Нохчийн кицанаш

Да валар – тхов тIекхетар, нана ялар – цIа бухдалар, ваша валар – агIо чубахар, йиша ялар – кор дохар.

Кху кицанехь юьйцу деца а, ненаца а, вешица а, йишица а хуьлуш йолу юкъаметтигаш.. Гуттар а цхьаъ хилла лаьттачу нохчийн доьзална, мел хала хуьлу гергарчу нахах къастар, бохург ду иза. Цул сов, кицано гойту вайн дахарехь ден а, ненан а, вешин а, йишин а долу дакъа.

Дечкан велахь а, да тоьлу, бIегIаган елахь а, нана тоьлу.

Да-нана мел ледара делахь а, мел хала амал церан елахь а, уьш лара беза, бохург ду иза. Доккхачу дуьнен чохь мел дукха лехарх, цаьргахь болу къинхетам болуш стаг карор вац вайна. Цундела аьлла ду цу кицанехь дех-ненах аьлларг.

КIантана – xIy лаха, йоIана – цу лаха.

КIантана зуда лохуш  коьрта хилла иза хьенан ю , муьлхачу тайпанах схьаяьлла ю  хаар. Иштта хьожуш хилла, йоI маре луш волу  кIант муха ву а, цуьнан цIе муха йоккху а, иза вехар волуш ву я вац а.

Яьсса хIума чIогIа ека.

Шега догIург а, цадогIург а дуьйцуш волу стаг сонта лоруш ву. Цо мало ца йо дукха хабар дийца. Цхьа а маьIна долуш ца хуьлу и хабар. Цундела далош ду и кица.

Нехан куй айхьа баьккхича, хьайн куй чета болла.

Нахана ахь тешнабехк, зулам динехь, иза хьуна юхадоьрзур ду. Цунна кийча хилалахь, боху маьIна ду оцу кицанан.

Аьшпийн кIуьрехь бIаьргаш ца Iийжабо.

Харцдерг дуьйцучу стага бIаьргнегIар а ца тухуш аьшпаш бутту, бохург ду иза.

Зорбане кечйинарг – Б.ДУДАЕВА

 №100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: