Нохчийн Республикин Новр-гIалахь дIаяьхьира 2000–2002-чу шерашкарчу кхиазхошна юкъахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула региональни турнир. Цигахь дакъалоцуш яра Ростовера, ГIалмакхойчуьра, Ставрополан крайра, Дагестанера, Нохчийн Республикера командаш.
Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь билгалбевлира толамхой: И.Исмаилов (24 кг.) – ДЮСШ №7, Э.Закриев (26 кг.) – ДЮСШ №7, В.Мангутов (29 кг.) – ГIалмакхойчоь, А.Амаев (32 кг.) – ДЮСШ №7, И.Дадаев (35 кг.) – ДЮСШ Невран район, Г.Кадиев (39 кг.) – Ставрополан край, И.Микаев (4I кг.) – ДЮСШ №7, И.Забаев (44 кг.) – ДЮСШ №7, М.Ким (47 кг.) – Пятигорск гIала, Б.Мучураев (50 кг.) – ДЮСШ, А.Гигиев (54 кг.) – ДЮСШ №1, М.Калашов (58 кг.) –ДЮСШ Невран район, С.Темерсултанов (65 кг.) – ДЮСШ Невран район.
– Иштта йолу турнираш хIора шарахь дIаяхьа дагахь ду тхо, – элира Невран районан спортан комитетан куьйгалхочо Р.Дугучиевс. – Доккха баркалла ала лаьа Нохчийн Республикин спортан къийсадаларийн федерацина лакхарчу спортивни тIегIан тIехь хIара турнир дIахьош гIодарна. Дела реза хуьлда хIокху къийсадаларшна и спортсменаш кечбинчу тренершна: А.Магомадовна, Э.Алиевна, И.Мучураевна, Х.Гигиевна, А.Абдулаевна, Умаровна, Б.Тулаевна.
З.ШИШХАНОВА
Авторан сурт
№100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо