«Берашна – проза»

литературин дуьненаюкъарчу конкурсан толамхо хилла Арсанукаев Мусах

Россин литературин дахаран  йоккха жигархо  йолчу  Львова Верас 1998-чу шарахь дуьйна шен лаамца дIахьо «Берашна – проза» литературин дуьненаюкъара конкурс. И маьIне  гIуллакх вовшахдетташ йолу В.Львова Россин берийн яздархойн союзан председатель  а, ша язйинчу 35  книгин  автор а  ю. Цул сов, документальни а, исбаьхьаллин а масех фильман  режиссер а, сценарист а ю иза.DSCF1251

«Берашна– проза» конкурсехь дакъалоцу  Россин а, ткъа иштта СНГ-н  цхьамогIа  пачхьалкхашкарчу  а яздархоша. ХIора шарахь  жамIаш а деш, тоьлла произведенеш яккхий йоцчу гуларшкахь зорбане  йоху.

Юха уьш берашка дIакхачош а, цаьрца йийсаре еш а боккха болх бо  В.Львовас.

«Бершна – проза»  конкурсан 2015-чу шеран толамхошна юкъахь ву Россин яздархойн союзан декъашхо, «Хьехархо» газетан коьртачу  редакторан заместитель Арсанукаев Муса. Цуьнан цIе  керла яц нохчийн литературица  гергарло долчарна.  М.Арсанукаевн белхаш зорбане бийлина «Орга», «Вайнах» журналашкахь, «Даймохк» газетехь. Къаьсттина дика евза яздархочун цIе «СтелаIад» журналан кегийчу ешархошна. Цуьнан  агIонаш тIехь  сих-сиха зорбане  дуьйлу, шайца доккха кхетош-кхиоран маьIна долу, Мусас берашна  лерина яздина дийцарш.

ХIинца цуьнан дийцарш оьрсийн маттахь а деша йиш ю. Львова Вера хIотторхо а йолуш, дукха хан йоццуш араяьллачу  «Къона хиндерг  хаархо»  («Юный предсказатель») гуларна юкъадахана Мусан ши дийцар («Ирс дайна  чIегIардиган кIорни», «Хазна»).

Авторна «Берашна – проза» конкурсехь толам беана дийцарш ду уьш.

Теша лаьа, берийн дахар, церан  дог-ойла, амалш дика евзаш яздинчу  дийцарийн, конкурсан жюрин декъашхоша а санна, уьш дешначу  къоначу дешархоша а  дика  мах хадориг хиларх.

Ткъа ша автор вай даггара декъалво литературин дуьненаюкъарчу  конкурсан  толамхо хиларца. Дала тIаьхье  беркате  йойла!

 

Хь.ДОВКАЕВ

№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: