Стомара, 6-чу сентябрехь, вайн махкахь дIадаьхьира Республикин денна лерина гIуллакхаш: «горга стоьлаш», конкурсаш, гуламаш. Царах коьртаниг дара Соьлжа-ГIаларчу М.Лермонтовн цIарахчу театрехь дIадаьхьна цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, РФ-н Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Правительствон декъашхой, районийн, яртийн куьйгалхой, иштта, кхечу регионашкара баьхкина дуккха а хьеший.
Цхьаьнакхетар дIадолош, Республикин дийнах лаьцна дуьйцуш, видеокийсак гайтира. Цул тIаьхьа гайтира Кавказан дошлойн дивизина юкъайогIуш хиллачу Нохчийн полкан истори йовзуьйтуш фильм. Иза доьзна дара Республикин дийнахь Кавказан дошлойн дивизин Нохчийн полкан бIаьхой дагалацаран де а билгалдоккхуш хиларца.
Цхьаьнакхетаран официальни дакъа Россин а, Нохчийчоьнан а гимнийн мукъамаш лакхийтарца дIадоладелира. Дагна тIе куьйгаш а дехкина ладугIуш берш а, мукъамца гимнийн могIанаш олуш берш а бара алссам. Цул тIаьхьа сцени тIе велира Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.
– Кху зала чохь дукхах болчарна дагадогIу, 6-гIа сентябрь, шен хенахь, «Ичкерин йозуш цахиларан де» хилар. «Ичкерех» вайна баьлла пайда бевзаш бу. Цу хенахь нохчийн къам оппозицин, тукхамийн, тайпанийн, гарийн а дакъошка декъаделла дара. Шина вешина юкъахь а дара цакхетарш. Цул сов, тахана цхьа болх а беш, кху зала чу гулделла долу вай, цу «Ичкерин» муьрехь, вовшашца мостагIалла лелийна ду… ТIаккха Ахьмад-Хьаьжас хIун дира? Ас хIинца мел дийцинарг, вайна санна, шен бIаьргашна гина ма варий иза а. ХIун дира цо, ша Нохчийн Республикин куьйгалле хIоьттича? 6-гIа сентябрь, «Ичкерин йозуш цахиларан де», цу «Ичкерех» баьлла берриге а пайда шена бевзаш хилла дела, Республикин де хир ду аьлла, дIакхайкхийра-кх. Нохчийн Республикин бахархойн барт хиларан а, цхьааллин а де хир ду аьлла. И де билгалдаккхаран Iалашо нохчийн вовшашца долу мостагIалла дIа а даьккхина, шаьш цхьана къоман нах хилар царна дIахаийтар яра. Дала тIаьхье беркате йойла вайн! – элира Р. Кадыровс.
Шен къамел чекхдаьлча, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Указца билгалбаьхна болчу РФ-н МВД-н Къилбаседа Кавказан федеральни округехула йолчу СОБР-н а, СОБР-2-н а тоьллачу бIаьхошна «Къонахаллин орденашца» а, «Майраллина» мидалшца а совгIаташ дира Кадыров Рамзана. «Терек» СОБР-н отделан куьйгалхочун заместительна Тушаев Мохьмадна Кадыровн орденца совгIат дира. Республикин Куьйгалхочун хьехамчина Торшин Юрийна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал а, кхин шина бIаьхочунна «Нохчийн Республикин Турсло» мидалш а елира Р.Кадыровс.
Республикин Куьйгалхо а, бахархой а дезчу денца декъалбеш, бистхилира баьхкина хьеший. Цара массара билгалдоккхуш дара, Нохчийчохь хуьлуш болчу кхиамаша ерриге а Кавказна юьхькIам беш хилар а, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Кавказехь муьлххачу къомо лоруш хилар а.
Шен рогIехь сцени тIе ваьллачу Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочо Межиев Салахьа элира: «Дала Шен пурбанца ваийтина вара Ахьмад-Хьаьжа. Динан а, дуьненан а Iилманаш шегахь долуш, вуьззина нохчийн къонах вара иза. Нохчийн къомана а, махкана а оьшург девзаш а вара. Оьшуш берг барт бара. Ша кхелхинехь а (Дала гIазот къобалдойла цуьнан), вайна барт а, машар а буьтуш, вахана иза бакъдуьнена».
Цул тIаьхьа, Ахьмад-Хьаьжа а, иштта гIазотехь кхелхина нохчийн массо кIант а, нохчийн мохк а дагалоцуш, доIа дира цхьаьнакхетаран дакъалацархоша.
Нохчийн Республикин культурин министерствос кечйина концертан программа а гойтуш, дерзийра Республикин денна лерина долу даздарш.
И.ХАСАХАНОВ
М.САДУЛАЕВН cурт
№101, шинара, 8 сентябрь, 2015 шо