Цхьа-ши дош…

Малайзи пачхьалкхана уллехь хIордкема доьхна. Цу тIехь хиллачу пассажирех 32 велла, бисинарш кIелхьарбаха аьтто баьлла.

***

Нигерерчу цхьана юьртана тIелетира «Боко-Хьарам» боламан гIеранаш. И бахьанехь бIе гергга маьрша стаг кхелхина, чевнаш хилларш а бу.

***

Камерунан къилбаседехь эккхийтар дина экстремисташа. И зулам дича лаххара а 30 стаг кхелхина, чевнаш хилларш иттаннаш бу.

***

Чинехь дIаяьхьира дуьненан шолгIа тIом чекхбаьлла 70 шо кхачарна лерина тIеман парад. Цигахь дакъалецира Россин эскаргIуллакххоша. Параде кхайкхинера 49 пачхьалкхан куьйгалхой.

***

Францерчу фермерша ши де хьалха юха а забастовкаш йолийра. Цхьа эзар гергга трактор Париже боьдучу некъа тIе яьккхина цара. Фермерша лоьху юьртабахаман сурсатийн мехаш лакхадахар, налогаш лахъяр а.

***

Африкин а, Герггарчу Малхбален а пачхьалкхашкара чутаттабеллачу мигранташна дуьхьал дан хIума доцуш, гатбелла хьийза Евросоюзан куьйгалхой.

***

Германин а, Украинин а куьйгалхоша куьйгаш яздина Киевна 200 миллион еврон механа займаш яларан хьокъехь болчу бартана.

***

Украинехь герзаш деттар сацийна масех де ду. Оцу хьолан лаккхара мах хадийна НАТО-н куьйгалло.

***

Пекинехь Россин Федерацин Президентан В.Путинан цхьаьнакхетарш хилира Чинин, Венесуэлан,  Лаосан, Чехин, цхьамогIа кхечу пачхьалкхийн куьйгалхошца.

№100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: