Къилба Корейхь тIекIалдаьлла чIерий лоьцу хIордкема. Цу тIехь хиллачарах бархI стаг кхелхина, кхоъ кIелхьара ваьккхина. Бохам хилла кира тIедоттаран бакъонаш талхор бахьанехь.
***
Великобританин дукхахболу бахархой Евросоюзана юкъара дIабовла лууш бу. Ингалсхой дезаш бац Европин мехкашца долу юкъара хIума.
***
Малайзина юххехь а доьхна цхьа хIордкема. Цу тIехь хиллачу нахах 50 стаг кхелхина. И бохам хилар стенца доьзна ду цкъачунна хууш дац.
***
Испанехь ралли дIахьочу хенахь цхьа машен хьовсархошна тIекхетта. Цигахь ялх стаг велла, лазийнарг 16 ву. Царах дукхахберш вуочу хьолехь бу.
***
«Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн декъашхоша Иранера цхьа журналист йийначул тIаьхьа цуьнан да а вийна.
***
СаIудийн Арави коьртехь йолчу тIеман-хIаваан ницкъийн кеманаша бомбанаш тоьхна Йеменан пачхьене. Байъинарш а, чевнаш хилларш а мел бу дуьйцуш дац.
***
Ирландин тIеман-хIордан ницкъаша дуьненаюкъарчу хIорда чохь хIаллакьхуьлучуьра кIелхьара ваьккхина Шемарчу тIамах ведда вогIуш хилла кхо бIе сов стаг.
***
Молдавин коьртачу шахьарахь Кишиневехь митинге арабевлира эзарнаш бахархой. Цара лоьхура правительство отставке яхийтар, махкахь керла харжамаш бар.
***
Белоруссехь дIаболабелла хинболчу президентан харжамашка хьалхатоттучу кандидаташна регистраци яран мур.
***
Донецкан Халкъан Республикин куьйгалло билгалдаккхарехь, «тийналлин рожах» пайда а оьцуш, Украинин Iедалан эскарш республикин дозане бронетехника тIеузуш ду.
***
Россин Президент В.Путин 7-чу сентябрехь цхьаьнакхийтира Эрмалойчоьнан Президентаца С.Саргсянца. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхана юкъара политикин а, экономикин а, культурин а зIенаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
В.Путина дIахьедина: «Шемера нах оцу мехкан Президентах Б.Асадах уьдуш бац, ткъа ИГИЛ-х уьдуш бу!
***
Къилбаседа Федеральни округехь тIаьхьарчу цхьана-шина дийнахь 34 цIе дIаяйъина. ЦIеяйъархошна гIо деш ду МЧС-н кеманаш.
№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо