Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Россин кегийрхошка кхойкху спортехь жигара дакъалацаре а, къоман тхьамдех – Россин Президентах Путин Владимирх – масал эцаре а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо лору дахаран могашчу кепаца даха а, спортехь дакъалаца а дезаш хилар, иза гайта суьртан дуьхьа а ца лелош.
«ХIокху тIаьхьарчу хенахь чIогIа юкъадаьлла тренажераш, гантелаш эцар, уьш кабинеташна а, залашна а, д1адуьйшучу чоьнашна а чохь гайта дIахIиттор, суьрташ дахар, спортехь чIогIа лерина гIуллакхаш до бохуш моттаргIанаш лелор. Амма дукхах йолчу меттигашкахь уьш тIе чан а йиллина, лаьтташ хуьлу. Шераш девлча, «спортсменаш» леткъамаш бан буьйлало, гIодаюкъахь лазарш ду, ц1ийн та1ам лакхара бу, дог лозу, бохуш. Амма вайна дика го Россин Президента, дуьненан тIегIанерчу тхьамдас Путин Владимира луш долу масал», – элира Р.Кадыровс.
Цо иштта билгалдаьккхира Путин Владимира санна, спортан дуккха а тайпанашкахь дакъалаца а, дахаран могашчу кепара даха а дезаш хилар.
«Лыжаш, дзюдо, некадар, спортан кхин тайпанаш а. Цигаьрка ца узу, вахош долу маларш ца муьйлу. Иза дика могашалла йолуш ву. Иза гуш ду видеоролика тIехь а. Президента премьер-министраца Медведев Дмитрийца цхьаьна тренировкаш йо», – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзан Россин кегийрхошка кхайкхира Путин Владимирах масал эцаре, спортехь дакъалацаре, зене марзделларш дитаре. И гIулч, цунна хетарехь, вайн мехкан могаш къам вовшахтохаран новкъахь хьалхарниг хир ю.
«Россин миллионаш кегийрхоша масал эца деза вайн къоман тхьамдех, спортехь дакъалаца деза, йита еза наркотикаш, цигаьрка, таблеткаш, къаьркъа. Вайна могаш кегийрхой оьшу, Россин патриоташ оьшу. Нохчийчохь иттаннаш эзарнаш кхиазхой а, кегий нах а, баккхийнаш а бу хаддаза спортехь дакъалоцуш, дахаран могашчу кепаца бехаш. Со берриге а россихошка кхойкху Владимир Владимировичах масал эцаре. Могаш къам вовшахтохарна тIе хьалхара гIулч яккха вай!» – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
С.КАРАЕВ
№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо