Х1окху деношкахь пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанехь дIадаьхьира регионан берийн-кегийрхойн «Юные кадыровцы» организацица цхьаьнакхетар. Иза лерина дара Россин Турпалхочун, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 64 шо кхачарна. Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос, вай лакхахь хьахийначу организацица цхьаьна. 
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Алиев Тимур, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, цуьнан заместитель Курашева Екатерина.
Цхьаьнакхетар долийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина байташ ешарца.
Цул тIаьхьа вистхилира Умаров Джамбулат. Цо билгалдаьккхира, Нохчийн Республика меттахIотторна, вайна маьрша дахар хилийтарна Россин Турпалхочо, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен са кхоийна цахилар.
– Ахьмад-Хьаьжас вайна болх бан, деша, Исламан баххаш, нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ лардан маршо яккхарехьа шен дахар ца кхоийна. Ткъа тахана, цуьнан гIуллакхаш дIакхоьхьаш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо, цуьнан кIант Кадыров Рамзан. Къона кадыровцаш, шун Iалашо ю вайн турпалхой биц ца бар, тIекхуьучу чкъурана вайн истори йовзитар. Шу, къона делахь а, республикехь хиллачу хиламийн тешаш ду, цхьа хан яьлча, берашна, берийн берашна аш бовзуьйтур бу вайн турпалхой, цара дина гIуллакхаш дицдан вайн бакъо яц.
Цул тIаьхьа цхьаьнакхетар дIахьош хиллачу Алибасов Рамзана а, Исаева Шовдас а дийцира шайн организацех а, шаьш бечу балхах а лаьцна. Цара йовзийтира шаьш республикехь кхиамца дIахьош йолу проекташ: «Занятость ученика», «Наследие», «Полк «Юных кадыровцев», «Помощник министра», «Школьная мэрия», иштта кхин а.
З.САГАЕВА
№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо