Некъан бохамах ларлуш…

Дукха хан йоццуш «Грозный» телевиденин  студехь дIадаьхьира вайн республикин некъашкахь хIоьттина долу хьал дийцаре дар. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Соьлжа-ГIалин къеда Хийтанаев Мохьмад, Нохчийн Республикин МВД-н УГИБДД-н коьрта инспектор Кадимагомаев Лом-Iела, Нохчийн Республикин кхерамазаллин Советан аппаратан юкъараллин а, кхерамазаллин а отделан хьаькам Алиев Данилбек, иштта транспортан министерствон белхахой, Кегийрхойн парламентан декъашхой,  кхиболу хьеший.DSC_1794

 «Точки опоры» передача дIахьош вара Баширов Сайд-Мохьмад.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца кхоьллинчу оперативни штабо, шена гIо деш дуккха а министерствош а,  ведомствош а йолуш, царна юкъахь Iеламнах а болуш, дIахьочу белхийн хьалхарчу жамIашна лерина яра иза.

Вайн дукхах болчу махкахоша сагатдечух ду  республикин некъашкахь хIоьттина долу хьал. Некъан боламан бакъенаш талхочарна деш долу таIзарш алсамдахарца доьзна, таханлерчу дийнахь и гIуллакх мелла а гIолехьчу хорша дирзина.

Хийтанаев Мохьмада, вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш а далош, дийцира бусалба динехь мел деза ду адаман дахар а, цуьнан даьхни а лардар. Цундела шоферш вовшашка ларам а болуш, некъан боламан бакъенаш лар а еш, лела безара.

Кадимагомаев Лом-Iелас довзийтира вайн республикин некъашкахь хиллачу некъийн бохамийн хьал. Цо дийцарехь, хIара шо доладелчахьана 274 некъан бохам хилла, стохкалерчуьнца (302) дуьстича мелла а лахара ду иза. Карарчу хенахь бераш школе дуьйлалуш хилар тидаме а эцна,  машенаш  лелочаьрга кхин а чIогIа ларлуш хиларе кхайкхира иза. Иштта цо билгалдаьккхира муьлхха а сери йолуш машен елахь а, шофер таIзар ца деш вуьтург цахилар.DSC_1795

Алиев Данилбека довзийтира некъан боламан бакъенаш талхочарна деш долу таIзарш. Цо элира: – «10-чу августехь дуьйна гIуданан майдана схьаялийна 11432 машен, 15 эзар сов административни гIуда тоьхна, 12 млн. сов соьмана республикин бюджетана пайда хилла. Инстаграмма чохь дIахьош долчу «бакъе талхор 95» гIуллакхо 122 зуламхо гучуваккха аьтто бина».

Цхьаьнакхетар дерзоле М.Хийтанаевс элира: «Уггаре а хьалха сайн дегIе а, цул тIаьхьа машенахь лелачу массо стаге а весет дара сан некъан боламан бакъенаш хьоьхуш, некъашкахь дIахIиттийна йолу билгалонаш Iамае аьлла». И дешнаш дагах ца кхеташ вуьсур ву аьлла ца хета цхьа а.

Машен юьгуш волчу муьлххачо а дагахь латто дезара цIахь шайга хьоьжуш Iаш шайн гергарнаш хилар. Шоферш ларлуш лелча, цхьаболу бохамаш ца хуьлуш буьсур бара аьлла хета.

Л.ДАУТОВА

Л.ЦАГУЕВАН  суьрташ

№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: