Пакистанан къилбаседа-малхбузехь эккхийтар дина. Оцу бохамехь ялх стаг кхелхина, 31 стагана чевнаш хилла. Зуламах долу жоьпалла тIе ца лаьцна махкарчу цхьана а экстремистски боламо.
***
Японехь наштарх гIуллакхдеш йолчу заводехь эккхар хилла. Цхьадика, велла а, лазийна а стаг вац. Эккхар хиларан бахьана цкъачунна билггал хууш дац.
***
Индин коьртачу шахьаран урамашка бевллачу бахархоша къепе талхийча, уьш совцо гIоьртинчу полицин тасадалар хилира митинг ечаьрца. Къепазалла хIоьттинчохь 4 стаг кхелхина, ткъа сов стаг лазийна.
***
Евросоюза юккъе йогIучу пачхьалкхашкахь август баттахь белхазаллин барам 10,2 процент хилла (юккъерчу барамехь). Ткъа Германехь – 6,4 процент.
***
Дуьненаюкъарчу хIорда чохь Италина юххехь полицис сацийначу хIордкеманахь Ливина къайлаха хьош долу герз карийна.
***
Украинин Лакхарчу Радина хьалха хиллачу тасадаларехь вовшашна герзаш диттина митинг ечара а, царна дуьхьал хиллачара а. Цигахь кхо стаг кхелхина, 150 сов стаг лазийна.
***
Хьалхарчу сентябрехь дуьйна Украинехь электроэнергин тарифаш 25 процентана гергга лакхаяьхна.
***
Стомара дуьйна Донбассехь сацийна герзаш деттар. «Кхул тIаьхьа а ларъян еза тийналлин раж», – элира цу хьокъехь Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министра С.Лавровс.
***
Белоруссехь хьалхарчу сентябрехь дуьйна пенсеш юккъерчу барамехь 5 процентана тIетоьхна.
***
Стомара Узбекистанехь билгалдаьккхира Мохк бозуш цахиларан де. Халкъана хьалха динчу къамелехь президента дIахьедира шайн махкахь кхечу пачхьалкхийн эскарш хирг цахилар.
***
Россин Президента В.Путина Чине дIавахале хьалха интервью елира ТАСС-н а, «Синьхуан» а журналисташна. В.Путинан Чинин куьйгалхошца цхьаьнакхетарш тахана Пекинехь хир ду.
***
Россин премьер-министра Д.Медведевс Пачхьалкхан Думин депутаташка дехна цхьана шеран планаш хIитторна тIедовлар. Иза доьзна ду мехкадаьттан мах дуьненахь цIеххьана хьала-охьа болуш хиларца.
№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо