Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа куьйгалле веачахьана меттахIотто йолийра вайн республикин гIаланаш, ярташ. Иза кхелхинчул тIаьхьа цуьнан некъ дIакхоьхьуш, сихачу боларца Нохчийчоь кхиош, хазъеш ву цуьнан кIант, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. 2000-гIа шераш дуьйладелчахьана хIора шарахь масех а йоьллуш, керла гIишлош, культурин, спортан, социальни дахаран, дешаран, могашалла Iалашъяран, кхийолу а объекташ схьайоьллуш ю Нохчийчохь. Царех цхьаерш тахана карлайоху вай…
2004-чу шарахь Россин Президентан В.Путинан тIедилларца Соьлжа-ГIалахь А.-Хь.Кадыровн цIарах стадион ярна федеральни бюджетера ахча билгалдаьккхира. Федеральни Iалашонан программица догIуш, 2006-чу шарахь долийна пхеа шарахь дIадаьхьира цуьнан гIишло яр. 2011-чу шеран май баттахь схьайиллира «Ахмат-Арена» спорткомплекс.
2006-чу шеран 2-чу ноябрехь Нажи-Юьртан районан Мескитахь халкъан яздархочун А.Айдамировн цIарах Литературин-мемориальни музей схьайиллира. Нохчийн Республикин Къоман музейн филиал ларалуш ю иза.
2006-чу шарахь дан долийна а, 2008-чу шарахь схьадиллина а ду дуьненахь а уггаре а даккхийчарех долу «Нохчийчоьнан дог» исбаьхьа маьждиг. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А.-Хь.Кадыровн цIарах долу иза итт эзар сов стагана лерина ду.
2007-чу шарахь ян дагалаьцна а, йолийна а яра 2011-чу шеран 5-чу октябрехь Соьлжа-ГIалахь схьайиллина йолу яккхийчу гIишлойн «Грозный-сити» комплекс. Цунна юкъадогIу 40 гIат долу хьешийн цIа, 30 гIат долу офисан туш, 28 гIат долу 3 а, 18 гIат долу 2 а петарийн цIенош.
2008-чу шарахь тойина тIамо йохийна лаьттина Х.Нурадиловн цIарах йолу Нохчийн пачхьалкхан драмтеатран гIишло. Керлачу гIишло чохь дуьххьара хIоттийнарг вайна массарна дика евзаш йолу (Хамидов Iабдул-Хьамидан пьеси тIехь кхоьллина) «Бож-Iела» спектакль яра. Билгалдаккха деза, тIеман шерашкахь а, шен гIишло йоццушехь, болх сацийна бацара театран коллективо.
2011-чу шеран сентябрь баттахь Итон-Кхаьллан районехь схьайиллина Хь.Исаевн цIарах йолу мохкбовзаран «Пхьакоч» музей. Юкъарчу бIешерийн историн-архитектурин комплексан буха тIехь меттахIоттийна ю иза. Музейн комплексана юкъайогIу масех бIов, тIеман гIала, хин хьер, тIулгийн гIишлош, и.дI.кх.
2012-чу шеран 21-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь схьайиллира Республикин тIеман ветеранийн клинически госпиталь. 290 стаг дарбадайта охьавижа меттиг ю госпиталехь. 300 стаг дийнахь тIеэца таро йолуш поликлиника ю цуьнца цхьаьна.
2013-чу шеран 23-чу мартехь Соьлжа-ГIали юккъехь дуьххьара неIарш схьайиллира республикин Къоман библиотекин керлачу гIишлоно. Оццу шеран 30-чу октябрехь Айдамиров Абузаран 80 шо кхачарца доьзна, халкъан яздархочун цIе тиллира библиотекина.
2014-чу шеран октябрь баттахь Нохчийн Республикин Веданан районехь схьайиллира спортан-туризман «Къоьзан Iам» комплекс. Туристашна а, спортсменашна а тоьлла хьелаш кхоьллина цигахь: 103 стагана лерина 58 чоь йолуш хьешийн цIа а, доьзалшна лерина 40 стаг чутарваллал дечиган цIенош а (люкс-коттеджаш а, vip-коттедж а), маьждиг, ресторан-музей, йоккха спортзал, спортан майда, хикеманахь хахкавала йиш йолуш меттиг а.
2015-чу шарахь Нохчийчохь схьайиллинчу объекташна юкъахь ю Итон-Кхаьллан районан КхокхатIахь, Орга хи тIехь электроэнерги йоккхуш йолу республикехь дуьххьарлера станци. 1,2 мегаВатт ницкъ болчу гидроэлектростанцис ламанан масех районна электроэнерги латтор ю, цул сов, 15 стагана белхан меттиг а хир ю цигахь.
2015-чу шарахь баккхий кхиамаш баьхна республикехь дешаран дакъа кхиорехь а. Иштта, дешаран керла шо долалуш республикехь схьайиллина керла 10 школа: Царна юкъахь ю Соьлжа-ГIалахь схьайиллина химин Iилманийн докторан Хь.Ибрагимовн цIарах № 1 йолу математикин школа. Иза 720 меттигна лерина ю. Цул сов, карара шо чекхдалале кхин 19 школа а схьайоьллур ю республикехь.
Материал кечйинарг – А.ВАХАЕВА
№100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо









