бо «Вестник Кавказа» хаамийн агентствос, Россин бусалбанийн динан урхаллин дешаран, Iилманан, культурин департаментан куьйгалхочунна Кашаф Шемална тIетовжарца. Курсаш хир ю Москван пачхьалкхан университетехь (МГУ) а, Юьртан бахаман а, пачхьалкхан службин а Россин академехь (РАНХиГС) а.

«Студенташна шайна а, юкъараллина а «иблисан пачхьалкхаца» боьзна болу кхерам бовзийтаран Iалашонца керла дIадолор юкъадаьккхина оха. Лекцеш ерриге а университетехь хир ю – берриге а студенташна лерина. Цунах лаьцна хIинцале къамел хилла тхан МГУ-н а, РАНХиГС-н а, РФ-н Правительствоца йолчу Финансийн университетан а ректоршца»,  – дийцира Ш.Кашафа.

Лекцеш еша кхойкхур  бу тоьлла болу говзанчаш. ХIинцале, лекцеш еша ша реза хилар хаийтина политологин декъехь къаьсттина говзанча волчу РФ-н бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Мухетдинов Дамира. Цул сов, Россин Iилманийн Академин эксперташ кхайкха ойла а ю дIадолоран авторийн.

Кхузахь ала догIу, цара хIинца юкъадаьккхина дIадолор Нохчийчохь дIахьош долу масех шо хилар. Цу гIуллакхна лерина тIе а эцна, болх беш ю «Кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран юкъара концепци». Иза къобалйина  Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствос а, Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхалло а, Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIе латторан департаменто а.

Нохчийн кегийрхой кхетош-кхиорехь а, харц некъаш а, зуламе тобанаш а царна йовзийтарехь а бертахь белхаш беш бу динан а, Iедалан а дай. Маьждигашкахь, школашкахь, юкъарчу а, лакхарчу а дешаран заведенешкахь дешархошца (студенташца) гуттар а дIахьош цхьаьнакхетарш ду. Церан цхьа Iалашо ю – тIекхуьу чкъор нийсачу (бусалба динца а, къоман ламасташца а богIуш болчу) новкъа тIехь кхетош-кхиор. Концепци кхолла дагадеанарг ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.

 

ХАСАХАНОВ Ислам

№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: