Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдеш, Соьлжан районан бахархой балха дIанисбаран туьшо жигарабаьккхина нахана белхан меттигашца кхачояран болх. Пенсин хенаш йолу нах балхара мукъабахар бахьана долуш паргIатъяьллачу 55 меттигана туьше заявкаш елира районерчу предприятеша а, организацеша а. ПаргIатъевллачу меттигашка гуттаренна а болчу балха дIанисвина 143 стаг. ДIаязвина бан болх боцу 1191 стаг. Бахархой балха дIанисбарехь церан аьттонна туьшаша кхочушдечу хьаштех а, къинхьегаман рынок кхиоран таронех а, оьшуш болчу белхалойх а, корматаллех а, паргIат йолчу белхан меттигех а лаьцна хаамаш ло.
– Туьшо жигара болх бо корматаллаш йолу а, йоцу а бахархой балха хьажорехь. Царна хоржу уггаре а гIолехь долу къинхьегаман хьелаш. И болх кхин а жигарабоккхур бу, бахархой резахуьлучу кепара уьш д1а а нисбеш», – элира туьшан коьртачу инспектора Амаева Регинас.
Билгалдаккха деза Соьлжан районан бахархой балха дIанисбаран туьшехь болх беш шайн гIуллакх дика девзаш а, жоьпалла долуш а нах хилар. Церан белхан декхарш дукха ду. Царна юкъадоьду бахархой тIеэцар а, консультацеш а, белхазхошкара документаш дIаэцар а, цаьрга хаамаш бар а, кхидерг а. Царна хаьа цхьа гIуллакх хилла шайна тIебаьхкинарш тIеэца а, цаьрга ладогIа а. Уьш балхана хьуьнаре бу. ТIеэцаран дийнахь адамаш дукха хуьлу туьшехь. Амма хIетте а уьш дика ларабо шайна хьалхалаьттачу декхаршца. Цундела туьшан белхахой шайн гIуллакхе самонца, лерина хьовсарна бахархоша баркалла боху царна.
Р.ЮНУСОВА
№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо