Реабилитационни туьшахь – исбаьхьаллин кхоллараллин фестиваль

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу могашалла ледара йолчу берийн реабилитационни туьшахь дIаяьхьира «Со — автор» цIе йолу IV заьIапхойн исбаьхьаллин кхоллараллин фестиваль. Иза лерина яра  Даймехкан сийлахь-боккхачу тIамехь  толам баьккхина 70 шо кхачарна.фестиваль 2

Фестиваль вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн а, Къинхьегаман а,  белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран а, Культурин а министерствийн гIоьнца, Ерригроссин заьIапхойн юкъараллин Нохчийн Республикерчу организацис.

Фестивалехь дакъалоцуш дара заьIап бераш. Цара доггаха кечйинчу кхоллараллин номершка хьовса кхайкхинера: Ерригроссин  халкъан фронтан векал Гериханов Казбек, Даймехкан сийлахь-боккхачу тIеман ветеранаш Тагиров Iаламхьад а, Керимов Янарса а.

Бераша ешначу байташка, лекхначу эшаршка, дIааьллачу иллешка ладоьгIча, цара кечдинчу хелхаршка хьаьжча, баккъал а бIаьрг бузура царах. Шаьш похIма долуш бераш хилар гайтира фестивалан дакъалацархоша.  Берийн яьххьашка бIаьргтоьхча гуш дара церан самукъадалар. Даккхийдеран доза дацара.

Толаман меттигаш билгалъяхале хьалха, Ерригроссин зIаьIапхойн юкъараллин Нохчийн Республикерчу организацин председатела Аздаева Рабус билгалдаьккхира, жюрин декъашхошна  толаман меттигаш къасто атта цахилар. «Таханлерчу фестивалан муьлхха а декъашхо толамхо хила хьакъ ву», – элира цо.

– Ханна къона делахь а, хIара бераш кхоллараллехь денна кхуьуш ду. Цу тIехь уьш совца а ца деза. «Со – автор» фестивалехь хIора а шарахь берашкахь цхьацца похIма гучудолу. Тахана санна долчу цхьаьнакхетарша гIо до царна культурин мехаллаш йовза, кхоллараллехь къахьега.

Суна баркалла ала лаьа, хIара фестиваль дIахьош дакъа мел лаьцначунна а, иштта иза вовшахтухуш гIо динчу Нохчийн Республикин министерствошна а, ведомствошна а, – элира организацин председатела.фестиваль1

«Шух хIора а Россин патриот хила веза. Вайн лулара къаьмнаш лоруш, цаьрца гергарло лелош хила деза шу. ТIаккха бен вайн барт хир бац, ишттий бен вай толамаш бохур бац. Дала могашалла, вовшийн дезар, маьрша зама лойла шуна. Иза ду уггаре а коьртаниг», — билгалдаьккхира  шайн  къамелашкахь тIеман  ветеранаша.

Ала деза, «Со – автор» фестивалан толаман меттигаш кхаа номинацехь хилар: «Литературин дош», «Вокальни искусство», «Хореографин искусство».

ХIора номинацехь билгалбехира толамхой:

«Вокальни искусство»: 3-гIа меттиг – Эдиева Иман, 2-гIа меттиг – Ганаева Луиза, 1-ра меттиг –Хизриева Саала.

«Литературин дош»: 3-гIа меттиг – Мацагов Минкаил, 2-гIа меттиг – Индербиев ШахIид, 1-ра меттиг – Шабаева Марет.

Хореографин искусство:  3-гIа меттиг – «Губы бантиком» (хелхаран тоба), 2-гIа меттиг – Гантимирова ПетIамат, 1-ра меттиг – «Серло» (хелхаран тоба).

Ахчанца а, грамоташца а совгIаташ дира толамхошна.

 

З.САГАЕВА

Авторан сурт

№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: