(РСФСР-н хьакъйолчу артисткин Исаева Асетан 100 шо кхачарна лерина)
Нохчийн театр хьахийначохь, буьйса хазйина седа санна, вайх хIораннан иэсехь серла йолу РСФСР-н хьакъйолчу артисткин Исаева Асетан сийлахь цIе. Йоккха а, сирла а лар йитина цуьнан хьаналчу къинхьегамо вайнехан культурехь. Нохчийн зударех дуьххьарлерчу актрисех цхьаъ ю иза. Дала ца кхоош деллачу къегинчу похIмица дукха хьовсархойн самукъадаьккхина ю.
1915-чу шеран 5-чу сентябрехь дуьнен тIе яьлла Асет, шен да-нана даьхначу Лаха-Неврехь. Дех-ненах иза дукха жимчохь елира. Хьанна хаьа иза!? ИоьIан ирсана хила там бара Советийн Iедало мехкаршна дешар тIедожор. Юьхьанцара школа чекх а яьккхина, 15 шо а кхачале, Исаева Асет Соьлжа-Пала охьаеара совпартшколе деша. Кхузахь хаало цунна Нохчийн коьртачу шахьарахь болх беш театральни студи хилар. Мерза кхаъ хуьлий, къоначу деган мерзаш ловзадохуш, йоьIан сих кхета и сирла хаам. Цуьнан гергарло тасало къоначу студийцашца, йоIа тидамехь латтайо церан xlopa спектакль, цуь¬нан сакIамло сцени тIехь ша а зиэн. Студийцашна а хийра ца хета шаьш юьхьарлаьцначу некъах Iехаелла, шайца уьйр-марзо чIагIъяран ринжа лоьху и оьзда йоI.
Яндаров Мохьмад куьйгаллехь а волуш, 1928-чу шарахь болх бан йолаеллачу драмкружоках ду вай деш долу къамел. Бакъдерг билгалдаккха деза, цу хенахь драмкружокаш алссам яра Соьлжа-ГIалахь. Амма Исаева Асетана хууш хиллера ша гергарло хьаьнца лело деза. Корматаллица къаьсташ хилла хир ю-кх иза я нохчийн къоначу йоьIан дог кхиъна хилла хир ду, тIаьхьо кхоллам хилла дIахIутту йолу труппа хьалххе билгалъяккха, цуьнца шен дахар дуца муьлхачу aгlop коьжалг таса еза – бохура.
Мухха делахь а, 1931-чу шеран 1-чу майхь Яндаров Мохьмада куьйгалла дечу драмкружокана йоккха цIе тиллира «Нохчийн те¬атр» аьлла. Цигахь болх бан дуьххара билгалваьккхинчу 19 артистах цхьаъ Исаева Асет а яра – 16 шо кхачаза йолу нохчийн йоI. Дийнахь актеран говзалла Iамайора, Нохчийн къоман театр хилар дог реза дина тIеэцначу тобано, ткъа xlopa суьйранна, диллинчу сохьтехь, уьш сцени тIехь бара, шайн хьовсархойн самукъадаккха лаарца хьанала къахьоьгуш.
ХIетахьлерчу Нохчийчоьнан куьйгалло Бакухара вехна валийра Азербайджанехь гIараваьлла вевзаш волу режиссер Алили Мамед. Иза, кхоччуш театральни искусствон къайленаш шена йовзаре терра, вайн студийцин хьехамча вара. ЦIеначу даггара Iамайора Мамеда нохчийн театран къоначу тобанна сценически говзалла. Кхузахь билгалдаккха догIу актеран говзалла къоначу артисташна караерзо rloдарх Алилин декхарш чекхдовлуш цахилар.
Иштта кхио езаш яра нохчийн драматурги. Цу декъехь Iаламат жигара болх беш вара Бадуев СаIид, Алили Мамедан хаддаза долчу Iуналлехь. Цундела кхоллаелла аьлла хета студийцаша шена тIехь дипломни спектакль кечйина «ЦIен гIап» цIе йолу пьеса. 1933-чу шеран юьххехь цу драми тIехь болх беш яра нохчийн театран тоба, ткъа Исаева Асете кхаьчнарг Белитин роль яра. Цул тIаьхьа мел дукха яра уьш, сица луьттуш, дагах чекхйохуш Исаева Асета шена безачу хьовсархойн кхиэле ехкина ролаш. Цу хенахь Бадуев СаIида мел язйинчу пьесехь къегина похIма долчу актрисина тIейоьгIна язйина роль хуьлура. Исаева Асета лаккхарчу корматаллица тамехь васт кхуллура цу тIехь, иза хьовсархоша дезаш тle а оьцура. Делахь а, билгалдаккха догIу, веккъа цхьана Бадуев СаIидан драмаш тIехь спектаклаш хIиттийна Iийна яц нохчийн къоман театр. Шен кхоллараллин некъан юьххьехь дуьйна нохчийн театро шуьйра пайда оьцура кхечу къаьмнийн драматургих.
Къаьсттина йоккха меттиг дIалоцу театран репертуарехь гуьржийн драмо. Уггаре хьалха цу декъехь билгалъяккха йогIу Шаншиашвилис язйина «Анзор» цIе йолу пьеса. Цу тIехь нохчийн театро изза цIе йолуш хIоттийна спектакль Исаева Асета ловзийна роль бахьанехь боккхачу кхиамца гIараелира ерриге а Къилбаседа Кавказехь. Иштта, хьовсархоша езаш тIеэцначех яра Важа Пшавелин новеллаш тIехь Робакидзес язйинчу «Ламара» пьеси тIехь хIоттийна изза цIе йолу спектакль а. Амма шена Исаева Асетана езаш, дог реза дина цо ловзош хилларг «Майра Кикила» цIе йолчу спектаклера Марти роль яра, цунах тамаш бойла дац. Гамрекелин а, Нахруцашвилин а пьеси тIехь и спектакль хIоттийнарг дуьххьарлера нохчийн режиссер Батукаев ХIарон вара. Делахь а, Асетан йоккхаер цунах хилла ца lapa. Оцу спектаклан коьртачу ролехь Бадуев Мовжди вара, ткъа иза, кхуьнан хIусамда вара, театрехь болх бан Исаева Асетана некъ маьрша баьккхина. Тахана а хала ду нохчийн мехкаршна сцени тIе бовла. Ткъа цу хенахь?! Мел луьра зIараш дара царна дуьхьал лаьтташ.
Асетан вешина ца лаьара тIехь да воцуш йолу шен йиша театрехь болх беш ган. И бахьанехь хаддаза весаш хуьлура кхарна юкъахь, хийлаза йоI елхош. Театре болчу безамо схьакхоьхьуш яра Асет хIинццалц. Ткъа хIинца, марехь хилча, кхуьнан уггаре а чоьхьара верас хIусамда хуьлура. Иза кхуьнца сцени тIехь вара. Доккха ирс дац иза, цу челакхчу замане юхахьаьжча?! Дависарг, массо а ирс санна, доца хилир-кха. «Майра Кикила» хIоттийнарг 1936-гIа шо дара. Цу хенахь вовшахтоьхна яра Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а. Театрера къоначу артистийн йоккха тоба деша хьажийнера Тбилиси, ткъа цигара вехна валийнера режиссер Чхартишвили Арчил. Чхартишвилис хIиттийначу ерриге а спектаклашкахь коьртачу турпалхойн ролашкахь, садаlap хIун ду ца хууш, болх беш яра Исаева Асет. Иза йоккхаера шен балхах, кхерчах, хIусамдех, дашочу зIаьнаршца анайистехь лепаш йолчу сирлачу кханенах. Бакъду, декъазчу нохчийн къомана бодане кечйина хиллера и кхане.
1938-чу шеран юьххьехь дIайолийнера Бадуев СаIидан «ПетIамат» драми тIехь репетицеш. ХIетахь доьзалхочух хиллачу Асетана кхаьчнарг башха йоккха роль яцара цу спектаклехь. Ба¬дуев Мовжди Калин роль кечъеш вара. Автор волу Бадуев СаIид а, цу спектаклан режиссер хилла Батукаев ХIарон а дийнахь — буса театрера араволуш вацара, юх-юха пьеси тIехь болх беш, наггахь, репетици йоьдуш лаьтташехь, цхьадолу суьрташ юха яздеш меттиг нислора. Актерийн Iаламат самукъадолура жигара баьллачу балхах. Герга шершаш яра генеральни репетици хуьлу хан.
Батукаев ХIарона шен дагалецамашкахь билгалдоккхура: «Буса сахиллалц «ПетIамат» спектаклан генеральни прогон еш вара со, кхана хила езачу премьерина кечлуш. Сатосуш театрера аравелира, цIа а вахана, тIера духар мукъана хийца, аьлла. Гена валале энкэвэдешникашна тIеIоттавелира. Уьш, этIаеш, «ПетIамат» спекта¬клан кестта премьера хиларх хаам беш йолу афишаш схьайохуш бара. Со царна оьгIазвахана чутасавелира:
«Аш хIун до, йовсарш?! Уьш тхан театран афишаш ма ю. Тхан кхана премьера ма ю», – аьлла. Буьрса схьахьаьжначу энкэвэдешнико жоп делира: «Хир яц шун премьера кхана. Кхин СаIид Бадуев хир вац цкъа а. Вели иза шен националистски-буржуазни зурманаш лекхна». Сан дог шелделира. Ткъа Iуьйранна ерриге а Соьлжа-ГIала, зIуган бенах таръелла зийзаш яра, Бадуев СаIид лаьцна дIавигна, бохуш. Тхан премьера а шен ден мере яхара». – Вуьшта а хаддаза зийзаш йолчу Соьлжа-Палина мел боккха эшам белахь а, рогIера къаьхьа хаам а, гIайгIане дийцар хилла, дIадирзира иза. Ткъа Иса¬ева Асетан xlусаме беза бала а, ерза ца туьгу чов а хилла боьссира и шийла кхаъ. Бадуев СаIид а, цуьнца дIавигна, къайлаваьккхина Шарпудди а, Асетан хIусамден нанас дена вина ши ваша вара. Цу шиннах хилларг хIун ду хьажа тIаьхьаваханчу Мовждина а ЭНКВД-хь къиза йиттинера.
Дукхабезачу марвежаршка кхаьчна бохам а, хIусамдега боьссина сингаттам а, болх а, аганара бер а, кхерч а, – и дерриге а Исаева Асетан кочахь диснера. Иза уггаре а хьалха нохчийн зуда яра, гIиллакх-оьздангалла шен сица алссам долуш, марзхошка кхаьчначу балин деза дукъ, цаьрца цхьабосса декъа декхарийлахь йолуш. Цул сов, ваша воцуш кхуьучу кхуьнан шина йоьIан ши деваша вара и чувоьллина шиъ, цу балхо къаьсттина базбора кхайкхаза беана бала. Амма массо хIуманал Асетан садууш хилларг, шина вешин сингаттамо самалдина Мовжди маларехьа валар дара. Зудчунна Iаламат хала дара, ша, церга балда лаьцна боьттинчу кхерчан, коьрта гIортор галъялар. Асетана хаьара, ша осалъялахь, доьзал дуьне ма-дду боьхна, баьржина дIасагIур буйла. Жима йолуш дуьйна хьекъалца а, собарца а къаьсташ хилла йолчу Асета, къар ца луш, текхайора шен кхерчан ворда, йохьах ца юхуш, архаш шен буйнахь къуьйлуш. Мисканна хууш хиллера, къизачу дахаро кхин а чlorIа инзаре киртигаш шена кечъян тарлойла.
1941-чу шарахь тIом белира. Цу халачу муьрехь артистка йолчу Исаева Асета юьхьардерзийра тIеман некъаш. Концертийн бригада кхоьллира нохчийн театрехь. Эсамбаев Махьмуд, Татаев Ваха, Зубайраев ЯрагIи, Исаева Асет, Мустапаева Хьулимат, Ташухаджиева Асет, Айдамирова Марем, иштта дуккха а кхиболу вайн артисташ хаддаза лаьттира концерташца тIеман аренашкахь. Хийла майрачу бIаьхочун дог ира-кара хIоттийна цу тобано шайн хелхаршца а, иллешца а. Амма церан хьанал къинхьегам тидам боцуш битира дерачу Даймахко.
Дерриге а нохчийн халкъана къизачу шелонца цIевзина еанчу 1944-чу шеран 23-чу февралан Iуьйранна шен къомаца махках яьккхира нохчийн театр а. Шен жима ши йоI Тамарий, Раисий карахь-марахь йолуш, къаьхьачу къурдашца хорамаш Iуьйшуш, сил дукха еза Нохчийчоь йитина, цу буьрсачу новкъа елира Исаева Асет а.
1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо яьлча, массарел хьалха цIа еана, йогIуш лаьтташехь, шена дукхаезачу театре еара Асет. Цу 1957-чу шарахь меттахIоттийначу Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалло, культура йоцург къам доцийла хууш, кегийрхойн тоба кечйира Ленинградерчу театральни институте деша яхийта.
Исаева Асета шен кхиъна йогIу ши йоI – Тамарий, Раисий – туьйхира оцу тобанах дIа. Ткъа иза ша а, цуьнан хIусамда Бадуев Мовжди а юха денлучу къоман театрехь лераме меттиг дIалоцуш, болх бан дIадоладелира. Театро карлайоккху «Майра Кикила» цIе йолу спектакль. Хууш ма-хиллара, xlapa шиъ цу спектаклехь дакъалоцуш хиларе терра, иза боккхачу кхиамца тIеоьцу хьовсархоша. Иштта карлайоккху азербайджански драматурган Гаджикасимов Узейран музыкальни комеди тIехь хIоттийна «Аршин Мал-Алан» цIе йолу спектакль а. Нохчий цIера бахале и спектакль хIоттош Исаева Асетах тешийнарг лирически кепехь, кхиъна догIучу зудаберан роль хиллехь, хIинца гIеметта хIоьттинчу актрисас ловзош ерг коьртачу турпалхочун Аскеран дейишин Децин роль яра. Кхузахь гучуевлира Асетан корматаллин комически таронаш. Уьш доза доцуш шуьйра а, кIорга а хиллера. Хан дIаиккхина зуда ша елахь а, Децин самукъадолура хелхарх а, забарх а, зевнечу мукъамех а. Дала делла дахар, деза совгIат хетачех яра цу спектаклехь Исаева Асетан турпалхо. Къегина басарш ца кхоадора актрисас и тайна васт хьовсархошка дезаш тIеэцийта.
1939-чу шарахь нохчийн къоначу яздархочо Музаев Нурдис, режиссера В.Вайнштейна гloа деш, язйинчу пьеси тIехь театро хIоттийначу «Мекхаш-Мирза» спектаклехь хьовсархошна тосаелла комедийни таронаш, ондачу ницкъаца карлаевлира актрисин «Ар¬шин Мал-Алан» цIе йолчу спектаклехь. Оцу кхиамо дегайовхо кхуллура режиссерийн дегнашкахь.
БIаьрла дара, хIинцалц шен хIусамден, халкъан артистан Бадуев Мовждин кхиамийн IиндагIехь къийлаелла Исаева Асет, комически жанрехь, массо зIараш кегдеш, тIома йолуш хилар. Иштта хилира азербаджански драматурган Шамхаловн пьеси тIехь нохчийн театро хIоттийначу «Марнана» спектаклехь а. Кхузахь синтем боцу Деца Жанати хилира Исаева Асетах. – Несана реза йоцу марнана. Шен цхьаъ бен воцу кIант Ильгар дакъаза ваьлча санна хета, актрисас говза ловзочу турпалхочунна. Кхуо хала ма кхиийнера иза, тIехь да воцуш, ткъа хIинца муха тешор ву иза арахьара тIееъначу зудчух?! Амма эвхьазъяла кечъелла марнана сихонца меттаялайо кIентан кадечу доттагIаша. Иза дерриге а самукъанечу забаршца, бехке доцчу хIилланца, хьаналчу дахаро кхуллучу цIеначу безамца.
Де дийне мел дели, бIаьстенан заза санна, къегина похIма серладуьйлуш схьайогIучу Асетан корматаллина тIейоьгIна пьесаш язъян буьйлабелира Нохчийчуьра драматургаш: Мусаев Мохьмад («Цхьана юьртахь»), Музаев Нурди («Уггаре а хьомениш»), Хамидов Абдулла («Мохсолтин доьхна де»), иштта дуккха кхиберш а. Уьш ерриге а нохчийн театро хIиттийна спектаклаш ю. Исаева Асет царна массарна юккъехь боккхачу кхиамца дакъалаьцна а ю. Делахь а цхьа роль ю оцу башхачу актрисин репертуарехь шех къаьсттина дийца дезаш. Иза вайна массарна дукхаезаш йолчу «Бож-Iела» спектаклера Маймин роль ю. Изза цIе йолуш Хамидов Iабдуллас язйинчу пьеси тIехь режиссера П.Харлипа хIоттийра дуьххьара и спектакль.
Нохчийн театр кхоллаелчхьана «Майра Кикила» цIе йолу кхин цхьа спектакль яра иштта боккхачу кхиамца вайнехан сцени тIехь гайтина. Амма «Бож-Iела» спектакль, вайна массарна хууш ма-хиллара, цул тIехъелира шен кхиамца. Лаккхарчу тIегIанехь актерски говзалла йолу актерийн ансамбль яра цу спектаклехь: Давлетмирзаев МутIелип, Дениев Iальви, Зубайраев ЯрагIи… Царна массарна тIе бIиллиг дуьллуш яра Исаева Асет.
Луучунна карор-м дера ду цу пьеси тIехь алссам кхачамбацарш. Масала, марвешин кIанта шен девешех йисинчу зудчунна захало дийцар нийса ма дац нохчийн гIиллакхашца. Делахь а, вай дIа могуьйту, буьйцу мотт а, актераша шайн хьуьнарш ца кхоош, кхоьллина васташ ваьшна товш, самукъане, чомехь долу дела. Ткъа Исаева Асетан Маймина-м вай хIуъу гечдийр дара, дукха догах, забаре басарш ца кхоош, актрисас и васт кхолларна.
Дуьххьара сцени тIехь Майма гучаяьлчхьана гуш ду, диканан дакъа цунна кIезиг дайна хилар. Сибрехара цIадоьрззушехь xlyсамда веллачух тера ду, доьзал бац. Йиш-вешех виснарг a xlapa къаьркъанча марвешин кIант, дуьне гездеш ваьлла лела цхьа марваша Абубешар а. ТIаккха пал тесна а, жинашна шун xloттo деза аьлла, нах Iехийна а, шена яа сискалан юьхк яккха юлу иза. Цу хенахь юьртахь бехачу нохчийн зударшка кхочуш хиллачу дояркин балха яха а жима яц. Бабацица йохье юьйлуш, буракаш лело догдогIуш яц. Маттана шера, забарна тIера ю, маре а новкъа дац, шай-кай йолчу Сутарбига яха муххале а мегар ду, убар санна чуерза а ма дац атта. Иштта чолхе амал, мел къегина кхоьллина васт ду иза, сирла басарш ца кхоош. ДогъIаьржа яц Майма, шен ца нисделлачу дахарна тийжаш яц, олучу дашна кисана кхийдаш яц. Цундела еза иза хьовсархошна, цуьнан дукхах йолу репликаш халкъан кицанаш хилла дIахIиттина. Нохчийн сийлахьчу актрисин доза доцу корматалла, къегина похIма бахьанехь ду аьлла хета иза, дукха хьолахь.
Ловзийна дера Исаева Асета-м кхечу къаьмнийн драматургаша язйинчу пьесашкара ролаш а. Островский, Чехов, Шиллер, Гарсия Лорка, Мольер, Шекспир… – уьш берриге а Исаева Асетана дукхабезаш авторш бара. Церан пьесашкахь цо кхиамца ролаш ловзийна. Делахь а Исаева Асет шен сица, цIийца, леларца, духарца, хотIаца, нохчийн актриса, нохчийн зуда яра. Мел къегина гуш дара иза Чахкиев СаIида, Русаков Геннадийс дакъалоцуш, язйинчу «КIентий хIалакьхуьлучу хенахь» цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийнчу спектаклехь. Ненан роль яра Исаева Асета цу спектаклехь ловзийнарг. ТIеман къизачу цIаро багош бу Даймохк. Хала ду иза муьлххачу яхь йолчу зудчунна лан. Кхин а хала ду, ша бина кIентий, цу тIаме дIахьовсо. Лаамаш, декхарш, галморзах дуьйлу и чолхе сурт говза хIоттадо Исаева Асета, турпалчу ненан кIентий а турпала хила безий хоуьйтуш.
Иштта, ненан васт кхуллуш яра Исаева Асета «Лийрбоцурш» цIе йолчу спектаклехь ловзийна Бикатун роль а. ТIам тIе ваханчу Нурадилов Ханпашина езаш хиллачу Каметин нана ю иза кхузахь. Юха а трагедига кхийда лакхара драма. ТIеман хьаьттана дукха генахь йолчу нохчийн юьртахь, герз тухий, хIалакйо жималла, хьошу заза хеца кечбелла безам. Хьере хуьлу нана. Дукха нохчийн турпала кIентий мостагIех леташ болуш, бехк боцуш махках даьккхина къам дагадогIу кхузахь. Актерийн говзалло, тIеIаткъам беш, цхьана гурашка гулйо и яьржина ойланаш. Актрисин шовкъечу ловзаро дуьхе кхиаво сцени тIехь алаза дисинчух, цу хенахь хьахо йиш йоцуш, луьрачу Iедало дихкинчух, гойту мел оьшу а шуьйра диапазон йолуш Исаева Асетан актерски таронаш хилар. Иза даима тидамехь латтадора цуьнца болх бечу режиссераша. Хаддаза керла ролаш кхийдайора говзачу актрисе, Iедало а терго йоцуш ца юьтура и оьзда зуда.
Цо бинчу белхан лаккхара мах хадош, шовзткъа шарахь гергга нохчийн театран сцени тIехь цо бина болх билгалбоккхуш, «РСФСР-н хьакъ йолу артистка» сийлаллин цIе тиллира Асетана. Цу хенахь ши йоI Тамарий, Раисий яра кхуьнца болх беш. Хетарехь, жимчохь ша юьхьарлаьцначу Iалашоне кхаьчнера иза, дахаро ца хьистинехь а. Делахь, яла къена яцара Асет. Къизачу лазаро лоцуш 55 шо бен дацара цуьнан. Кхоллараллехь гIеметта хIутту хан, керлачу анайистошка деган йовхонца бIаьрг туху мур. Амма Исаева Асет, нохчийн зуда яра, шен къомо хи ма хIутту, лайна ха- лонаш, цуьнца цхьабосса екъна, алссам къаьхьа къурдаш дина, цара яхь йолчу дагна инзаре ондда ницкъ бина, хеназа тишъеш.
1971-чу шеран 5-чу мартехь детталучуьра сецира Исаева Асетан дог, нохчийн театральни искусство байлахь а юьтуш. Дала декъалйойла иза! Вайн дегнашкахь-м даима а самукъане, сирла дуьсур ду Асетан оьзда амат, заманан йохалла дицдала йиш йоцуш. Иза юьззина нохчийн зуда ма яра, тIаьхьарчу тIаьхьенаша шех масал эца хьакъ долуш, доьналлех ца юхуш, дуьненан бала, бIаьрнегIар ца тухуш, лайна, нохчийн зудчуьнгахь товш йоцчу осалаллех ларлуш чекхъяьлла. Кху шарахь 100 шо кхочур дара цуьнан. Амма иза вайца йоцу 40 шо сов зама дIаяьлла. Делахь а вайца даха дисина корматаллин лаккхарчу тIегIанехь цо кхоьллина сирла васташ. Нохчийн къоман театральни искусствон беркате хазна хилла дIахIиттина уьш. Церан серлоно заманан йохалла къагийна латтайо нохчийн бакъйолчу актрисин сийлахь цIе.
ГАЗИЕВА Аза
№100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо