Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районерчу №5 йолчу берийн поликлиникехь фельдшеран, лакхарчу лорйишин декхарш а, иштта куьйгалло шена тIебиллина муьлхха а болх хьанал кхочушбеш схьайогIу Хизирова Ийман.
Соьлжа-ГIаларчу лоьрийн колледжехь дешна яьллачу шарахь балха хIоьттира иза №5 йолчу берийн поликлинике. Юьхьанца болх бира куьпан лорйиша йолуш. Цул тIаьхьа ах шо даьлча «Могашчу беран кабинет» схьайиллинчул тIаьхьа фельдшеран болх тIелоцу Иймана. Старопромысловски районера бераш ду И.Хизировас тергонехь латтош дерш.
Деккъа фельдшеран а, лакхарчу лорйишин а декхарш кхочушдина ца Iа Ийман. Куьйгалло шена тIебиллина муьлхха а болх кхочуш бо цо. Тхо поликлинике кхаьчначу хенахь а яра иза берашца болу наной тIеоьцуш а, могашаллаIалашъяран министерстве дIаяхьийта отчет кечъеш а. Оцу поликлиникехь деш долчу муьлххачу гIуллакхехь Ийманан дакъа дуй-те аьлла хеташ, елира цуьнца яьккхина хан. Лорйижарийн а, нанойн а дукха хуьлура цуьнга хоьттуш дерш.
Шен балхах лаьцна иштта дийцира Хизировас: «Дукха ду тхуна хIора дийнахь тIедалош долу бераш. Церан 0–18 шаре кхаччалц хенаш ю. Оха беран могашаллин хьал толлу, иза узу, оьшуш долу молханаш яздо, наношна бер муха лело деза дуьйцу. Поликлиникехь болх беш ву ши невропатолог, ши хирург, ортопед, ЛОР, акулист, иштта лаборатори а ю, логопед ву кестта схьаоьцур волуш.
Вайна ма-хаъара. республикин хиндерг вайн тIекхуьуш йолу тIаьхье могаш хиларца а, дешна хиларца а доьзна ду. Республикин куьйгалло а боккха тидам тIебохуьйту цу гIуллакхна. Цунна тIедоьгIна дIахьош ю оха берашна диспансеризаци яр. Могашалла талла езачу 19 эзар сов берах 11 эзар сов бер чекхдаьлла. Оцу берашна юкъахь гучуевлла анимия, кариес, (нарушение осанки), скалеоз, иштта кхин а цамгарш. Дукха ду бIаьрса ледара долу бераш. Цамгарш гучуевлла бераш тергоне оьцу, цаьрга леррина хьовсу.
Ала луур дара, наноша дика леладо шайн бераш. Тхуна тIе далош долу бераш цIена а, хаза кечдина а хуьлу.
Халахетарца билгалдаьккхира Иймана тIаьхьарчу хенахь БЦЖ ца йойтуш берш алссамдовлар. «Хьалха хиллачуьнца дуьстича, тхан балхахь цхьадолу хIуманаш хийцаделла. Масала, хьалха наношка хоьттуш ца хуьлура, прививка йой бохуш. Ткъа хIинца иза нанойн лааме хьаьжжина хуьлу. Карарчу хенахь прививкаш ца йойтуш берш дукха бу. Старопромысловски район туберкулез цамгар хиларца хьалхарчу меттехь хилча, муха Iийр бу БЦЖ ца йойтуш», – бохура И.Хизировас.
Берашца болх бан хала-м дац аьлла, шега хаьттича, тамашийна хийтира Ийманна. «ХIара болх сайна безаш ца хилча, кхо бер охьа а туьйсуш, кхуза лелар ма яцара со. Аса безаш бо хIара болх, цундела суна атта ду», – элира цо.
Цуьнца яьккхинчу кIезигчу хенахь тхуна хааделира берийн наной а цунна резахуьлий. И дара коьртаниг.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан сурт
№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо