Республикин денца доьзна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

(6-гIа сентябрь – Бахархойн барт хиларан а, цхьааллин а де)

Хьомсара махкахой!Рамзан Кадыров (2)

Ас декъалдо шу Республикин денца, Бахархойн барт хиларан а, цхьааллин а денца!

И деза де дилларан хьокъехь долчу Указна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас т1е куьг яздира 2002-чу шарахь. Иза тешна вара вайн коьрта ницкъ билггал халкъийн цхьааллехь хиларх.

Ахьмад-Хьаьжас олура, барт хилар т1амал т1аьхьарчу регионехь машар а, хьал цхьанаэшшара дика хилар а ч1аг1дарна т1ебоьду нийса некъ бу. Цундела бахархойн барт хиларан а, цхьааллин а де вайх х1оранна а ч1ог1а деза ду. Иза дикано зуламна т1ехь толам баккхаран билгало ю.

Тахана Нохчийн Республикехь маьрша, цхьабарт болуш бехаш бу иттаннаш халкъийн векалш. Уьш цхьаьнатуху Даймохк дукхабезаро. Иттаннаш эзарнаш мог1арера къинхьегамхой, мало ца еш, белхаш беш бу цхьана 1алашоне – Даймахко зазадаккхаре – кхачархьама.

Билггал дерриге а халкъо, к1ад ца луш, къахьегар бахьана долуш вай баккхий кхиамаш бахаре кхаьчна. Х1ора вахархочо шен син дакъа юкъа а диллина, юкъа а дуьллу юкъарчу г1уллакхана. Вай дерриге а тешна ду вешан республикин махкахь  сиха кхуьуш йолчу регионех цхьаъ йина ваьш д1ах1отториг хиларх.

Вай кхиайо промышленность, тайп-тайпана яккхий проекташ кхочушъярна юкъаузу инвесторш. Вайн г1аланаш а, ярташ а тахана цкъа а ца хиллачу кепара хаза ю. Вай до кхузаманахьлера некъаш, школаш, больницаш, спортан объекташ.

Уггаре а коьртаниг – Нохчийн Республикин халкъаш маьрша а, бертахь а, цхьааллин а хьолехь дехаш ду. Со ондда тешна ву вайн даймохк кхиорна а, цо зазадаккхарна а иза уггаре а онда бух хиларх! Вешан цхьаалла вай 1алаш а йийр ю, ч1аг1 а йийр ю.

Хьомсара доттаг1ий! Суна лаьа шун ондда могашалла, балхахь кхиамаш, доьзалехь токхо хуьлийла!

Дезачу денца ас декъалдо шу!

№100, шот, 5 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: