ЦIерш йийларх лардала деза

Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин белхахоша Залаев Ризваний, Сайдаев Султаний кху деношкахь пресс-конференци дIаяьхьира вайн республикин журналисташца. Дийцаре дира республикехь цIерш йийлар а, и бохамаш ца хилийта лелон дезаш долу бахьанаш а.

 img_176341

Карарчу шеран 2-чу августера хIара хан кхаччалц йолчу юкъана 256 цIеяьлла меттиг хилла вайн республикехь. Оцу бахьанина 2 стаг велла, 34 лазийна, 8,256 соьман барамехь зен а хилла. ЦIерш йийларна бехке веш Iедало жоьпе озийна 191 стаг. Р. Залаевс а, С. Сайдаевс а дийцарехь, бахархой лар цабаларна ду и цIерш йийлар.

Нах цIерш йийларх ларбаларе кхойкхура цара. Цхьаъ хилла а бохам кIезиг хир бара массо ларлуш хилча.

– ХIораммо а шайн-шайн керташкара газ, электричество  тидамза ца юьтуш, ларъеш хилахь, и бохамаш мелла а лахлур бу. Вайна ма-хаъара, республикин бахархошца  кест-кеста цIе яларх лардала Iаморан профилактикин белхаш беш ду тхо, – элира Р. Залаевс.

Иштта цо билгалдаьккхира, шайна бахархошца профилактика яран белхашна тIехь гIо-накъосталла деш тайп-тайпана министерствош а, ведомствош а, юкъараллин организацеш а  хилар.

 

И.МАТАГОВ

№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: