Дуккха а декхарш кхочушдечу региональни туьшийн белхан дикалла лакхаяккха еза. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо цунах лаьцна элира Нохчийчоьнан Правительствехь хиллачу кхеташонехь.
Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместитела Тумхаджиев Iийсас, районийн куьйгалхоша, дуккха а декхарш кхочушдечу туьшийн куьйгалхоша.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира дуккха а декхарш кхочушдеш йолу туьшаш яхкарехь а, церан болх дIахIотторехь а дIадевллачу шерашкахь дуккха а гIуллакхаш дина хилар, цо Кадыров Исламе хаьттира оцу гIуллакхаша мел пайда ло.
Кадыров Ислама хаам бира кху сохьта республикехь болх беш дуккха а декхарш кхочушдеш йолу 11 туш а, 6 филиал а хиларх лаьцна.
Туьшехь 130 тайпана гIуллакх кхочушдо. Цуьнца цхьаьна цхьайолу халонаш а ю. Цуьнан бахьана ду ведомствошна юкъахь вовшашца электронни цхьаьна гIуллакхаш дар кхачам боллуш вовшахтоьхна цахилар.
Кадыров Рамзана тIедиллар дира регионан туьшийн балхахь гучудаьхна долу дерриге а кхачамбацарш цхьана беттан хенахь дIадахар. Билггал долу тIедиллар дира цо республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместительна Тумхаджиев Iийсана – туьшийн болх орамашкара хийцина, тобар.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира дуккха а декхарш кхочушдечу туьшийн болх тобаро бахархойн хьашташ кхочушдарца доьзна долу гIуллакхаш тоьлашха кхочушдан таро хуьлуьйтург хилар.
«Цундела таханлерчу дийнахь дуьйна дIадоло деза ведомствоша вовшашца цхьаьна гIуллакхаш дар пайдехь хуьлучу кепара дIахIоттор. Нагахь санна цунна региональни бюджетера ахча эшахь, Правительствос кхочушдийр ду и гIуллакх. Дуккха а декхарш кхочушдечу туьшийн болх тобарца доьзна долу дерриге а гIуллакхаш хIокху герггарчу хенахь кхочушдина хила декхар ду», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
С.МАМАЕВ
№100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо