Дуьненаюкъарчу могашаллаIалашъяран организацин хьесапца дуьнентIехь дехачу адамех 6,5 процент, вуьшта аьлча, 380 миллион адам ду шекаран диабет лазар долуш. Оцу лазарх «ХХІ—чу бIешеран ун» алар бух боцуш дац. ХIора секундехь 3 стаг билгалволу оцу лазарх, хIора 8 секундехь цхьа стаг ле и бахьана долуш. Медицинин Iилма тайп—тайпанчу лазаршна дарба карорехь мел гена хьалха даьллехь а, диабетах дIацIанлун дарба кароза ду. Билгалдаккха деза, 2000-чу шарахь Россехь 2,07 млн. адам дара и лазар долуш, ткъа 2025-чу шарахь ьцеран терахь 4,51 млн. стаг хила тарло.
Амма и лазар дан а долуш, цунна дарба а лелош, балхахь а, юкъараллин дахарехь а хьакъ доллу дакъа а лоцуш беха вайн бахархой. Иштта синтеме адам хилийта ийман хила дезарал сов, цомгашчунна хаа деза, шен лазарх доллург дерриге а. Цунна тIехь алссам къахьоьгу Республикин эндокринологин диспансеран лоьраша.
Исаева Ума – кху диспансеран коьрта лор ю. Кху дарже кхачале, лаккхарчу хааршца Умас чекхъяьккхира Соьлжа-ГIалин №1йолу юккъера школа. Доьзалехь цхьа а лор ца хиллехь а, бераллехь дуьйна а лор хила «кечам» беш яра йоI. Дукхахьолахь, цуьнан бераллин ловзарш тайнигаш цомгуш хуьлуш а, коьртачу лоьро Умас царна дарба деш, маха тухуш а хуьлура.
Школа чекхъяьккхинчу 1992-чу шарахь Дагестанан пачхьалкхан медицинин академин педиатрин факультете деша яхара йоI. 1998-чу шарахь дешар чекхдаьккхина цIаеъначу Умин хаарш ийшира хьалхарчу тIамах яьллачу республикин медицинин декъехь. Республикин могашаллаIалашъяран министерствон лехамца «Берийн эндокринологи» темехула интернатура чекх а яьккхина, иза тахана ша болх бечу диспансере кхечира хІоттайо иза. 2002-чу шарахь Республикин коьрта эндокринолог. 2009-чу шарахь диспансеран коьртачу лоьран заместителан болх а тешабо цунах. Оццу шарахь Исаевас тIечIагIйо «Республикин бахархошна эндокринологин декъехула гIо дар вовшахтохар» темехула медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци. Ткъа 2010-чу шеран июнехь дуьйна Ума диспансеран коьрта лор ю. Шен болх бевзаш а, цу тIехь цхьа билггал кхиамаш болу лор ша хиларе терра а, докторан диссертаци язъян безам болуш а ю иза. Дала цу тIехь цуьнан аьтто а бойла.
Республикин могашаллаIалашъярехь эндокринологин Iилманца йоьзна, цуьнан декъехь долчу лазаршна корматаллин дарба лелош хIара цхьа диспансер бен яц вайн. Эндокринологин лазаршна юккъехь бахархошна уггаре а алсам евзаш дерг диабет цамгар ю. Умас дийцарехь, вайн республикехь и диабет хилларца билгалваьллачу 10 эзар сов цомгашчарна юккъехь 89 кхиазхо а, бер а ду. «Ткъа шена и лазар ду-дац ца хууш, лоьрашна тIекхачаза берш кхин шозза-кхузза дукха хир бу аьлла хета», – билгалдаьккхира цо. Диабет сиха «кхуьуш» цамгар хиларе терра, цунна къаьсттина тергам хила беза могашаллаIалашъяран министерствера а, республикин куьйгаллера а. Цул сов, массо а цомгашниг хьакъйолчу урхаллин тергамехь (учетехь) хила веза.
– Цхьа де а, цхьа сахьт а хьалха и лазар дерг билгалваьккхина, цунна дарба долор, оцу стагана гIолехь ду, – дийцира Умас, – хIунда аьлча диабет кIаргъелча, цунах инфаркт, инсульт, гангрена хуьлу чаккхенгехь. Диабет йолу стаг тIехьаьжча могаш ву а моьттуш, шен дегIаца чIогIа бала узуш. Иза (инфекциони) тIейолуш цамгар яц, амма доьзалехь цхьанна гучуяьллехь, кхечарна хиларна кхерам бу. Ницкъ кхочучу кепара ларвала хьакъ ду цунах. Вайна гуттар а хуьлуш йолу цатемаш весаш, догъэтарш, кхачабаар рожехь цалелор, совнаха дилх, иштта оцу декъехь долчу хIуманаша «гIо до» вайн зорхан екхоъна инсулин гормон кIезиг кхоллан. И бахьана долуш цIийца долу шекар лакхадаларна гучуйолу диабет. И лазар дегIах дIакъаьсташ дац, цундела цуьнца ваха Iама деза. Лазарх доллург дерриге а довза деза. Оцу гIуллакхан Iалашо йолуш эндокринологин диспансеро хIора шарахь а дIахьо диабетна дуьхьалояран дуьненаюкъара де билгалдаккхар.
Кху деношкахь рогІера билгалдаьккхинчу Диабетна дуьхьало яран Дуьненаюкъарчу дийнахь Республикин эндокринологин диспансеран белхахоша цхьа бIаьрла гIуллакх кхочушдира – ши бIе сов цомгашчунна, царна оьшуш йолу, цIийца шекаран дукхалла юстуш йолу глюкометраш а, ручканаш а, буучу кхачанан раж ларо езаран дагалацам тIехь болу блокноташ а елира совгIатна. Диспансеран коьртачу лоьро дийцарехь, иштта гIуллакх цара дуьххьара деш а дац.
– Цуьнан коьрта Iалашо ю цомгашчарна шайн лазарх дерг алсам довзийтар, – дийцира цо, – цу дуьхьа лекцеш а йоьшу оха тхайн цомгашчарна, лазаран бахьана а, цунна ян еза дуьхьало а йовзуьйтуш суьртийн гайтамаш а, слайдаш а юкъаялош цхьа билггал хаарш а довзуьйту. Ишттачу акцина кечам беш тайп-тайпанчу организацешка, фирманашка «орца» а доккху. Цу тIехь тхуна гIо дина «РОШ», «Джонсон-Джонсон», «Новонордиск» фирмаша. Ала деза, оцу фирмийн сервисехула йолу меттигаш ю вайн гIалахь, цундела аппараташ галъевлла меттиг хилча, цара уьш тойо я керлачуьнца хуьйцу.
– Оцу акцин берашна лерина шолгIа дакъа а дара тхан, – дуьйцу Исаевас. – Тхан дехарца Культурин министерствос берашна тайнигийн театро хIоттийна спектакль гайтира. «Грозный-Сити» комплекса чохь садаIаран декъехула гIо дира «РОШ» фирмин куьйгалло. Тхан Iалашо яра цомгашчу берийн самукъадаккха, цаьрга вовшашца доттагIаллин уьйраш тасийта, «со саннарш кхин а бу, уьш а беха хIокху лазарца», – аьлла церан ойла кхоллаялийта. Шен лазарца ша висар воккхачунна а, жимачунна хIетте а, хала гIуллакх ду.
Ала деза, оцу агIор баккъал а шайн Iалашоне кхечира диспансеран коллектив, бераша а, церан дай-наноша а даггара баркаллаш бехира царна.
– Спектакль чекхъяьллачул тIаьхьа тIекхочучу Сочерчу Олимпиадех долу хаттарш луш викторина а йира оха, – дийцира Умас, – тхуна хиира берашна дуккха а хIуманаш хууш хилар, дика жоьпаш деллачарна совгIаташ а дира оха.
Цхьа бIе шо а дац диабет цомгар лоьраша билгалъяьккхина а, цунна дуьхьало еш дарбанаш дан долийна а. 1922-чу шарахь Канадерчу Iилманчас Бантинг Фредерика инсулин маха а тоьхна, лечуьра кIелхьарваьккхира, цIийца шекар лакхадаьлла 14 шо долу кхиазхо. Бантинга шена карийначу дарбанна патент а ца даьккхира, я и бахьана долуш, и дан шен аьтто боллушехь, ваха а ца хиира. Инсулин молханна бакъонаш Торонтерчу университетна дIаелира Бантинга, цул тIаьхьа уьш Канадерчу медицинин талламийн кхеташонна кхечира. Мухха а, оццу шарахь, инсулин молханийн рынке кхечира. Ала деза, 1923-чу шарахь, Фредерик Бантингана а, цуьнан белхан накъост хиллачу Чарльз Маклеодна а Нобелан преми елира. Тахана а диабет лазархошна инсулине кхочуш молха кароза ду. Оцу молхано гIо до цомгашчарна шайн лазарна дуьхьал гIаролехь латта. Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацис (ООН) 2007-чу шарахь къастийра Диабет лазарна дуьхьало ен дуьненаюкъара де билгалдаккхар. 1891-чу шеран 14-чу ноябрехь дуьнентIе ваьллачу Бантингаца болчу лерамна и де билгалдоккху оцу дийнахь.
Эндокринологин лазаршна дарба дарехь цхьа билггал зеделларг долчу Республикин эндокринологин диспансеран белхахоша хIора дийнахь тIеоьцу районашкара, ярташкара шайн лазамашца богIу бахархой. Царна консультаци яла лаккхара хаарш долу баккхийчеран а, берийн а лоьраш-эндокринологаш, терапевташ, кардиологаш, неврологаш, кхиболу лоьраш бу кхузахь. Дарбанна кхечу гIаланашка хьовсо безачарна а цхьацца аьттонаш бо. «Диабет долчун школа» а ю диспансерехь болх беш. Дийнахь 30 лазархо тIеоьцу цо. Царна дан деза дарба до, диетически кхача латтабо, шайн лазарх дерг довзийта тайп-тайпана роликаш гойту, психологца цхьаьнакхета, тайп-тайпана тренингаш йо.
Диспансеран лоьрийн адамаллех, шайн белхан говзанчаш уьш хиларх, церан гIиллакх-оьздангаллехь дийцира кхеран «пациент» волчу Далатов Адама. Баркаллин дешнаш элира Исаева Умина, Усманова Ларисина, Хачукаева Раисина, Карнукаева Хедина, Хамидова Асетна, Исмаилова Миланина, Дидаева Ларисина, кхечарна а. Шайн лазархошна шайх ала дика дош дуьту лоьраш уьш шайн меттехь хилар цхьа а шеко яц. Дала аьтто бойла церан.
Т.САРАЛИЕВА
