Кавказан Туземни дошлойн дивизи юкъайогIучу Нохчийн дошлойн полкан кхелхинчеран сийнна лерина 6-чу сентябрехь «Терроризмана дуьхьал тIом беш эгначийн мемориалехь» схьайиллира мемориальни экъанаш.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Правительствон председателан заместитель, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, муфти Межиев Салахь, Правительствон декъашхой, Парламентан депутаташ, Россин регионашкара баьхкина хьеший, вайн республикин министерствийн, ведомствийн куьйгалхой, лакхахь хьахийначу полкан кхелхинчу дошлойн тIаьхьенийн векалш, Суворовн цIарахчу тIеман училищен курсанташ, иштта кхиболу хьеший.
Мероприяти схьайиллира Россин а, Нохчийн Республикин а гимнаш аларца. Цул тIаьхьа вистхилира Кадыров Рамзан. Цо элира: – «Вайн тIекхуьучу тIаьхьено масал эца хьакъ долуш бу муьлхха а кхерам вайн пачхьалкхана тIехIоьттинчу хенахь мостагIчунна дуьхьал тIом беш кхелхина Нохчийн пачхьалкхан дошлойн полкан майра тIемалой а, афганхой а, иштта вайн заманахь а терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал тIом беш, Россин цхьаалла ларъеш, кхелхинарш а. Церан массеран а цIерш хIокху мемориалехь дIаязйина ю. Иштта къонахий вайн хилар бахьана долуш, вайн йиш ю маьршачу, хазачу пачхьалкхехь даха. Иштта хилла массо а хенахь, тIейогIучу хенахь хир а ду.
Тахана вай Цхьааллин а, Бартан а денна лерина вовшахтоьхна ду хIара гIуллакх. Кавказан Туземни дошлойн дивизехь хиллачу Нохчийн дошлойн полкехь кхо эзар нохчи хилла бохуш, дуьйцу.
Уьш дерриге а кестта юкъараллина довзуьйтур а ду. Оцу къонахийн майралло, доьналло гIо до Россин пачхьалкхехь ондда машар латто. Дала декъалбойла массо а заманашкахь кхелхинарш. Цара дерриге а дуьне цецдоккхуш тIемаш бина, Iожаллах ца кхоьруш. Йовр йоцуш, дикачу агIор шайн цIерш а яхийтина цара, пачхьалкхан цхьаалла ларъян дIа а хIиттина, шайн дахарш ца кхоош».
Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана Кавказан Туземни дошлойн дивизин тIемалойн тIаьхьенех болчаьрга дIаелира бакъдолчу документаш тIера яьхначу СовгIатийн кехатийн копеш. Уьш дIаелла бевлча, баьццара аса а хадийна, схьайиллира мемориал. Суворовн цIарахчу тIеман училищен курсанташа зезагийн кочарш дехкира мемориалана хьалха. Гулбеллачара массара зезагаш дехкира.
Дуьненан хьалхарчу тIамехь эгначийн кехаташ леррина Iалашдеш ду Нохчийн архивни урхаллехь. Гуттар чIогIа уьш мехала ду цу тIемалойн тIаьхьенех болчарна. И кехаташ Россин Паччахьо Николай Александровича чIагIдина ду.
Дуьненан хьалхарчу тIамехь эгначийн тIаьхьенех болчара баркалла элира Кадыров Рамзанна, бала а кхаьчна, и кехаташ шайна схьадаларна а, шайн дедай, дедедай дагабахкарна а.
Мероприяти чекхйолуш, Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахьа, Деле кхелхинчарах къинхетам бар доьхуш, доIа дира.
Л.ДАУТОВА
№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо