С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь даздира хьалхарчу классийн дешархой деша буьйлабалар. Ламаст хилла схьадогIуш ду и гIуллакх дIадахьар.
Мероприяти дIайолалуш, библиотекин директоран заместитела Т.С-Х.Хажаевас декъалбира дешархой. «Малхо йовхо ло, книго дахар хаздо» цIе йолчу конкурсехь жигара дакъалаьцначу дешархойх хастаман дешнаш элира цо. Цара уггаре а кегийчу берашна кечйинера стихийн, эшарийн, частушкийн концертан программа. Иштта кегий хьеший а ца Iийра шайн говзалла ца гойтуш. «Хьалхарчу классе – дуьххьара» аьллачу темина стихаш йийшира Асхабова Раянас, Дурдышева Мадинас, МежидовгIар Хьасана, Хьусейна, Абдуллаев Муслима, Сайдаев Хьасайна.
Хьалхарчу классийн дешархошна юкъахь дIаяьхьира конкурс. Цуьнан кхо тIедиллар дара «ХIетал-метал хоийла хьуна», «Терахьаш юкъахIиттаде», «Шайн-шайн метта дIахIиттаде элпаш». ХIора нийса деллачу жоьпана берашна кампеташ лора.
Оцу конкурсан толамхо хилира Межидов Хьусейн. Цунна дагалецаман совгIаташ а, диплом а делира.
Мероприятехь дакъалоцуш хиллачу берриге а дешархошна школехь оьшуш болу гIирсаш белира. «Малхо йовхо ло, книго дахар хаздо» цIе йолчу аьхкенан программехь жигара дакъалаьцначу дешархошна дипломаш делира.
Л.ДАУТОВА
№100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо