(6-гIа сентябрь – Республикин бахархойн барт хиларан а, цхьааллин а де)
Республикин де тIекхачале жимма хьалхо тхан корреспондент цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Ханна йолчу Администрацин коьрте Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хIоттийначу хьалхарчу деношкахь дуьйна цуьнан тешаме некъан-накъост хилла чекхваьллачу Жамалдаев Шаидца. Карарчу хенахь иза Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель ву. Тхайца хилла цуьнан къамел довзуьйту оха тахана шуна.
– Шаид, хууш ду Республикин де (Нохчийн Республикехь гражданийн барт хиларан а, цхьааллина де) Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 2002-чу шеран 4-чу сентябрехьлерчу шен Указца (№59 йолчу – тIетуьйхира Ш.жамалдаевс) кхайкхина хилар. Хьо хIетахь цунна уллехь хилла ву. Вайшиннан къамел долош, доцца дийцахьа Ахьмад-Хьаьжа хьан иэсехь муха висина?
– Цхьана дашца аьлча, Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) вуьззина къонах вара, доьналла долуш, майра волуш, мехкан, халкъан дуьхьа долчунна тIехь, озавелла, юха а вер воцуш. Цунах бакъволу халкъан баьчча винарг, сан кхетамехь, цуьнан нигат, Iалашо цIена хилар дара, шега кхаьчначух цуьрриг куралла яр а доцуш, и дIакхехьа бусалба динан а, дуьненан а Iилма а долуш. Дала делла хьекъал долуш стаг вара. Айхьа ойла ехьа. Ю боххучу пачхьалкхийн куьйгалхошца, бевзаш болчу политикашца, Iеламнахаца цхьаьна охьахийша а, цхьанийсса къамелаш дан а, оьшучохь догIу дош ала а, Iедалан гIуллакхаш къасто а атта дац. Вайна гина ду-кха Ахьмад-Хьаьжа оцу гIуллакхашца муха ларавора. Хийрачу махкара веанчу лаккхарчу Iедалан гIуллакххочуьнца а, ламанан кIотарара веанчу могIарерчу ахархочуьнца а цхьатерра бийца мотт а, лелон гIиллакх а дара цуьнгахь. Адамехь хила йогIу ерриге а адамаллин амалш шеца йолуш, воккхачуьнца воккха а, жимачуьнца жима а волуш, забарх кхеташ, ша хаза забар а еш, халкъа юкъара схьаваьлла халкъан кIант вар-кха Ахьмад-Хьаьжа.
– Республикин тIегIанехь билгалдохуш дуккха а дезденош ду вайн (Нохчийн меттан де, Машаран де, Нохчийн зудчун де, иштта кхин а) Республикин гражданийн барт хиларан а, цхьааллин а де дуьххьара кхайкхийнчех ду. Ларамаза дуй-те иза?
– Дац. Хьажал хьо, оцу шерашка юхадирзича хIун го вайна? А.-Хь.Кадыровс, къастам боллуш, дIакхайкхийнера шен коьрта Iалашо: «Гуттаренна тIом сацош, маьрша Нохчийчоь кхоллар». Болх бан юьйлаеллера министерствош, ведомствош, бакъонашларъяран органаш, дешаран, культурин, социальни хьашташ кхочушдаран учрежденеш, амма хIинца а дIайоьдуш контртеррористически операци яра, республика тIеман саьлнашкахь Iуьллуш яра. Маьршачу дахаран мостагIаша а, федеральни эскарийн векалша а деш даккхий зуламаш дара, халкъ декъаделла дара. Ахьмад-Хьаьжас кхайкхийначу Iалашоне кхачархьама, уггаре а хьалха, референдумехь тIеэца дезара Коьрта закон (Конституци), халкъо и харжам биначул тIаьхьа, Конституцин буха тIехь республикин кхочушдаран а, законаш тIеэцаран а керла Iедал кхолла дезара. Оцу хьелашкахь уггаре а чIогIа оьшург нохчийн къоман а, республикехь дехачу дерриге а къаьмнийн а барт хилар дара. Со тешна ву, цунна дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен Указца и Де кхайкхор а.
– Барте дуьйла бохуш, мел чIогIа хабарш дийцарх, цхьана къома юкъахь а, цхьана республикехь дехачу къаьмнашна юкъахь а барт хир бац, цунна лерина билггал гIуллакхаш дацахь. ХIетахь а, хIинца а къоман барт хилийтарна хIун оьшу?
– Бакъду иза, вайн халкъалахь олуш ма-хиллара, хабарех худар хуьлуш дац. Халкъа юкъахь барт хилийтархьама, массара а сатуьйсуш йолу цхьа коьрта Iалашо, цхьа къилба билгалдан деза. ХIетахь, 2002-гIа шо ду-кха вай дуьйцург, тIеман хиламех, республикехь Iоттабаккхаме хьал латтарх цхьаболчу нахана (вайн махкарчу а, цуьнан дозанел арахьа а болчу а) «шура» йогIуш хиллехь а, республикера дукхах болу бахархой, маьршачу дахаре сатесна бара. Цундела цара дукха чIогIа сатуьйсург дара Ахьмад-Хьаьжас дIакхайкхош дерг. Цул сов, барте кхойкхуш верг а хила веза шех тешо хууш а, шен нигат, Iалашо цIена йолуш а. Мила ву а, мичара ву а, муьлхачу орам тIера ву а хууш, шен нигат цIена долчу нахах вара Ахьмад-Хьаьжа. Шена тIаьхьахIиттинчаьргахь а, тIаьхьахIитта-те я ма хIитта-те бохуш, ладоьгIучаьргахь а цо цхьа а шеко ца юьтура, мехкан а, халкъан а дуьхьа вала а кийча волуш, ша хьалхаваьлла хиларх. Цундела цуьнан бакъо яра халкъе, цхьаъ хилий дIахIотта бохуш, кхайкхамаш бан.
Цул сов, Ахьмад-Хьаьжина дика хаьара нийсонан буха тIехь бен барт хуьлийла доций. Цундела цо бакълере кхойкхура. Вайна дага ма догIу цкъа цхьана гуламехь, шен къамел дерзош, цо аьлла «Дала бакъо толайойла!» дешнаш. Вуьшта аьлча, хIетахь а, хIинца а, нийсо а, бакълер а доцчохь барт хуьлийла дац.
– Къоман политикина гена стаг вац хьо, мелхо а и политика дахарехь дIаяхьарехь жигара дакъалаьцначарех ву. «Къоман политика» а, «къаьмнийн цхьаалла» а кхетамашна юкъахь хIун уьйр ю?
– Цхьаъ вукхунах къасто йиш йоцуш ши кхетам бу-кха и шиъ. Нийса дIахIоттийна къоман политика йоцчохь къаьмнийн цхьаалла хир яц. Дуккха а къаьмнаш дехачу йоккхачу пачхьалкхехь дехаш ду вай. Россин наггахь а регион яц шена чохь бехаш нохчий боцуш. Цундела вайна оьшуш ду луларчу къаьмнашца а, Россин кхечу регионашца а экономикин а, культурин а, доттагIаллин а уьйраш лелор а, уьш чIагIъяр а. Вайн хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалйинчу къоман политикин цхьа агIо ю иза. Оцу политикин шолгIа агIо ю Нохчийчохь дехачу къаьмнашна шайн кхиарна цхьатерра хьелаш кхоллар. Масала, нохчийн къомана шен кхане хилийтарна хIун оьшу? Уггаре а хьалха шен мотт ларбар а, кхиор а оьшу. Шен ламасталлин культура, истори йовзар а, шен дешар, Iилма кхиор а, тIекхуьу чкъор ийманехь, дайн гIиллакх-оьздангаллин гурашкахь, патриотически дог-ойланехь кхетош-кхиор а оьшу. Изза оьшу кхидолчу къаьмнашна а. Къоман политикин коьрта Iалашо ю оцу гIуллакхашна оьшу хьелаш кхоллар. Республикехь дукха гIуллакхаш до вайн чохь дехачу къаьмнашна юкъара доттагIаллин уьйраш чIагIъярна а, ламасталлин культураш вовшашна йовзийтарна а, хIора къоман шатайпаналла ларъярна а тIехьажийна. Масала, кхиамца болх беш ю оьрсийн, жIайхойн, гIумкийн, ногIийн, гIезалойн культурин-этнографин туьшаш, сих-сиха дIахьо тайп-тайпана фестивалаш, гайтамаш, конкурсаш. Къаьмнаш цхьаьна лулахь дехачохь царна шайн дин лелорна а, культурин хьашташ кхочушдарна а, дешарна а оьшу хьелаш кхоьллина. Къаьмнийн барт а, цхьаалла а чIагIъярна тIехьажийна шен дас дIаболийна некъ республикин таханлерчу Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нийса, мал ца беш, дIакхехьаро республикехь барт а, халкъийн цхьаалла а хиларна тIе даладо.
– Вон къаьмнаш хуьлуш дац, делахь а вайн къоман сица, амалца долуш санна хетий хьуна кхечу къаьмнийн а, динийн а векалшца вай ийна, тIе-каре, уьш ца къестош хилар, хIинца олуш ма-хиллара, цаьрца «толерантни» юкъаметтигаш хилар?
– Цхьа бух болуш ду ахь дуьйцург. Хьажал вайн цIершка: Гуьржи, ГIебарто, НогIи, Соьли, Узбек, Киргизбай, Урус, Iаьрби, Украин. Дукха хан йоццуш хиъна суна Япон цIе йолуш стаг хилар а. Барта кхоллараллехь дукха иллеш, дийцарш ду кхечу къаьмнийн векалшца хиллачу доттагIаллех дуьйцуш. Оцу дерригено а хIун гойту? Дера гойту вайн шайца гIуллакхан юкъаметтигаш еанчу къаьмнашца вай доттагIаллин уьйраш лелийна хилар, къаьмнашца мостагIаллаш вай лелийна цахилар. Поэтан дешнашца аьлча, «цхьана а къоман къонахчуьнца гамо ца лелийна» вай хьалха а, я хIинца а. Цунна цхьа масал ду хьуна Шайх Мансуран заманахь нохчийн юьртана тIелеттачу оьрсийн эскаран отрядаца хиллачу тIамехь хала чов хилла кара веана эла Багратион, нохчаша, Соьлжех а воккхий, оьрсашка дIавалар. Вуьшта аьлча, бусалба динца а, нохчийн Iадаташца а данне догIуш дац, кхечу къомах я кхин дин лелош вара аьлла гIийлачунна ницкъ бар.
Къоман маршо хьошуш, мохк дIалацаран Iалашонца веанчуьнца луьра, юха ца бовлуш, шайн синош ца кхоош, тIемаш бина нохчаша, амма машарца, маслаIатца, гIо оьшуш веанарг, тайпа-тукхаман ваша вой, тIеоьцуш а хилла (цунна дуккха а масалш далийра Шаида, амма ас уьш, къамел дах ца дан, дагар ца деш дуьту авт.).
– 2002-чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Республикин де кхайкхош хилла ойланаш, Iалашонаш нийса хиларан тоьшаллина хIун масалш далор дара ахь?
– Цунна масалш далош къахьега а ца оьшу. Жимма иэс ирдина, 2002-чу шарахь хилла сурт таханлерчу суьртаца дуьстича гуш ду, башхо стигланний, лаьттаний юкъахь санна хилар. Хьовса вайн ирхъяханчу гIаланашка, цIинъеллачу ярташка, дин лело, деша йолчу таронашка, дIасаваха йолчу паргIатоне, дешаран, культурин учрежденийн гIишлошка, садаIаран-самукъадаккхаран меттигашка. Кхин а мел ду уьш дагардан. Оцу кхиамашка вай кхаьчна хир дацара хIетахь къам шех тешош, шена тIаьхьахIотто Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьекъал а, хьуьнар а ца кхаьчнехь…
Хилларш, лелларш дукха сиха диц до вай. Таханлерчу маршонах ирс оьцуш, вай дагахь латто деза хIокху паргIатоне кхачош, эзарнаш вайн вежарша шайн синош дIаделла хилар. Вайн дицдан йиш яц, хIетахь а санна, барт а, къаьмнийн цхьаалла а вайна тахана а оьшуш хилар – иза вайн кхане ирсе хирг хиларан закъалт ду. Муьлххачу а юкъараллин чIагIо хIора доьзалехь барт, ийман хиларх йоллу. Цундела дезачу денца Нохчийчоьнан бахархой декъалбеш, даггара ала лаьа: «Дала барт цхьаъ бойла вайн».
Къамел дIаяздинарг – Хь.АБОЛХАНОВ
№100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо