Оборонан министерствон хьалха хилла гIуллакххо Васильева Евгения хенал хьалха паргIатъяккхаран хьокъехь Владимирски суьдо бина сацам синтем бойъуш гIуллакх ду ерриге Россин юкъараллина. Куьзган чохь санна схьагойту цо вайн суьдан системехь долу хьал, дуккха а барамехь хийцамаш беш, реформаш дIахьош, гIуллакхаш динчул тIаьхьа вайн суьдан Iедал муха ду.
Оцу хиламца доьзна суьдан системехь тахана долуш долчу хьолах лаьцна шена хетарг дийцира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала
Нухажиев Нурдис.
– Ойла кхоллало, ша беш болчу нийсонан боцчу сацамех лаьцна юкъараллина хетарг вайн суьдан системо цхьана а кепара хьесапе ца оьцу аьлла. Шен цхьаболчу сацамашца цо бойъу нийсоно толам боккхур бу бохучух лаьцна болу гражданийн тешам. Ткъа суд, вайна хууш ма-хиллара, гражданаша и нийсо лаха езаш долу тIаьххьара тIегIа ду. Суьдан Iедал ша дозуш цахиларх паргIатдоккхий-техьа Россин кхолламах шена тIехь долчу жоьпаллех? Я суьдахой ца кхета даррехь нийса боцу сацамаш тIеэцарца шаьш пачхьалкхан ондалла йохош хиларх, цуьнга болу тешам бойъуш хиларх? И дерриге а хуьлуш ду шен исторехь уггаре а чолхе мур Россина тIехIоьттинчу хенахь.
Ас даггара къобалдо Россехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала Памфилова Эллас дина дIахьедар. Цо нийса билгалдаьккхира Россехь таллам а (следствие), суьдан производство а шина тIегIане екъалуш хилар – «элитни» а, «бухадисинчу халкъана» а. Бохаме ду иштта долуш дерг. Суьдан Iедал баккъал а дозуш доцуш хила декхар ду, билггалчу адамийн тобанийн хьашташ кхочуш а ца деш. Васильеваца хилларг хьашташ оцу кепара кхочушдаран къеггина масал ду.
Практикехь вайна гуш дерг хIун ду? Пачхьалкхан бIеннаш миллионаш, миллиардаш соьман барамехь ахча лачкъадо стага, амма иза шен хIусамехь чувоьллина ларалуш ву, я политически бахьанашца лерарш дечеран могIара хIоттаво. ТIаьххьарчу чоьтехь ишттачу дукхах йолчу меттигашкахь суьдо лерарш дар чекхдолу пайдабоццу таIзар дарца, я цунна тIера бехкевар дIадаккхарца.
Амма могIарера гражданин, масех эзар соьмана бехке веш велахь, иза суьдан сацамца сихха чувуллур ву. Сан практикехь дуккха а ю «могIарера» чубоьхкинарш хенал хьалха шаьш паргIатбахийтаран хьокъехь долу гIуллакх къасторе хьуьйсуш хиларан меттигаш. Хенал хьалха паргIатбаха хьакъ болчарах дукхахберш чубоьхкинчохь буьсу. Цхьа а тайпа шеко яц, Памфиловас билгалдаьккхина ма-хиллара, сацам боллуш паргIатдовла деза оцу декъехь долчу дерриге а сакхтех.
Суьдан органаша Iаламат йоккха харцо лелош хиларан дуккха а меттигаш нисъян гIерта дезаш хуьлу адамийн бакъонаш ларъярхойн. Иштта, Кисловодскерчу маьждиган имамана К-А.Байчоровна 3,5 шо хан туьйхира цо дина доцчу зуламна. Кхузахь суьдо кхочушйира бакъонашларъярхойн билггалчу тобанан заказ, царна новкъара иза дIа а воккхуш. Я кхин масал. Москва гIалин Тагански суьдо шина шарахь гергга чохь валлийра гражданин У.А.Юсупов. Цу тIе иза бехке цахиларан билггал бакъдерш доллушехь. Муха дIадирзира и гIуллакх? ТIаьххьарчу чоьтехь суьдан кхеташонехь пачхьалкхан бехкевархочо дуьхьало йира иза бехкеван. И бахьанехь суьдан сацо дийзира и уголовни гIуллакх къастор, цул совнаха реабилитаци ян Юсуповн бакъо хиларна къера а хуьлуш.
Я иштта масал. 1995-чу шеран июнехь Буденновск гIалина тIелатаран декъашхо хуьлийла цахиларан хьокъехь цуьнгахь ондда тоьшаллаш доллушехь, суьдан сацамца Ессентуки гIалахь (Ставропольски край) СИЗО-хь валлош ву Нохчийн Республикин вахархо Р.Белялов. Кхузахь хьесапе оьцуш дац оцу хенахь бехкевеш верг 1995-чу шеран июнехь Башкортостан Республикехь хилла хиларан хьокъехь долу Iаламат дукха тоьшаллаш а, документаш а. Суд шена хетачунна тIехь лаьтташ ю, лелош ерг даррехь харцо хилар гуш доллушехь.
Халахеташ делахь а, иштта масалш Iаламат дукха ду тхан практикехь.
Россин гражданашка ларам цахилар санна лара догIу Васильева хенал хьалха паргIатъяккхар. Кхеташ ма-хиллара, цунах шех доьзна дац и гIуллакх. Къамел ду пачхьалкхана а, юкъараллина а юкъа Iаламат йоккха херо юлуш хиларх, оцу гIуллакхан тIаьхьенаш ледара хила тарлуш хиларх. Цундела теша Россехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала мехкан президенте бинчу кхайкхаман гIо лоцург хиларх а, Россин Кхерамазаллин Кхеташоно «Оборонсервисан» гIуллакхехула сацамаш тIеэцначу адамийн а, тIегIанийн а гIуллакхийн хьакъ боллу мах хадориг хиларх а.
Зорбане кечйинарг – Л.МАГОМАЕВ
№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо