Нохчийн къоман мехкарийн дешарна тIехь шен заманан цхьа дакъа дIалаьцна яра «Мехкарийн 15-гIа школа-интернат». Юккъера школа чекхъяьккхича, лаам болчунна, юьхьанцарчу школехь болх бан хьехархой Iамабора цигахь. Ала деза, оцу заманан лехамашна жоп лун хаарш лора интернатерчу «педклассо». Цигахь дешна, 1966-чу шарахь, ша ехачу СемаIашкарчу бархIшеран школе хьехархо еара къона Эстамирова Серижа. Заочно деша а хIоьттира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан «Юьхьанцарчу классашна хьехаран методика а, педагогика а» факультете. Ша дуьххьара деша яхначу а, дуьххьара белхан некъ болийначу а школехь цхьана шарахь болх бина, дахаран дIахIоттам хийцабаларна, 1967-чу шарахь, ТIехьа-Мартан №1 йолчу школе юьхьанцарчу классашна хьеха йолаелира. Ткъа кху тIаьххьарчу 35-тта шарахь Серижа къахьоьгуш ю ТIехьа-Мартан №4 йолчу юкъарадешаран школехь. Кхушара цуьнгахь 2-гIа класс ю. Дешаран керлачу стандартийн буха тIехь болх беш ю иза хIокху классехь.
– Серижа чIогIа лехаме, цхьа тамашийна шен балхана чу садиллина хьехархо ю, – дийцира цунах лаьцна школин директора Хатуева Зинас, – иза хьехархо-говзанча, хьехархо-хьехамча, доцца аьлча, Дала хьехархочун-похIма делла стаг ю. Цунах Iема тхан къона хьехархой. Серижас Iамийна 4-гIа класс схьаэцар боккха аьтто хетта а ца Іаш, сийлалла хета тхан хьехархошна, уьш кIорггера хаарш а, лаккхара низам долуш а хиларна. Доцца аьлча, тхан йоцуш ца торуш хьехархо ю-кх Серижа!
КIезиг болх бац цкъа а са ца доIуш, кIордийна а дIа ца тосуш, 47 шарахь хьехархочун болх бар. Цунах дерг шега хаьттича, Серижас, ойла ца еш, жоп ло: – Бераш дукхадеза суна. Къона йолуш-м балха тIера мукъа хан хилахьара олий а хетара, ткъа хIинца, ши-кхо де даьлча, сагатло «сайн берашна».
Шен берийн хаарш а гайтира цо: «Муьлхачу махкахь дехаш ду вай?», «ХIун цIе ю вайн коьртачу шахьаран?», «Мила ву Россин Президент?», «Мила ву Нохчийчоьнан Куьйгалхо?», – оцу тайпана хаттарш дира берашка, цара сихха жоьпаш а лора.
– ФГОС юкъаялоро гIо дина я новкъарло йина? – шега хаьттича, цо дийцира:
– Муьлххачу а заманан шен лехамаш бу. Дешаран Iилманехь, хIетте а, уьш кест-кеста а, керл-керла а хила безаш бу. Со болх бан йолалуш кхин аьттонаш, кхин таронаш, кхин лехамаш бара школерчу дешаран. Ткъа тахана, хьайн белхан охIла хьо велахь, болх ца балуш вуьсур вац, амма алапа алсам ду хIинца школехь аьлла, хьо школе вагIахь, харцо хила а там бу. Школа вайн кханенан дахаран декъашхой, цуьнан дIахIоттаман бухбиллархой кхиош йолу меттиг ю. Цунна тIехь вайн Куьйгалхочо ма-баххара, гIиллакхца, оьздангаллица, яхь-юьхь йолуш, шен къоман дерг коьрта лоруш болу кегийрхой, къона тIаьхье кхиор коьрта ду. Оцу некъана аьттонаш кхуллуш ду школера таханлера хьал. Цхьа хьехархо, цуьнан дийцар хилла ца Iа хIинца урокехь. Электронни технологешца баккхий аьттонаш бу хьехархошна. Интерактивни у тIехь болх баро таро ло вайн зама, дахар, дуьне кхиаре терра, дукхе-дукха хIуманаш довза а, цаьрга нийсса берийн кхетам кхион а. Къоначарна-м, хIетте а, чулацаме хета хIинцалерчу дешаран декъера керланаш, тхо, даккхийнаш а декъехь къахьоьгуш дохку. Дала аьтто бойла вайн хьехархойн, вешан къоман керла тIаьхье къоман долчуьнца, заманца йогIуш кхио, кхето.
Серижа цуьнан куьйгалло бакъйолу хьехархо ларар эрна дацара. Иза районан дешаран декъехь дика вевзаш хиллачу хьехархочун Батучаев Муслиман доьзалехь кхиъна. ХIара йоцуш, кхин ши йиша а ю кхеран доьзалехь хьехархо, ткъа Серижин шен доьзалехь а ши йоI ю хьехархо. Къоман кхане кхиорна юккъе йоккха хазна йиллинчех бу уьш.
Т.САРАЛИЕВА
Авторан суьрта тІехь: С.Эстамирова урокехь