Дукха хан йоццуш Кемерово гIалахь хилира кегийрхошна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран боксехула къийсадаларш.
ДегIан йозалла 49–91 кийла йолчу 260 спортсмена дакъалецира цигахь. Царна юкъахь вара Нохчийчуьра виъ боксер.
ДегIан йозалла 81 кийла йолчу категорехь леташ вара 2014-чу шарахь Якутехь студенташна юкъахь хиллачу къийсадаларшкахь дуьненан чемпион хилла волу Хатаев Имам. Диъ латарехь толам баьккхира кIанта. Амма толамхо къаьстачу латарехь Кушиташвили Георгийс шен Iалашоне ца кхачийтира иза. Иштта, вайн махкахочун тоам бан дийзира дато мидалх.
Кемеровехь хиллачу къийсадаларшкахь толаман меттигаш яьхначара дакъалоцур ду 2016-чу шарахь дIахьур йолчу Европин чемпионатехь.
Бацагов Шемал ву Хатаев Имаман тренер.
Л.БАЯНОВА

№100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо