ХIокху деношкахь Абхазин пачхьенехь, Сухум гIалахь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула «Халкъийн доттаг1алла» 11-г1а Дуьненаюкъара турнир.
Къийсадаларш дIадаьхьира бархI дийнахь. Цигахь дакъалоцуш бара вайн республикера РДЮСШ-ра спортсменаш. Царех шиммо толаман меттигаш ехира. Иштта, хьалхара меттиг яьккхира Беклирзаев Сайд-Мохьмада (63 кг), Архиев Адама (32 кг) кхоалгIа меттиг яьккхира. Толам баьккхина ший а спортсмен РЮДСШ-ра ву. Оцу лаккхарчу т1ег1ане уьш кхачийнарш бу цкъа хьалха уьш Iамийна тренерш А.Магомадов, Э.Алиев, шолгIа – РДЮСШ-н директор Гусигов Апти.
Толамхошна кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца совг1аташ дина.
З.ШИШХАНОВА
№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо