Бюджетан комиссин кхеташо

Нохчийн Республикин финансийн министерствехь хилира 2016-чу шарна а, 2017-чуй, 2018-чуй шерийн планан муьрана а бюджетан планаш хIитторан Бюджетан комиссин хьалхара кхеташо. Цигахь дакъалецира республикин Правительствон Председателан заместитела – автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара, ткъа иштта республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин, республикин Парламентан векалша, республикин министерствийн, ведомствийн куьйгалхоша а.

Шен доклад дIайолош, республикин финансийн министра Рассуханов Iусмана республикин, меттигерчу бюджетийн пайданийн коьртачу администраторшка хаам бира Россин минфино беш болу хийцамаш хьесапе а оьцуш, республикин финансийн министерствос 2016-чу шарна йолчу республикин цхьаьнатоьхначу бюджетан юьхьанца дина хьесапаш Россин минфино 2016-чу шарна кхочур долчу ахчанан барамаш алсамбахаран макроэкономически гайтамаш юкъабалоре хьаьжжина хийцабала тарлуш хиларх лаьцна.

Цул совнаха, министра дийцарехь, хьесапаш хийцадала тарло церан бакъонца болу налогаш тохаран бух хьесапе а оьцуш, пайданийн администраторша уьш нисдечу хенахь.

«Цуьнца доьзна суна луур дара шайн куьйгаллехь болчу пайданийн хьесапийн анализ яр а, хIокху герггарчу хенахь шайн бух болу предложенеш а, билгалдахарш а далар а дерриге а тIегIанашкарчу кхочушдаран Iедалан пайданийн администраторш йолчу органийн куьйгалхошка деха. Цуьнца цхьаьна ала деза бюджет нисъярна кхачоярехь дечу гIуллакхийн гIолацарна луш йолу дотацеш 2014-чу шарца дуьстича, 2018-чу шарна тIекхаччалц хIора шарахь 5 процентана а (1 148,3 миллион сом), бухадисинчу ахчанах 2024-г1а шо чекхдаллалц цхьабоссачу дакъошкахь а лахъяр билгалдеш болу Россин минфинна а, Нохчийн Республикина а юккъехь бина барт хIинца а гIуллакх деш хилар», – билгалдаьккхира 1.Рассухановс.

Министра билгалдаьккхира и дотаци оцу кепара муьрашкахь лахъяран хьелашкахь бюджет нисъярна кхачоярна ши некъ хилар: хьалхарниг – иза дIабовлуш болу пайданаш вешан налогаш тохаран бух  алсамбаккхаран чоьтах тIебузар; шолгIаниг – бюджетан харжаш лахъяр. Харжаш вай хIокху тIаьххьарлерчу хенахь лахйина, тIаккха дан дезарг налог тохаран бух алсамбаккхар ду.

Республикин бюджетан пайданашкахь иштта билгалдеш ду транспортан налогах а, организацийн бахамна тухучу налогах а кхочуш долу ахча алсамдаккхар.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца 2013-чу шеран 1-чу январехь дуьйна боккха болх дIабаьхьна налог тухуш йолу объекташ билгалъяхарехь а, бахархойн бахаман объекташна йолу бакъонаш пачхьалкхан дIаязъярехь а. И болх бар бахьана долуш налогийн органашкахь болу хаамаш 2015-чу шеран 1-чу августана иштта хилира: лаьттан дакъош – 207072, я 2013-гIа шо долалуш хиллачул (98596) 108476-на алсам, я 210 проценте кхаччалц, бахархойн бахаман объекташ – 107836, я 2013-гIа шо долалуш (83764) хиллачул 87072-на алсам, я 196,2 проценте кхаччалц.

I.Рассухановс билгалдаьккхира 2016-чу шарна а, планан 2017-чуй, 2018-чуй шерийн муьрана а йолчу республикин бюджетан харжийн дакъа вовшахтохар хIинцале дIадоладелла хилар. Россин Минфине хIинцале дIаяхьийтина рогIерчу шарахь республикин бюджет нисъярна кхачоярехь дечу гIуллакхийн гIолацарна лучу дотацин хьесапашца доьзна долчу гIуллакхашка хьовсарна лерина йолу юьхьанцара материалаш.

Кхеташонан жамIашкахула тIеийцира 2016-чу шарна а, 2017-чуй, 2018-чуй шерийн планан муьрана а йолчу республикин цхьаьнатоьхначу бюджетан пайданийн хьесапаш дарехь республикин финансийн министерствос деш долу гIуллакхаш къобалдаран хьокъехь болу сацам. Ткъа республикин пачхьалкхан Iедалан органашна магийра федеральни органашка луш йолу статистически а, я кхийолу дакъойн а отчеташ нийса хиларна тIехь латтош болу таллам чIагIбар. Республикин цхьаьнатоьхначу бюджетан пайданийн дерриге а тIегIанашкара администраторш декхарийлахь бу 2016-чу шарна а, 2017-чуй, 2018-чуй шерийн планан муьрана а йолчу цхьаьнатоьхначу бюджетан хьесапех лаьцна йолу бух болу предложенеш 15-гIа сентябрь кхачале кечъян а, республикин финансийн министерстве яла а .

Нохчийн Республикин финансийн министерствон пресс-служба

№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: