Цецвийлар ца кхачадо суьрташ

Белхан керла юьхь йолор, гуьйренан хьалхарчу дийнахь, башхачу суьртийн гайтамца дIадолийра А.-Хь.Кадыровн цIарахчу суьртийн галерейхь.IMG_3286

– Культурин доккхачу декъах йолчу театро шен белхан керла сезон дIайолайо гуьйранна, – гулбеллачаьрга вистхуьлуш, билгалдаьккхира галерейн куьйгалхочо Болотбиев ХIарона, – иштта нисделла тхан а. Со тешна ву, вайна массарна а вевзаш, везаш волчу художникан Ильясов Адаман а, цуьнан дешархо хиллачу,  вайн махкахьчул а Европехь алсам вевзачу Ибрагимов Аюбан а суьртийн гайтамца дIайолийна хIара гуьйре беркате хирг хиларх.

«Хин, басарийн цхьаьнатар» цIе йолчу гайтаме хIиттийнера Россин Федерацин культурин хьакъволчу белхахочун, художникан Ильясов Адаман а,  Германерчу Нюрнберг гIалахь вехачу Ибрагимов Аюбан а суьрташ.

Олуш ду-кх, муьлхха а керланиг дикка дицделла шираниг ду олий. Цунна а дайна, гайтаме хIиттийначу суьрташа шайна тIе тидам бохуьйту, суьрташ дахкаран техникин башхаллица. Ала деза, Ильясовн цхьана бIене ца кхоччуш а, Ибрагимовн ткъех сов а суьрташ, генарчу Малхбален суртдилларан  Эбру олучу ширачу говзаллех пайда оьцуш, дехкина хилар.

Вай доьлла,  бIаьргашна гучу суьртах, цуьнан чулацам бовза. И бахьана долуш, билгалъяло суьртан тема, зама, васташ, нагахь иза историн цхьа хилам гойтуш делахь. Нагахь суьртан чулацамехь гойтург Iалам делахь, вайна хаьа и  хиш, лаьмнаш, Iаламан хиламаш муьлхарш, мича махкара бу.  Бевза суртдилларан г1ирс а – басарш, щетка, къолам, кIора, кехат, гата…

Ткъа Эбру суртдилларан корматалла баккъал а тамашийна а, шена тIе тидам бахийта хьакъдолчарах ю. Суьрташ хи тIехь дохку.  Цунна жимочу чари чохь кечдо датийна хи (иза дукъдан цунах оьшург туху, масала, обойн клей). Цунна тIе тайп-тайпанчу басарийн тIадамашца хьайн «ойла» юьллу. Суьртийн тамашийналла йоьзна оцу гIуллакхах.  Хи а санна, басарш а детта хиларна, уьш вовшах ца оь. Деттачу хи тIехь ахкарца я пелагца басарийн тIадамаш цхьана билгалчу суьрташка дерзадо. Диллина сурт гатанна я кIадийна тIе схьаоьцу. Цул тIаьхьа дахарехь шена цхьа меттиг дIалоцу цо. Ткъа ишттачу суьрташка хьожучо, шен ойланийн кочарийн галморзахалле хьаьжжина, дахарх дузу уьш. Кегийчарна а, баккхийчарна а кхоллараллин юьхь йолон а, иза кхион а кхачаме гIуллакх ду Эбру суьрташ дахкар.IMG_3279

Нохчийчохь хьовха, ерриге а Кавказехь билгалваьлла вайн цхьаьнакхетаран ши турпалхо – Адаммий, Аюббий –  воцург, цаьрга кхочуш Эбру корматаллехула суьрташ дохкуш художникаш цахилар чIагIдира цхьаьнакхетар дIахьош хиллачу философин Iилманийн кандидата, доцента, галерейн Iилманан говзанчас Акиева Хьавас.

Суьртийн мехаллех а, цара адамийн ойланашна сирла тIеIаткъам барах а дийцира вевзачу журналиста Юнусов Хьамзата, художника Тарамов Мусас, поэта Юсупов Руслана, юкъараллин белхахочо Юсупова Лиляс, культурин министерствон белхахочо, поэта Саиев Iумара, актрисас, Россин Федерацин хьакъйолчу артисткас Багалова Зулайс, иштта кхечара. Цара тоьшалла дира Ильясов Адам, говза суьрташдахкархо хиларал сов, поэт а, башха адамалла йолу адам а, воккха къинхьегамхо а хилар. Иштта хилар тIедиллира цара Ибрагимов Аюбна а.

– Нохчийн къоман юьхь,  иштта дикачу агIор Аюба Европехь йовзийтарна воккхаве со. Нохчий террористаш а, бандиташ а боцуш, къинхьегамхой,  кхоллараллин нах хилар дуьненна а довзаран юьхь ю иза. Вайн Даймохк, цуьнан лаьмнаш, цуьнан Iаламан садоллу меттиг йовзало художникийн суьрташкахь. Синхаарш самадаха гIо до цара. ЦIенчу даггара воцчуьнга и башха суьрташ дахкалур дац, – элира гулбеллачийн лерсина «Суртдиллархо» цIе йолу илли хазо юкъаваьллачу Нохчийн Республикин халкъан артиста Ясаев Мохьмада.

«Хин, басарийн цхьаьнатар» цIе йолчу гайтаме баьхкинчу хьовсархойн таро хилира Эбру суьрташ дахкаран техникин ширалла йовзарал сов, цхьа кIезигчу ханна дуьненан сихаллин боларх тиладала а, басарийн дуьненах самукъадала а, ойланаш паргIатъяха а. Оцу суьртийн коьрта билгало – цхьана суьртан бустам вукху суьрташкахь цахилар – къегина гора «ДогIа дехар», «Дагадовлар», «Ойланийн йийсарехь», «Седарчийн хелхар» цIе йолчу суьрташкахь. Гайтаман ма-ярра исбаьхьалла йовза таро ю сентябрь бутт чекхбаллалц йолчу хенахь.

 

САРАЛИЕВА Табарак

Авторан суьрташ

№100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: