Хьалха-Марта гIалара Далаев Тамерлан буо ду. КIентан да кхелхина Тамерлан дуьнен чу а валале, 13 шо хьалха. Ткъа 2006-чу шарахь цуьнан нана кхелхина. Да-нана доцуш висина кIант кхобуш, цунна верасалла деш дейиша ю. Цул сов Тамерлан дуьнен чу ваьлчахьана дуьйна а жаннашца бала хьоьгуш ву. 2010-чу шарахь операци а йина, цуьнан жаннаш дIадехира, керла, шен доцу жаннаш дехкира цунна. Халахеташ делахь а, кIентан дегIо уьш тIе ца лецира. И бахьана долуш лоьрийн уьш дIадаха дийзира.
ХIинца кхиазхо Российски берийн клиникин больницехь шолгIа операци ян езаш, и яре хьоьжуш Iаш ву. Тамерланна керла жаннаш дахккалц,
хIора шолгIачу дийнахь гемодиализ процедурах – жаннашца а доцуш цIий цIандарх чекхвала везаш ву иза. Ялх-бархI сохьтехь латтаво кIант «искуственни жаннийн» аппаратана кIелахь. Оцу аппаратах чекхдоху Тамерланан цIий, токсинех, зуламечу кхечу хIуманех цIандеш.
Гемодиализ еш болу дархой, къаьсттина бераш дуккха а беттанашкахь Iан дезаш хуьлу, дIасадахар доцуш. Тамерланна чIогIа ницкъ хуьлу дарбанаш лелоран учрежденехь хан йоккхуш.
Кхин цхьа сингаттам а бу. Жаннаш дахкаран операци мах ца боккхуш еш елахь а, цуьнан (кIентан) шен доцу жаннаш кийране, дегIе тIеэцийтарехьа дарбанаш лелоран, цунна профилактика яран препараташ эцарна мах Тамерланна дола деш йолчу дейишас бала безаш бу. Оьшуш дерг 425 000 сом ду. Оццул ахча цуьнан дац, и дала стаг а вац цуьнан.
Тамерлан шен ма-хуьллу дахарх тасавелла воллу. Массара а цхьаьна гIо де вай цунна хIокху дахарехь виса.
Россин къинхетаман организацийн Союзо доьху Далаев Тамерланна гIо дан лууш а, таро а йолчаьрга массаьрга а цунна дарбанна оьшу ахча дахьийтар.
Мелла а буьззина хаам лур бу кху телефонехула (495) 225 13 16 я сайтехь – www.groznet.ru.
Реквизиташ:
Схьаэцархо: «Россин къинхетаман организацийн Союз» коммерчески йоцу партнерство.
ИНН 7715257832, КПП 771501001
Расчетан счет соьмашкахь: 40703810400000000217
«РУССЛАВБАНК» АКБ-хь (ЗАО) гI.Москва.
Кор.счет: 30101810800000000685
БИК: 044552685
Платежан хьашт: Далаев Тамерланна дарбалелорна сагIа.
P.S. «Мегафон» ОАО-н абонентийн Далаев Тамерланна а, чIогIа цомгаш долчу кхечу берашна а гIо дан таро хир ю йоцачу 5035 номерна тIе SMS яхьийтарца я *503# номерца телефон тохарца. Цхьана SMS-н я цкъа телефон тохаран мах 30 сом бу. Билггал оццул ахча дIадоккхур ду хIора а хаам дIабахьийтинчун счета тIера, иза дIахьажор ду гIо оьшучу кIенташна а, йоIаршна а.
Иштта, Тамерланна а, чIогIа цомгаш долчу кхечу берашна а сагIийна ахча дахьийта йиш ю ахча дIатасаран а, платежийн а CONTAKT (Контакт) системехула а, платежиш яран QIWI (КИВИ) терминалийн системашкахула а.