Билггал дукха ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Региональни юкъараллин фондо деш долу беркате гIуллакхаш. Цо уьш вайн республикехь дина ца Iаш, шена баркалла а олуьйтуш, вайн республикин дозанал арахьа а до. ХIинца цо доттагIаллин, гIо-накъосталла даран куьг кховдийна Дагестанан вежараллин халкъе.
Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Региональни юкъараллин фондо куьце балош, тобийр бу шен 2000-чу шеран юбилей кестта билгалйоккхур йолчу Дербентан (Дагестан Республика) цхьа урам. ГIалин юбилейн сийнна фондо шена тIеоьцур ю бердайистаца болу Тагиев Хандадашин цIарах болу урам куьце балош, тобарца доьзна еш йолу харжаш.
Берриге а белхаш 10-гIа сентябрь кхочуш чекхбаха ойла йолуш ду тхо. Ткъа бан беза белхаш дуккха а бу. Масала, урам масех метр шорбеш бу белхалой. ДIахьош ду хин биргIанаш, цIенойн тхевнаш хийцар. Иштта дIахIиттор ю керла керташ, кевнаш, – хаам бира Пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман гIоьнчас Иналов Мохьмада. – Къаьсттина тидам тIебохуьйтур бу 1 километр гергга беха болчу ураман гIашлойн некъан декъа тIехь соьналла йогIарна а, серло тасарна а.
Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Указца нийса а догIуш, Дербентехь дIахьур ду гIалин 2000 шо кхачарна лерина долу даздарш. Цуьнца доьзна гIалахь дIахьош ду урамаш, паркаш куьце ялош, тояр, ткъа яккхий исторически объекташ, ша аьлча, VI-чу бIешеран Нарын-ГIала а, Россин уггаре а шира Джума-маьждиг а хIинцале тодина даьлла. Коьрта даздарш 18-чу сентябрехь хир ду.
С.БАТАЛОВ
№100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо