Кадыров Рамзан Хоси-Юьртарчу школехь даздаран линейкехь хилира

Хоси-Юьртахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин  цIарахчу №1  йолчу  школехь  дешаран керла шо дIадоладаларна лерина даздаран линейка  хилира. Цигахь  хилира Нохчийн Республикин  Куьйгалхо Кадыров Рамзан.2

Цо шен къамелехь  дезачу денца декъалбира дешархой. Цаьрга дешарехь кхиамаш бахаре кхайкхира  .

«ТIаьхьуо шу кхетар ду школехь яьккхинарг хIора стеган дахарехь  уггаре а башха хан хиларх. Цундела ерриге а республикехь  къаьсттина лерина кечам  бина кху денна. Вай  билгалдо карарчу шарахь 31 школа  схьаеллар. Таханлерчу денна вайн хьалхарчу классийн 30 эзар сов дешархо ву. ХIора шарахь  уьш  эзар  дешархочунна алсамбовлуш бу. Оха шуна тоьлашха долу хьелаш кхуллу, цундела шу декхарийлахь  ду  къаьсттина дика деша», – элира цо.

Республикин Куьйгалхочо иштта билгалдаьккхира, нагахь санна хьалха Хоси-Юьртахь 500–600 дешархо бен ца хиллехь, хIинца уьш шина эзарнал а алсам хилар.

«Вай хIинцале Хоси-Юьртахь схьайиллина  масех школа, хIунда аьлча дешархой ши эзар сов хиларна. Ерриге  а республикехь алсамболуш бу дешархойн барам. Оцо вай даккхийдедо, хIунда аьлча бахархойн барам  алсамбаларо церан хьал-де лакхадалар гойтуш хиларна», – элира Кадыров Рамзана.

Даздаран линейка схьайиллира юьхьанцарчу классашкарчу дешархоша Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнаш лакхарца. Цул тIаьхьа  бераша зезагаш дехкира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу мемориалан хIолламна хьалха.

***

Оццу дийнахь Хоси-Юьртахь даздаран хьолехь  схьайиллира Джабраилов Хьуьсейнан цIарах йолу юьхьанцара юкъарадешаран школа. Иза шина баттахь  эха баттахь йира Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Региональни юкъараллин  фондан ахчанан чоьтах.Снимок

Школа схьайоьллучохь  дакъалецира  Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийн Республикин  Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, республикин Правительствон  Председатела Эдельгериев Абубакара,  республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, официальни  кхечу наха а.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира школа йоццачу хенахь  йина ялийтина хилар.

«Дукхахберш тешаш бацара и школа шина баттахь эха баттахь йина чекхйоккхург хиларх. Уьш тамашбеш бара иштта дукха болх йоццачу хенахь бина бериг хиларх, цу  тIе  харжаш  кIезиг а  еш. Кхузахь берашна дерриге а хьелаш  кхоьллина. Кхузахь ю спортзал, столови, чохь оьшуш долу дерриге а хьелаш долуш дешаран классаш. Иза вайн боккха кхиам бу», – элира цо.

Республикин Куьйгалхочо кхин а тIетуьйхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Iалашонаш тахана республикехь кхиамца кхочушъеш хилар. Цу юкъахь дара спорт, дешар, культура кхиор.

«Ахьмад-Хьаьжас халачу хенахь меттахIотто йолийра республика. Хьалхейохуш  долу коьрта некъаш лорура цо дешар,  культура, спорт кхиор. Цо билгалбинчу  некъо зазадаккхарна  тIе  дуьгу  вай.  Халкъана иза гуш ду, цо  лаккхара мах а  хадабо цуьнан. Со дешархойн дай-наношка а, хьехархошка а кхойкху берашна дешар  Iаморан дикаллина уггаре а боккха  тидам тIебахийтаре. Цунах дозуш ду  вайн республикин хиндерг», – элира Кадыров Рамзана.

С.БАЛАЕВ   

 №99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: