кху деношкахь акционерни «Чеченэнерго» юкъараллехь
Нохчийн Республикехь болчу берриге а шуьйрачу хаамийн гIирсашкара журналисташ бара цига кхайкхина
Пресс-конференцехь дакъалоцуш вара «Чеченэнерго» юкъараллин коьрта инженер Сардалов Руслан, «Ростехнадзоран» Нохчийн Республикехула йолчу электростанцешна а, сеташна а, гидротехнически гIирсашна а, бахархойн а йовхонан хьашташна тIехь терго латторан отделан куьйгалхо Гайдаев ИбрахIим, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон капитальни гIишлошъяран отделан коьрта говзанча Хасанов Хьамид. Пресс-конференци дIайоьллуш, вистхилира «Чеченэнергон» коьрта инженер Сардалов Руслан. Шен къамелехь цо дийцира электроницкъо дан тарлучу зенах бераш Iалашдарна лерина кху шарахь шаьш бинчу балхах. ХIара шо дIадоладелчхьана «Чеченэнергон» белхахой вайн махкарчу 65 школехь хилла, тоькан кхерамазалла ца ларйича хила тарлучу зенах дешархошна дуьйцуш 326 урок дIаяьхьна. Иштта цу кхерамазаллех дуьйцуш алсам интервьюш елла Нохчийн Республикин электронни а, зорбанан а шуьйрачу хаамийн гIирсашна. Сардалов Руслана дийцарехь, цара хаддаза шайн семачу тидамехь латтайо Нохчийчуьра энергообъекташ, ларамаза адамаш царна тIе ца гIертийта, охIла боцчу нахе царах куьйгаш ца Iиттийта. И дерриге леладар бахьана ду вайн махкахой хила тарлучу бохамах ларбалар.
Шайн рогIехь «Ростехнадзоран» а, дешаран, Iилманан министерствон а векалша дийцира шаьш бечу балхах. Дийцарехь, церан массеран Iалашо цхьаъ яра – бераш, могашаллина хила тарлучу зенах, лардар. Бераш кегий хилар а, жималла аьрха хилар а дицдан мегар дац, бохура цара. Баккхийнаш декхарийлахь бу уьш зуламах Iалашбан. Цундела хьакъдолчу нехан хаддаза тергонехь хила еза энергообъекташ. Цул совнаха дай-наноша, школашкарчу хьехархоша дийца деза берашна тоькан кхерамазаллех лаьцна. Уьш декхарийлахь бу тIекхуьучу чкъурана кхачам боллуш электроницкъах долу хаарш довзийта. Деа сохьтехь сов дIаяьхьира пресс-конференци. Вуно мехала, чулацаме дара цигахь дина къамел. Ткъех сов хаттар дира гулбеллачу журналисташа. Царна кхачо йоллуш жоьпаш делира цхьанакхетарехь дакъалоцуш хиллачу говзанчаша.
А.ГАЗИЕВА
№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо