Сирлачу кханенан ойла еш

Дукха хан ю суна иза евза. 25 шо сов зама хила мега. ХIетахь-м иза Iаламат къона, хаза яра. Хазалла-м хIинца а нур даза цуьнца йолуш ю. Юьхь-сибат тамехь хилла ца Iаш, цхьа шатайпа бос керча синан хазалла ю цуьнца, цкъа евзинчунна заманан йохалла йицлур йоцуш. Ас юьйцург вайн махкахь шуьйра евзаш йолу Буралова Малика ю.10751036dadd6a85

Тахана Нохчийн пачхьалкхан университетан проректор ю иза. Бакъду, суна евзачу муьрехь могIарера хьехархо бен яцара. Делахь а, цо дечу къамело, цуьнгахь долчу Iилмано, тIехьаьжна дегIана эгIаз елахь а, къамелехь хаалучу нуьцкъалчу амало, цхьана кепара шеконаш йоцуш, билгаладоккхура доьналло яхчийна адамалла, къинхетам Маликин доза доцуш хилар.  Чолхе зама яра иза суна йовзийтинарг. Доха карзаха даьллачу советийн Iедало дагахь боцу хийцамаш беара кIеж туьйсучу дахаре. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн юьхь яра иза. Дукха цхьаьнакхетарш, къамелаш, къийсамаш хуьлура цу муьрехь. Кест-кеста Буралова Малика гора цу цхьаьнакхетаршкахь. Амма иза цкъа а яцара дуьйцург, халкъах, махках  хуьлуш лаьттарг бен  ца хета ларамза юкъанисъелла декъашхо. ЦIархазмана цкъа а хабаре ца йолура иза. Эчигах яьккхина гериг санна, нуьцкъала декара цуьнан аз, чулацаме хуьлура къамел. ЛадугIург ша дуьйцучух кхето, цуьнан ойла бакъдолчунна тIеерзо хьекъал, говзалла яра йоIехь. Багара дужучу хьалхарчу дашехь дуьйна гуш дара халкъах, махках дог лозуш иза къамеле яьлла хилар. Ткъа  уггаре а  коьртаниг! Дош цкъа а шалха ца долура цуьнан. Иштта евзина суна Буралова Малика  цу халчу муьрехь. Ас дозалла до и оьзда нохчийн зуда сайна евзаш хиларх а, де-буьйса ца лоьруш, муьлххачу хенахь цуьнан неIаре яха сайн таро йолуш. Мел хала хеташ делахь а, дукха дац вайн махкахь иштта сан бIобулуш адамаш. Амма Маликех со бIаьрг буьзна ю. Цкъа а, гIо-накъосталла эшна шега орца ас даккхарх, шех чекх са гайтина яц иза. БIешарахь со яре сатесна Iийча санна, дог оьцуш тIе эцна, сан гIуллакхе хьаьжна ю. Бакъду, иштта кхечеран гIуллакхе хьожуш, ладугIуш ю иза. Цундела вайн махкахь массара ларамца йоккху цуьнан цIе.

Схьаялар ТIехьа-Мартанан кIоштарчу Бумтара ду Маликин. Йолчеран, цхьаъ бен доцу хьоме бер ду иза. Бераллехь мелла сиркхонаш лехьийна ю. Цкъа-м баккъал дог эшийра ден-ненан, хьекъалал хьалха мотт лелхачу лоьраша, кхуьнан бIаьргеха цхьа девзаш доцу лазар хьакхаделча, йоIана цкъа а са гур  дац аьлла. Амма цара Делан диканах дог ца диллира. Цхьацца бахьанаш лелийра. ТIаккха хастам хиларо АллахI-Дала шен комаьрша къинхетам тIебосийна бIаьрса юхаделира. Школе а ТIехьа-МартантIехь яхара Малика. Цунна хIинца а дагахь лаьтта шен дуьххьарлера хьехархо Нехорошева З.И. Цо Iамийра йоI деша, яздан, Iилманан дуьнене кховда. Къаьсттина доккха ирс хета Буралова Маликина шена литература хьоьхуш нохчийн гIараваьлла поэт Мамакаев Мохьмад хилла хилар. Оцу сийлахь-воккхачу поэтан башхачу цIаре болу лерам дерриге шен оьздачу дахарехула чекхбоккхуш схьайогIу иза. Бакъду, 1969-чу шарахь Маликин дай-наний кхин дIа Iен-даха Невран кIошта дIадоьду. ТIаккха, дукхабеза хьехархой битина, йоьIан а цига дIаяха дийзира. 1975-чу шарахь вайн турпалхочо кхиамца чекхйоккху юккъера школа. Бераллехь дуьйна нийсонна тIе гIерташ йолчу Маликин боккха лаам бара, МГУ деша яхана, юристан говзалла караерзо. Амма дена ца лиира цхьаъ бен йоцу йоI пана махкахула дIаяхийта. Ткъа цо аьллачунна тIера кхуьнан йолийла дацара. Аганара дуьйна вайнехан оьздачу гIиллакхийн нуьцкъалчу гурашкахь кхиош яра хIара, цхьаъ бен яцара аьлла, урх ца малъеш. Цундела, шен сирлачу сатийсамна къаьхьа къурд бина, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете яха дийзира. Филологин факультете кехаташ чуделира йоIа. Школехь дика доьшуш хиларе терра, кхин дIора хало йоцуш, зиэрех чекхъелира иза. Университетан юкъараллин дахаран Iаламат йоккха жигархо яра Малика. Пхеа шарахь ша доьшучу тобанан староста лаьттира. Иштта-м  дика дешарна цхьа цуьрг новкъарло ца еш, иза болх бан а ларийра, циггахь университетехь. Кхиамца университет чекхйоккхий, 1982-чу шарахь Гуьмсерчу  №2 йолчу школе хьехархочун болх бан йоьду. Юьхьанца оьрсийн мотт, литература хьоьху цо. ТIаьхьо, кхуьнан корматаллин лаккхарчу тIегIанехь йолу говзалла, кIорггера хаарш, вовшахтохараллин хьуьнар тидаме оьций, директоран заместитель хIоттайо къона хьехархо,  школехь кхетош-кхиоран болх дIакхехьийта. Шена тIедехкинчу декхаршца тIех дика ларайо иза. Жимчохь дуьйна цхьа са цIена адам дара Малика. Йохьах дуьззина дара цуьнан къона дог. Иза дика кхетара ша Iамош долу бераш къоман кхане хиларх. Цул совнаха, цо дерриге дора и кхане беркате хилийта. Буралова Маликин говзалла, бIаьхочун амал, балхана тIера хилар тидаме эцна, Гуьмсан кIоштарчу райОНО дехьа йоккху иза дукха хан ялале, методкабинетана куьйгалла дар тIе дуьллуш.  Цу балха тIехь дика ларош схьаеара Малика 1988-гIа шо тIе кхаччалц. Ткъа 1988-чу шарахь кхуьнан балхах цаIабар тидаме эцна Нохч-ГIалгIайн дешаран министерствос №12 йолчу ПТУн директор хIоттайо иза. Иштта беркате зама яра иза. Бан хууш, бан лууш болх бечу стеган сий-ларам болуш. Бакъду Буралов Ахьмадан йоI Малика бечу балхах, баьхначу кхиамех тоам бечарех яцара.  Дешар дIа ца тасалуш, даима Iилмане кхийдаш яра иза. Лакхахь багар биначу  белхашкахь ша  сел луьра йоллушехь, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан  финансийн-экономикин факультете деша йоьду иза (заочни кепара) Пхеа шарахь цигахь дешарх а тоам ца беш, кхин дIа аспирантурехь доьшу, кхиамца экономикин Iилманийн кандидатан диссертаци тIечIагIйо цо.

2005-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь керла факультет схьайоьллу финансийн а, экономикин а декъехь белхаш бан говзанчаш кечбеш. Иттех шарахь оцу факультетан куьйгаллехь болх бо оцу хьуьнаречу зудчо. Балхахь Маликас коьрта лору, говзанчаш кхиийна ца Iаш, шен куьйга кIел нисбеллачу студентех халкъана, махкана пайдехь хир болу гражданаш кхиабо цо. Нохчаллех къилба дан Iамабо. Вайнехан шира гIиллакхаш карладахаре кхойкху. Къонахошкахь яхь, доьналла, собар, мехкаршкахь  гIиллакх-оьздангалла, къинхетам хиларе сатесна, къахьоьгуш ю и хьуьнаре зуда. Буралова Маликин балхах лаьцна вай дукха  дийцарх, и данне дац, цуьнан дахар иштта готтачу гуран дозанашкахь кхачалуш  ду бохург. Шен долахь цIа-кхерч долуш, цIийнанана, доьзалан нана ю иза Малика. Шенначул вуо-дика, безаман ирс гина ю. Бакъду, хьалха яханчохь  меттиг ца нисъеллехь а, цкъа а цхьанне леткъамаш беш ца гина иза. Цигахь йина йоI а, цуьнан бераш а Делера совгIат лоьру Маликас. Вайн махкахь гIараваьлла вевзачу Iилманчица Оздарбиев Майрадица буьйзира цо шен кхоллам. Ша дича санна тIелаьцна кхиийра цуьнан кхо бер. Дукха хан ялале Маликин а йоI хилира. Барт, марзо, ларам баьрчче  баьккхина хене болуш цхьа тайна доьзал бара кхеран.  Амма шега кхаьчначу ирсах Малика Iехаяла кхиале, хеназа еанчу Iожалло къинхетамза  дIавигира Майради. Церга балда лаьцна, Дела воцург накъост воцуш, вайн махкахь буьрса кхихкинчу луьрачу тIеман халчу шерашкахь доьзал хене баьккхира Маликас, меран бераш дара аьлла цхьа а дIа ца тоттуш, аьрзуно санна, массо кIорни шен комаьршачу тIома кIела лаьцна. Цундела цхьа тайна, ийманехь хьалакхиийна массо, баа санна вовшийн  безаш, шаьш хьала кхиинчу ненан хам-пусар деш. Иштта хуьлу-кх нохчийн зудчун беркат хьерчачу хIусамехь, цуьнан багара йолучу эсалчу Iаьнаро хьоьстуш кхиъначу доьзалехь.

Тахана Нохчийн  пачхьалкхан университетан кхетош-кхиоран декъехула проректор ю Буралова Малика.  БIаьрла хийцамаш бу университетан кегийрхошна юкъахь иза  цу дарже хIоттийчхьана. ЦIеначу даггара, халонашна бIо ца къажош. проректоро болх бар ду цуьнан бахьана. Шен орамашкара оьздачу кхерчара схьаяьлла нохчийн зуда ю иза, нохчаллех синан бIов йина ехаш.  Цуьнан  дахар, духар, лелар къеггина масал ду нохчийн зуда муха хила еза хаа луучунна. Цунах вайн чолхечу заманан турпалхо ала мегар ду. Иза йоккхае селхана тIамо Iаьвшина, Iовжийна Нохчичоь тахана машаран новкъахь кхиамийн зIаьнаршлахь лепаш. Халкъан а, мехкан а беркатечу кханенах кхобучу дегайовхоно дог ира-кара хIиттош, ойла тIома йоккху цуьнан. Ишттачу сирлачу сатийсамашца баха, халкъан  а, мехкан а дуьхьа  диканаш дебо  Iамабо цо шен студенташ. Бохамаш дукха лайначу нохчийн къоман мах боцу беркат ду и тайпа адамаш.

 

ГАЗИЕВА Аза

№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: