Къона корреспонденташ – «Къоман журналистикин музейхь»

ХIокху деношкахь Республикин бахархойн барт хиларан а, цхьааллин а денна лерина экскурси дIаяьхьира Зорбанан цIийнарчу Къоман журналистикин музейхь. Дагадоуьйту, билгалъяьккхина музей схьайиллина кху шеран август баттахь республикин «Даймохк» газетан редакцехь.IMG_7248

«Къоначу корреспондентийн» школин ладогIархошца экскурси дIаяьхьира Нохчийн Республикин Журналистийн союзан куьйгалхочо Хатуев Ислама, «Къоначу корреспондентийн» школин директора Юнусов Хьамзата, «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара.

Экскурси дIайолош, И.Хатуевс элира: «Шуна ма-хаъара, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 2002-чу шеран 4-чу сентябрехьлерчу шен Указца чIагIдина ду Республикин бахархойн барт хиларан а, цхьааллин а де. Республикин кхиар хилийтарна уггаре а чIогIа оьшург ду бахархойн барт хилар а, къаьмнийн цхьаалла а. Оцу декъехь хаамийн гIирсаша доккха маьIна лелош хилар билгалдаккха лаарца доьзна ду таханлера экскурси вовшахтохар».

Музейн экспонаташна юкъахь ю тайп-тайпанчу хенашкара видеокамераш, фотоаппараташ, диктофонаш, зорбатуху машенкаш, ХХ-чу бIешеран 50-чу шерашкахь дуьйна 2000-гIа шераш кхаччалц йолчу хенахь арадийлинчу газетийн, журналийн  цхьацца экземпляраш.

Музейхь экскурси дуьххьара дIахьош хилар билгалдоккхуш вистхилира Хь.Юнусов: «Шуна, къоначу корреспонденташна, тIера тахана дуьххьара экскурси яр дIадолош ду. Шуна къоман хьалхалерчу журналистикин хилла дахар довзийта, 1990-чу а, кхин хьалхарчу а шерашкахь журналисташа хIун гIирсаш лелийна хаийта а, цу хенахь зорбане йийлина материалаш йовзийта а вовшахтоьхна ду хIара гIуллакх».

Хьовсархой лерина хьоьжура музейн экспонаташка, дуккха а хаттарш кхолладелира церан, оцу дерриге а хаттаршна жоьпаш луш вара «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар. Цо музейн экспонаташ гайтина а ца Iаш, 1923-чу шарахь дуьйна йолу газетан истори йовзийтира, газетехь болх муха дIахьо а гайтира.

Шеко йоццуш, кегийрхойн журналистикин хьаьрмахь къахьега йолу дог-ойла чIагIйира экскурсехь хиларо.

Хь.Авхадова

 №100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: