Хьехархо, даггара баркалла ала лаьа хьуна!

Сентябрь бутт.. ЧIогIа сатосура оха тхаьш кегий долуш иза тIекхачаре. СадаIаран каникулаш кIордайора, школина сагатдора. Дешарна башха тIера боцурш а хуьлура 1-чу сентябре хьоьжуш.  Школерчу доьзалехь йоккхуш йолу хан мерза хетара. Ян а яра иза мерза.

1-ра сентябрь тIекхочуш уггаре хьалха оха кечйора хьехархочунна хьуш йолу зезагийн курс. Бешахь кхуьуш зезагаш долчара, шайн кертара  дохура, доцучара, луларчу оьрсашкара оьцура. Церан бешахь уьш гуттар а хуьлура.   Тхаьш хьехархошна хьуш дерг доккха совгIат хетара. Тхуна хетта ца Iаш, хьехархошна а хетара. Царна хаьара оха иза доггах луш совгIат дуй.

Соьлжерчу юккъерчу школехь дукхах болу хьехархой  оьрсий бара. Цаьрца цхьаьна болх беш вайнехан хьехархой  бара. Бертахь цхьа доьзал хилла, вайн кхане кхиош хиллера уьш.

Шайн корматаллица, хьекъалца кхиъна хиларал сов, юьртахь лоруш  бара уьш. «Хьехархо» цIе йоккха йоккхура. Тахана баркаллица карлаяха лаьа царех цхьаболчийн цIерш

Музаева Надежда Викторовна… Оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо.  5-чу классехь долуш хьеха йолаелира иза тхуна. ТIех дика хаьара цунна оьрсийн мотт а, литература а. Пушкин, Лермонтов, Толстой, Некрасов, Достоевский… Церан кхолларалла дика евзина ца Iаш, хьехаран методика говза яра цуьнан. Матте а, литературе а безам кхио хаьара.  Школа чекхъяьккхина 35 шо даьллачул тIаьхьа, селхана Iамийча санна дагахь лаьтта грамматикин бакъонаш а, говзарийн турпалхой а. Литература дика Iаморал сов, Надежда Викторовнас тхо нийса даха Iамош хиллера. Цкъа а ца дицло, Пушкинан «Евгений Онегин» юьйцучу урокехь, Ларина Татьянас Онегине яздина кехат дийцаре деш, цо тхуна дина хьехар: «Шаьш маре дахча, зуда ялийча, шун уггаре а коьрта Iалашо  вовшийн сий а деш, шайн доьзал ларбар хила еза шуна. Цу тIе бахийталаш шайн берриге а ницкъ. ТIаккха хир ду шу ирсе». И хьехар схьа ца лаца бакъо яцара тхан. Дика доьзал кхиорехь тхуна масал хилла лаьтташ яра иза. Цул сов, нохчийн нус а яра.

Адамян Валентина Михайловна… Иза тхан классан куьйгалхо яра 5-чу классехь дуьйна  школа  чекхъяккхалц. Немцойн мотт хьоьхура цо. ЧIогIа самукъадолура тхан цуьнан урок тIекхочуш. Къаьсттина тамашийна хетара дуьххьарлера немцойн меттан аьзнаш, элпаш, дешнаш Iамош. Ша класса чоьхьа йоллушехь, немцойн маттахь маршалла хоттура цо: «Stet auf,  stet gerade, guten tag» («ХьалагIовттал, нийса дIахIиттал, де дика хуьлда») ТIаккха йолалора тхоьга оцу маттахь хеттарш дан, суьрташ тIехь дешнаш вовшех тисийта. 10-чу классе тхо девлча, районан а, республикин а олимпиадашкахь хьалхара меттигаш а йохуш дара тхо.

Тхоьца болх бина ца Iаш, тхан дай-наношца гергарло дара цуьнан. Школера бевлча, шен дешархоша цIахь хIун леладо а, мукъа хан муха йойъу а хаьара цунна. Бакъду, мукъа хан кIезиг хуьлура тхан. Дика доьшург а, ледара  верг а юкъараллин дахарна юьстах ца вуьтура. ХIора а дешархочунна тIехь  жоьпалла хуьлура. Цуьнан корматалле хьаьжжина гIуллакх тIедуьллура цунна.  Школехь дуьйна билгал хуьлура хинволу спортсмен а, бизнесмен а, лор а. Исбаьхьаллин, кхоллараллин  конкурсашка къастабора корматалла йолу хинболу артисташ, художникаш, олимпиадашкахь билгалбовлура къона математикаш, физикаш, химикаш.

Тахана бусалба дино хьоьхуш дерг, оьрсийн матте а даьккхина, тхайна хьехча  санна хета. Диканиг, цIенаниг дара хIора берана марздеш. Кхечу къаьмнашца гергарло лелор, гIийлачунна гIо дар, хьарамчух ларвалар, хьанал къахьегар, и дар-кха Валентина Михайловнас, кхечу хьехархоша   тхуна Iамийнарг.


Шахмурзаев Адам Алаудинович…
Тхо 7-чу классехь дара иза тхан школе директор ваийтича. Шен товш долчу куьцаца цхьаьна догIура цуьнан гIиллакх, оьздангалла, хьекъал. Беркат тIедеанчу хIусамехь санна дара школера дахар цу хенахь. Боккха Iаткъам бира цо деша ца луучу берашна. Цкъа а чIогIа вист ца хуьлура иза цаьрга. Царна эхь хоьтуьйтура, яхье бохура. Шайн амалера дика агIонаш гучуяхийта, шайх бIо болийта Iамабора  уьш. Школин юкъараллин дахарехь ша хьалха а волуш, дойтура цаьрга гIуллакхаш.  Уьш болх бан Iамийна ца Iаш, царех къонахий бора цо.

Бертахьчу доьзалехь ден, кIентан хуьлуш йолу юкъаметтигаш санна яра берашний, директорний юккъара зIе. Цундела яра Шахмурзаевс куьйгалла динчу шерашкахь тхан школа районехь уггаре а тоьлла. Директор кхечу балха дехьаволуш ву аьлла хезча, дахана  хир дар-кха тхо, дешархой,  партин обкоме, школин куьйгаллера Шахмурзаев дIа ма валийта, аьлла дехаре.

Румянцева Лидия Михайловна… Оьрсийн мотт, литература  хьоьхуш яра иза. Шен доьзал  боцуш йолчу хьехархочо дерриге а шен дахар дIаделира тхуна. Тахана лаккхарчу дешаран заведенешкахь а карор барий те иштта хьекъал а, корматалла  а йолуш  болу говзанчаш, олий, хаттар кхоллало. Лидия Николаевнас Iамийна дахаран новкъа бехира дуккха а говзанчаш, Тахана уьш бу Iилманчаш, политикаш, инженераш. Соьлжерчу берашна  дика хьехна ца Iаш, соьлжахошца шен дахар доьзнера цо. Юххера гергара нах хилла дIахIиттинера цунна уьш. Цаьрца вуон а, дика а доькъура цо. Цунна тоьшалла дара 1994-чу шарахь юьрта федеральни ницкъийн БТР-ш йогIуш, некъан бохалла цуьнан охьайижар. Сийлахь хьехархо къизаллина, харцонна дуьхьал яьллера. Цуьнга ца ладелира вайн ярташ, гIаланаш ягор. Дукха хан ялале кхалхар хилира цуьнан, юьртахоша  дIа  а ерзийра.  Амма гуттаренна йисира шен дешархойн а, юьртахойн дегнашкахь. 

Арсанукаев Зайнди Мовлдиевич… Нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш вара Мовлди. Дика хьехархо хилла ца Iаш, шен мехкан вуьззина патриот вара иза. Цуьнга ца лалора берашкахь пайда боцу хIуманаш. Тхоьгахь долу  кхачамбацарш забарца нисдан хьожура иза. Цхьадолчу берашна тохкий цIерш хуьлура цуьнан: Алу, Борз, Бехчалг, МуцIар, кхи дIа а. Цаьргара ледарлонаш Iораяха аьтто бора цара. Нохчалла кхиош шатайпа методика яра иза. Уггаре а тамашийна дерг хIун дара аьлча, цхьа а оьгIаз ца воьдура шайна тиллинчу цIарна. Вайн къоман историца доьзначу хIуманашна сагатдора цо. Лаьара, нохчий массарел тоьлла хуьлийла, бакъду, хьекъалца.

Дуккха а бара Соьлжерчу юккъерчу школехь 1970-чу шерашкахь иштта хьехархой. Тхуна царел деза адамаш дуьнен чохь дацара. Цара хIума а ца юу, са а ца доIу моьттура тхуна. Церан дахарехь тхо бен маьIна хила а ца деза моьттура. Цара шаьш иштта гайтина дела моьттура, дешархой, школий бен  шайн кхин хIума йоцуш санна тхо Iамийна дела.

Оцу шерашкахь цара Iамийначу дешархошна юкъара дуккха а дика говзанчаш бевлира: лоьраш, хьехархой, журналисташ, летчикаш. КIезиг бац Iилманан белхахой, политикаш, юкъараллин гIуллакххой. Уггаре а коьртаниг, цара Iамийра шайн мохк беза, кхечу къаьмнашца  бертахь даха.

Т1екхечи рог1ера сентябрь бутт, цуьнца цхьаьна школехь яьккхинчу  хенах а, хиллачу хьехархойх а  бовха  дагалецамаш а. Даггара лаьа таханлерчу дешархошна, тъайниш санна, дика хьехархой нислойла, ткъа  хьехархошна – тхо санна дешархой а.

 

Бисултанова Любовь Лечиевна…. Алгебра а, геометри а хьоьхуш яра иза. Цуьнан хаарех цецдуьйлура тхо, цуьнан куьцах даккхийдера. Жоьпаллечу хьехархочуьнгахь хила мел дезарг дара цуьнца. Цул сов, цуьнан къамеле ла мел дугIу, лаьара  математикех кIорггера кхета. Девзаш доцчу Х-ца йолу уравнени санна хетара цуьнан амал. И яста тхуна чIогIа лаьара. Муьлххачу дарже хIотто куц-кеп, лела хаар, хьекъал долуш яра Любовь Лечиевна. Оха масал оьцура цунах.

Б.ДУДАЕВА

№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: