Бохамаш хилар лахделла

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдеш, некъашкахь д1асалеларан кхерамазаллин белхахоша жигарабаьккхина некъашкахь бохамаш хуьлуьйтуш долу кIоршаме талхораш гучудахаран болх. Вовшах а тоьхна, дIахьош ду некъашкахь бохамаш лахбарна тIехьовсийна долу оперативно-профилактически гIуллакхаш.dtp_chechnya__kzl071n

Отчет ечу муьрехь Соьлжа-ГIалахь дIаязбина некъан-транспортан 6 бохам, дIадаханчу шеран оццу муьрехь хилларш 20 бохам бара, я кху шарахьчул 70 процентана алсам. Некъийн-транспортан бохам хилар бахьана долуш кхелхина 4 стаг, дIадаханчу шарахь – 8, я кху шарахьчул 50 процентана алсам, лазийна 9 стаг, дIадаханчу шарахь – 36, я 75 процентана лахделла.

ГIалахь, бераш юкъахь а долуш, некъан-транспортан цхьа  бохам хилла (дIадаханчу шарахь – 2), цхьа а ца кхелхина.

2015-чу шеран 10-чу августера 26-чу августе кхаччалц ГИБДД-н отдело, Россин МВД-н Соьлжа-ГIалахула йолчу Урхаллин полицин №№2, 3 йолчу отделашца цхьаьна гIуллакхаш деш, билгалъяьккхина некъашкахь дIасалеларан бакъенаш талхийна 365 меттиг, оццу барамехь транспортан гIирсаш гIуданан майдана дIабигна. Россин МВД-н Соьлжа-ГIалахула йолчу Урхаллин ОГИБДД-н белхахоша дIаяздинчу талхорех дикка доккха дакъа транспортан гIирсийн шоферш а, ткъа иштта тайп-тайпанчу организацийн гIуллакхера нах а бахьана долуш хилла ду.

2015-чу шеран 10-чу августера 26-чу августе кхаччалц болчу муьрехь отдело 365 административни материал хIоттийна, бехкечарна 371500 соьмана г1уда а тоьхна.

ГIалахь хиллачу некъан-транспортан бохамийн топографически анализ йина. Цуьнца нийса а догIуш, дIахьош ду некъашкахь дIасалеларан кхерамазаллин гIаролхойн маршруташ дIанисъяр, лични составо гIуллакхдар некъан-транспортан бохамаш кхечу меттигашкахьчул алсам хуьлучу меттигашна ницкъ ма-кхоччу герга хилийтархьама. Соьлжа-ГIалин мэрехь юкъаялийна некъан-транспортан бохамаш хуьлуьйтуш долу хьелаш дIадахаран хьокъехь йолу предложенеш, бохамаш хуьлу меттигаш а, ткъа иштта уьш хиларан бахьанаш а гойтуш.

ДIасалеларна кхерам хилар дIадаккхаран Iалашонца автотранспортан предприятешкахь  цхьамогIа гIуллакхаш дина. Вовшахтоьхна транспорт некъашка ялале хьалха а, белхан маршруташкахь а, автотранспортан предприяте юхаеача а хьовсаран дикаллина тIехь луьра таллам латтор.

ДIасалеларан кхерамазаллин бакъенаш шуьйра йовзийтаран Iалашонца автотранспортан предприятийн шоферашца а, кхечу белхахошца а, ткъа иштта школашкахь а, школе доьлху хан кхачазчу берийн учрежденешкахь а некъашкахь дIасалеларна кхерам цахилийтарх лаьцна къамелаш дина, вовшахтоьхна «Грозный» радиохь госавтоинспекторша къамелаш дар.

Йинчу анализо гойту оцу кепарчу гIуллакхаша некъашкахь кхерам цахилийтар лакхадаккхарна а, некъан-транспортан баккхий бохамаш хилар лахдарна а дика гIо деш хилар.

А.Мусуркаев,

Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллин ГИБДД-н отделан куьйгалхо, полицин майор

№100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: