Республикин денна лерина «Даймохк» а, «Вести Республики» а газетийн редакцеша, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Журналистийн союзан а гIоьнца вовшахтоьхнера школашкарчу дешархошна юкъахь «Сан Нохчийчоь» темина тоьлла сочинени язъяран конкурс. Конкурсе нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь сочиненеш яхкийта таро яра 7-чу классе кхаччалц болчу дешархойн. ХIора номинацехь билгалъяьккхина совгIатан кхоккха меттиг яра.
Дешархоша конкурсе дуккха а материалаш яхкийтира. Кхечу конкурсашкахь нохчийн маттахь йолу материалаш билггал кIезиг хилахь а, «Сан Нохчийчоь» конкурсе яхкийтинчу материалашлахь нохчийн маттахь ерш алссам яра.
4-чу сентябрехь «Даймохк» газетан редакцехь дIадаьхьира конкурсан жамIаш дар. Цига баьхкина бара конкурсан дакъалацархой, шайн дай-наношца цхьаьна, журналисташ а, иштта хьеший а: Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Гудаев Лема а, Нохчийн Республикин Журналистийн союзан куьйгалхо Хатуев Ислам а.
Нохчийн маттахь йолчу номинацин жамIаш дар а, совгIаташ дIадалар а тешийра Л. Гудаевх.
– ЧIогIа мехала хIума ду иза, кху беса кегийчу берийн, кханалерчу вайн къоман хиндолчун нохчийн матте безам хилар. Безам хиларал мехала ду цара нохчийн маттахь яздар а. Бераша шайн синкхетамца дийцина кху конкурсе язйинчу сочиненешкахь Нохчийчоьнах лаьцна. Вай дозалла до кхарах. Иштта вай тешна ду, хIорш нохчийн меттан говзанчаш а хилла, дIахIуьттург хиларх. Кхечу тайпана хила йиш а яц, — элира Гудаев Лоьмас.
Нохчийн меттан номинацехь толаман меттигаш ехира: 1-ра меттиг – Тарамова Iайшата, 2-гIа меттиг – Сенакаева Эсета, 3-гIа меттиг – Тепсуркаева Селимас.
ШолгIачу, оьрсийн маттахь йолчу, номинацин жамIаш дира Хатуев Ислама. Цо шен къамелехь дийцира Республикин дийнах лаьцна а, цу денна лерина конкурс школашкарчу дешархошна юкъахь дIаяхьар чIогIа мехала гIуллакх хиларх а.
Оьрсийн меттан номинацехь къастийна болу толамхой: 1-ра меттиг – Ахматукаева Марха, 2-гIа меттиг – Хаирбеков Руслан, 3-гIа меттиг – Эрзанукаева Седа.
Толамхошна дипломаш даларал сов, мехала совгIаташ а дира. Берийн яххьашка хьаьжча гуш дара, царна конкурсехь дакъалацарал а шовкъе жамIаш даран миноташ хилар.
Конкурсан жамIаш дар чекхдаьлча, нохчийн меттан номинацехь шолгIа меттиг яьккхинчу Аргун гIаларчу №5 йолчу школин 3-чу классан дешархочо Сенакаева Эсета элира: «Суна чIогIа хаза хета, кху конкурсехь сайна шолгIа меттиг елла. Бакъдерг дийцича, суна дага а-м ца теснера, иза иштта хила мега аьлла. ХIара конкурс кхайкхинчарна а, кху юкъахь дакъа мел лаьцначунна а баркалла ала луур дара суна».
Иштта хаза нохчийн маттахь дистхила хууш школашкахь бераш вайн хилча, тIекхуьучу чкъурах дегайовхо кхоллало.
Х.ИРИСХАНОВ
№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо