«Терек» «Носта» командица ловзур ю

Хьалхара  сентябрь тIекхачале Россин футбольни союзо (РФС) Профессиональни лигица цхьаьна Россин  Кубок къовсарехула долу 1/16  финалан ловзаршна кхаж тесира.

Кхаж  тесначул  тIаьха  хиира «Терекана»  дуьхьал Новотроицкера «Носта»  команда ловзург хилар. Футбольни регламентаца а  догIуш, соьлжагIалахой  хьошалгIахь  ловзур бу.

Россин  Кубкан  1/16  финалан  матчаш  дIахьур  ю 23-24 сентябрехь.

 «Терек» футбольни клубан официальни сайто хаам беш ма-хиллара, «Носта» клуб кхоллаела 1991-чу шарахь. 2007-чу шарахь  «Терек»  хьалхарчу  дивизионехь йолуш цхьаьнакхеттера «Носта» командица. ХьошалгIахь  дIаяьхьначу матчехь соьлжагIалахой ийшира – (0:2). Амма цIахь дIадаьхьначу ловзарехь жамI 3:0  хилира.

 

1/16 финалан кхаж тасаран жамIаш 

Волга (Тверь) – Зенит (Санкт- Петербург)

Тосно (Тосно) – Ростов (Ростов-на-Дону)

Волга (Нижний Новгород) – Спартак (Москва)

Торпедо (Армавир) – Локомотив (Москва)

Спартак (Нальчик) – Амкар (Пермь)

Зенит (Ижевск) – Краснодар (Краснодар)

Сокол (Саратов) – Анжи (Махачкала)

Химки (Химки) – Мордовия (Саранск)

Носта (Новотроицк) – Терек (Грозный)

Байкал (Иркутск) – ЦСКА (Москва)

Енисей (Красноярск) – Урал (Екатеринбург)

Ска-Энергия (Хабаровск) – Рубин (Казань)

Сахалин (Южно-Сахалинск)- Уфа (Уфа)

Локомотив (Лиски) – Динамо (Москва)

Тамбов (Тамбов) – Крылья Советов (Самара)

Шахтёр (Пешелань) / Шинник (Ярославль) – Кубань (Краснодар)

А.Туршиев

№102, еара, 10-г1а сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: