Лулахошкара керланаш

Къоначу доьзалшна хIусамаш

 67

МАЙКОП. Х1окху деношкахь Адыгейн коьртачу шахьаран администрацехь, регионан премьер-министра Кумпилов Мурата дакъа а лоцуш, къоначу 143 доьзална д1аделира х1усамаш оьцуш социальни такхарш дарна бакъо луш долу тоьшаллаш. Цигахь иштта дакъалецира г1алин администрацин куьйгалхочо Наролин Александра, г1ишлошъяран, транспортан, х1усамийн-коммунальни а, некъийн а  бахаман министра Картамышев Валерийс, халкъан депутатийн г1алин Советан векалша.

Оцу хиламца программин дакъалацархой декъал а беш, республикин Правительствон Председатела тидам т1ебахийтира кризисан хьелашкахь а социальни ерриге а программаш кхиамца кхочушъярна т1ехьажийна меттигерчу куьйгалло боккха болх д1ахьош хиларна. Т1аьххьарчу шина шарахь дерриге т1ег1анашкарчу бюджеташкара ахча алсамха д1ахецар бахьанехь кхузза яцъелла къона доьзалш х1усамашна рог1ехь латтаран хенаш. Ткъа чекхдаьллачу итт шарахь х1усамаш эцарехь пачхьалкхо г1о дар бахьанехь цхьа эзар гергга болчу доьзалийн шайн х1усамашка берза таро хилла. Оцу г1уллакхана чекхбаьллачу муьрехь 500 миллион сом гергга долчу ахчанах харж йина республикехь.

Цуьнца цхьаьна боккха тидам т1ебохуьйту Адыгейхь берийн бошмашкахь меттигаш алсамъяхарна, буоберийн х1усамашка долу хьашташ кхочушдарна, спортан а, медицинин а объекташ ярна.

 

Дагестанехь – Халкъийн цхьааллин де

 

МАХАЧКАЛА. Правительствон сацамца Дагестанан Халкъийн цхьааллин де мукъа де лерина республикехь.

Пхоьалг1а шо ду регионехь и де билгалдоккху. 2010-чу шеран декабрехь Дагестанан халкъийн кхоалг1ачу съездехь сацам хилира иштта дезде х1отто. Ткъа республикин куьйгалхочун 2011-чу шеран 6-чу июлехь арадаьллачу указца и де 15-чу сентябрехь – Дагестанан эскарша ирански Надир-шахан эскарна т1ехь толам баьккхинчу дийнахь (иштта хилам 1741-чу шарахь хилла) – билгалдаккха сацам т1еийцира.

Ерриге а районашкахь шуьйрачу барамашкахь билгалдоккху долчу оцу дийнахь регионан а, Россин а тоьллачу кхоллараллин коллективаша гойтур ю шайн башха корматалла. Даздаршкахь иштта жигара дакъалоцур ду меттигерчу халкъийн кхоллараллин тайп-тайпанчу тобанаша а. Шайн хьуьнарш зуьйр ду спортан векалша.

 

Цхьаьнакхийтира Россин халкъийн Ассамблейн векалш

 001

МАГАС. Меттигерчу «Асса» юкъара1ойлехь д1адаьхьира Россин халкъийн Ассамблейн векалш цхьаьнакхетар. Иза доьзна дара Г1алг1айчохь ехаш йолчу Украинин халкъан векална Завадская Любовина цо дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна дукха хан йоццуш Россин Президента Путин Владимира баркалла кхайкхорца.

Юкъара1ойлин конференц-залехь д1адаьхьначу оцу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Россин халкъийн Ассамблейн председателан шина заместитела. – ИГСУП-н къаьмнийн а, федеративни а юкъаметтигийн кафедрин доцента, депутата Абдулганиев Назиржона, историн 1илманийн кандидата, доцента Круговых Игора – республикехь дехаш долчу кхечу къаьмнийн векалша.

Цигахь къамел динчу Ассамблейн меттигерчу отделенин куьйгалхочо Барахоева Мадинас даггара декъалйира Л.Завадская ишттачу хиламца, билгалдаьккхира регионехь дуккха а шерашкахь ша ехачу хенахь цо юкъараллин дахарехь жигара дакъалаьцна хилар, оьшуш меттиг хилча г1оьнна иза даима а кийча хилла хилар. Цунна къеггина тоьшалла хилира Россин Президента зудчун г1уллакхийн хадийна лаккхара мах а.

Цхьаьнакхетарехь иштта  дийцаре дира меттигерчу отделенин декъашхоша герггарчу хенахь дан билгалдина г1уллакхаш.

 

Кестта – керлачу хIусамашка…

 

ВЛАДИКАВКАЗ.  Къилбаседа-Х1ирийчоьнан коьртачу шахьаран Весенни урамехь дан долийна мохк бегорна кхерамазалла йолу пхи ц1а, Россин сейсмически районашкахь и тайпа х1усамаш яран федеральни программица нийса а дог1уш.

И г1ишлош ярна къастийна дерриге а ахча цхьа миллиард соьме кхаьчна. Оцу 1алашонна федеральни бюджетера къастийна 834,5 миллион сом, республикин бюджетера –26  миллион. Ткъа шаьш урхалла даран меттигерчу администрацера къастийнарг кхин а алсам ду – 136,6 миллион соьман барамехь ахча.

Оцу ахчанах доккхах долу дакъа Владикавказ г1алина кхаьчна – 715 миллион сом. Кхузахь деш долчу пхеа ц1енош чохь 395 х1усам хир ю. Уьш   аварийни х1усамашкахь 1аш болчарна д1айоькъур ю.

 

Ветеринараша гIо дира

 

СТАВРОПОЛЬ.  Къора тухуш даккхий зенаш дира крайн Нина юьртана а, кхечу меттигашна а. Амма бахархой шаьш цхьа ца бисира хиллачу бохамна хьалха. Уггаре хьалха орцахбевллачарна юкъахь бара крайн ветеринарни урхаллин белхахой. Масех дийнахь цхьа б1е эзар соьмал сов ахча гулдира цара юьртана г1оьнна.

Оцу ахчанах 468 шифер эцна. Иза д1асайоькъур ю ц1енойн тхевнаш меттах1итторна.

Сайташ тIера хаамаш кечбинарг – Л.МАГОВ

№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: