«Транспорта тIехь кхерамазалла а, терроризмаца къийсам латторан технологеш а – 2015»

2015-чу шеран 3-чу сентябрехь Терроризмаца къийсам латторехь цхьабарт  хиларан дийнахь хир ю «Транспорта тIехь кхерамазалла а, терроризмаца къийсам латторан технологеш а – 2015» аьлла йолу хIора шарахь дIахьош йолу Ерригроссин конференци.

Конференцехь гойтуш хир ю транспорта тIехь кхерамазаллин декъехь болу кхузаманахьлера керла башха белхаш а, царех лаьцна болу тактико-технически хаамаш а, церан таронаш а, башхаллаш а. Цул сов, и белхаш кхочушбинчара дуьйцур ду транспортан инфраструктуран тайп-тайпанчу объекташкахь а, транспортан гIирсашна тIехь а царех пайдаэцаран таронех лаьцна.

Дискуссешна коьрта гIуллакхаш хир ду: транспорта тIехь кхерамазаллин декъехь тIаьххьарлера законодательни хийцамаш; транспорта тIехь кхерамазаллин декъехь керла юкъадалийна законодательни акташ а, ткъа иштта керла кечдина нормативни бакъонийн акташ а кхочушдаран хила тарлуш долу некъаш а, практика а йийцаре яр; транспорта тIехь кхерамазаллина кхачояран а, терроризмаца къийсам латторан а декъехь  кхузаманахьлера практикаш а, технологеш а Iамор а, яржор а, вовшийн белхан зеделларг вовшашна довзийтар, декъан тхьамданаш бовзийтар; транспорта тIехь кхерамазаллин а, терроризмаца къийсам латторан а декъехь пачхьалкхо а, бизнесо а, юкъаралло а деш долу гIуллакхаш довзийтар, цара деш долу гIуллакхаш цхьабарт беш цхьаьнатохар. Конференцехь Нохчийн Республикин транспортан, з1енан министерствон векал хир ву дакъошкахь талламан а, кхерамазаллин а отделан хьаькам Тутаков Висхан, хаам бо министерствехь.

№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: