Россин МВД-н куьйгалло лаккхара мах хадийра нохчийн ОМОН-н

Кху деношкахь Нохчийн Республикехь хилира Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара заместитель, МВД-н чоьхьарчу эскарийн (ВВ) коьртакомандующи Золотов Виктор. Цо а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а кхеташо дIаяьхьира Россин МВД-н ВВ-н оперативни Iалашонан ша къаьсттина йолчу 46-чу бригадин командни составца.

Кхеташо дIаяьлча и шиъ хилира Хоси-Юьртан уллехь йолчу полигонехь, бакъонаш Iалашъяран органийн белхахойн тIеман хьуьнарш муха ду а хьаьжира.

– Къаьсттина халчу хьелашкахь тIеман гIуллакхаш дар карадерзоран Iалашонца белхаш бира цара. ТIеман лаккхара хьуьнарш гайтира В.Золотовна МВД-н белхахоша. Леррина йолу операцеш дIаяхьарна лерина йолчу технике а, спецназан кечамбаран а, садаIаран а хьелашка а хьаьжира инарла – шен instagram агIон тIехь хаам бира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Иштта Кадыров Рамзана билгалдаьккхира буьйсанна В.Золотов Нохчийчоьнан МВД-н ОМОН-н тIеман кечамаш муьлхачу тIегIанехь бу хьаьжна хилар.

– Тхо Хоси-Юьртара Соьлжа-ГIала догIуш ОМОН-н базе ваха шен Iалашо хилар хаийтира цо. Цигахь пхеа минотехь кечбала ларийра белхахой. Инарлас лакхара мах хадийра ОМОН-н кечамна. Цо билгалдаьккхира нормативашца кечбала луш йолу хан цхьа сахьт ах сахьт а, ткъа сихачу хьелашкахь цхьа сахьт а хилар – бохура Кадыров Рамзана.

Иштта регионан Куьйгалхочо тIетуьйхира Россин чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь оццул лакхарчу тIегIанехь тIеман кечам хIинццалц хилла цахилар.

– Омоновцаша тIеман лаккхара хьуьнарш гайтира. В.Золотовна хиира ОМОН-н белхахой а, Нохчийчоьнан хIора вахархо а Даймохк ларбан а, Россин Президентан Путин Владимиран муьлхха а тIедиллар кхочушдан а кийча хилар, – элира цо.

Р.РАМЗАНОВ

№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: