Соьлжа-ГIалахь схьайиллина математикин школа

Дешаран керла шо долалуш Нохчийн Республикехь йина юкъарадешаран керла 10 школа: Грозненски районехь – Аьхкин-Борзехь (480 меттигна), ЦIоьнтарахь (360 меттигна), Йоккхачу АтагIахь (600 меттигна), ГIуларехь (600 меттигна); Хьалха-Мартанан районехь – Гихтахь (480 меттигна); Соьлжан районехь – Эха-Борзехь (720 меттигна), Соьлжа-ГIалахь – Ленински районехь (720 меттигна), Старопромысловски районехь (720 меттигна).IMG_3243

Иштта, хIокху деношкахь, дешаран шо долалуш, Ленински районехь схьайиллира химин Iилманийн докторан, профессоран Х.Ибрагимовн цIарах №1 йолу математикин школа. Лакхахь вай хьахийна ма-хиллара, 720 меттигна лерина ю иза. Школа йина  Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца.

Школа  схьаелларна  леринчу даздаршкахь дакъалецира: Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон  а Администрацин  куьйгалхочо Кадыров Ислама, иштта цхьамогIа министерствийн, ведомствийн  куьйгалхоша а.

Керлачу школица хьехархой, дешархой декъал а беш, вистхилира Кадыров Рамзан.

– Схьайиллина школа Iилманчин, химин Iилманийн докторан, Нохчийн Республикин Iилманийн академин хьалхарчу президентан Ибрагимов Хьамзатан  цIарах ю. Россин а, Нохчийчоьнан а патриот вара иза. Тахана вайца воцуш ву Хьамзат, амма вайна иза виц ца велла. Россин Федерацин Турпалхочо, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас   (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) лоруш, Iилманан  декъехь цуьнан кхиамаш билгалбохуш стаг вара иза. Церан доьзал берриге а Даймехкан дуьхьа къахьоьгуш бу. Масала, цуьнан кIант, Нохчийн Республикин яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Россехь вевзина а ца Iаш, дуьненахь а вевзаш ву. Иштта нах вай лара беза. Ас даггара декъалдо шу республикехь цхьаъ бен йоцу математикин школа схьаелларца. Iилманчаш, математикаш,  вайн махкана пайдехь адамаш кхио хьуьнарш лойла хьехархошна. Дала тIаьхье беркате йойла, – элира цо.

Иштта, баьхкинчу хьешаша а декъалбира дешархой керлачу школица. Шайн хазахетар а, республикин Куьйгалхочунна баркалла а байташкахь билгалдаьккхира бераша.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас, Соьлжа-ГIалин къедас Хийтанаев Мохьмада доIа динчул тIаьхьа Кадыров Рамзана а, Ибрагимов Кантас а, Дешаран а, Iилманан а министра  Байханов ИсмаьIала а цIен аса хадорца схьайиллира школа.

З.САГАЕВА

Авторан сурт

№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: