Россин а, Китайн а доттагIаллин билгало

Дуьненан шолгIа тIом чекхбаьлла 70 шо кхачаран сийнна лерина Китайхь дIадаьхьначу даздаршкахь дакъалецира шен коьртехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат хиллачу йоккхачу делегацис.Снимок

Иза иштта доьзна дара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо ахчанца гIо а деш, Китайн къилбаседа-малхбалехь йолчу Далянь гIалахь советски эскархойн кешнашкахь реставраци яран белхаш чекхбахарца а.

ДоггIучуьра билгалдоккхур вай гIалин Цинюньцзе урамехь йолу мемориал  XIX-чу бIешеран чаккхенехь а, XX-чу бIешеран  юьххьехь долийначу советски эскархойн  кешнашкахь йиллина хилар. Цигахь дIабоьхкина Ляодун ахгIайри тIехь гIуллакх деш хIаллакьхилла а, I945-гIа шо чекхдаьллачул тIаьхьа чевнаш, цамгарш бахьанехь кхелхина а хилла советски эпсарш а, салтий а.

Кешнаша дIалоцу 1,25 гектар майда. Дерриге а 612 каш ду цигахь. Ткъа царах 371 каш советски салтийн а, эпсарийн а, 54 каш советски тIемалойн доьзалийн а ду.

Кешнаш тодар чекхдаккхарца доьзна хиллачу даздаршкахь дакъалоцуш вара Китайхь волу Россин посол Денисов Андрей, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо тIедилларца регионан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Далянь гIалин халкъан правительствон а, «Оьрсийн клуб» аьлла йолчу юкъараллин организацин а векалш, ткъа иштта Россин а, Китайн  а студенташ. Минотехь бист ца хуьлуш латтарца ларам бира эгначу турпалхойн, тIемалойн кешнашка зезагаш а дехкира.

Умаров Джамбулата билгалдаьккхина ма-хиллара, кешнашкахь реставраци яран белхаш дIабахьаран хьокъехь сацам тIеэцнарг дуьххьалдIа Кадыров Рамзан вара.

– Шен оцу граждански хьуьнарца Нохчийчоьнан Куьйгалхочо кхин цкъа а чIагIди нохчийн халкъ Россин дIакъасто йиш йоцуш долу дакъа хилар. Нохчийн Республика, цуьнан истори оьрсийн, шена юкъахь советски халкъ а долуш, Россин сийлахь-йоккхачу историн дакъа ду, – билгалдаьккхира Д.Умаровс. Цо иштта дIахьедира кешнаш тодаран хьокъехь болу сацам  Россина а, Китайна а юккъерчу доттагIаллин билгало лара йогIуш хиларан хьокъехь.

 

Хамидова Мадина

№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: